c Арадаккхар 34:29.
dАрадаккхар 34:33.
eАрадаккхар 34:34.

‏ 2 Corinthians 3

Дала адамашца бина керла барт

1Тхо юха а тхаьш хесто дуьйладала деза те? Цхьаболчу нахана юкъахь ма-хиллара, вайна юкъахь а лела деза те шуьга дӀа я шуьгара схьа долу хестадаран кехаташ? 2Шу шаьш ду тхан дегнаш чохь дӀаяздина долу тхан хестадаран кехат. Иза массо а адамна девзаш а ду, массара доьшуш а ду. 3 aАша гойту Дала леррина Къобалвинчун кехат шаьш хилар, оха динчу гӀуллакхан жамӀ долу. И кехат шекъанца доцуш, ткъа дийна долчу Делан Синца яздина ду. ТӀулга тӀехь яздина доцуш, ткъа адамийн дегнаш чохь яздина ду иза.

4Оцу тайпана болу Делах тешам бу тхан Дала леррина Къобалвинчуьнгахула. 5Цхьа хӀума дан похӀма тхайгара ду-м дера ца моьттура тхуна, ткъа тхан и похӀма Делера ду. 6 bЦо Ша делла тхуна похӀма керлачу а, йозанца боьзна а боцуш, ткъа синца боьзна болчу а бартана гӀуллакх дан. ХӀунда аьлча йозанца яздинчо адам доь, ткъа Делан Сино адам дендо.

7 cШайца валар дахьаш долу, дешнашца тӀулга тӀехь яздина дерг хилла дӀахӀоьттича, Делан сийлалла гучудаьккхира. Исраилхой ур-атталла Муса-пайхамаран сийлаллин нур лепачу юьхь тӀе ца хьажалора, и нур лагӀлуш хиллехь а. Иза а иштта сийлалла долуш хилча, 8цул дуккха а сов сийлалла долуш хир дац ткъа Делан Сино дийриг?! 9Кхелъярца чекхдолуш дерг а оццул сийлалла долуш хилча, мел тӀех сийлалла долуш ду Далла хьалха адам бакъдарца чекхдоккхург. 10ХӀунда аьлча оцу хенахь сийлалла долуш хилларг хӀинца долчул сов долчу сийлалло кхоьлина хуьлуьйту. 11Нагахь дӀадер дерг а сийлалла долуш хилча, тӀаккха хӀара цкъа а дӀадер доцург кхин а сийлалла долуш ду.

12Тхайн иштта сатийсар долу дела, майрра къамел дан йиш ю тхан. 13 dИсраилан халкъ довр долчу сийлаллин нуьре ца хьежийтархьама, шен юьхь-дуьхьал пардо уллуш хилла волу Муса-пайхамар санна ма дац вай. 14Амма церан хьекъал артдина дара. Делаца бинчу ширачу бартах лаьцна долу тептарш шаьш доьшучу хенахь, и санна долу пардо церан кхетамна дуьхьалара дӀадаккхаза дуьсу. Ткъа нагахь санна стаг Дала леррина Къобалвинчуьнца воьзна бен вацахь, и пардо дӀадоккху. 15Таханлерчу дийнахь а Муса-пайхамаран Товрат-хьехамаш адамаша боьшуш церан дегнаш тӀехь пардо хуьлу. 16 eЙозанашкахь яздина ма ду: «Иза Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккхура»
16-гӀа аят иштта гочдан мегар дара: «Стаг Везачу Элехьа мосазза воьрзу, и пардо дӀадоккху».
.
17Веза Эла – Са ду. Ткъа Везачу Элан Са долчохь – паргӀато а ю. 18Ткъа вай массара а дуьхьал пардо доцучу яххьашца, куьзгано санна, Везачу Элан сийлалла дӀагойту. Массо а хенахь вайн сийлалла сов а йоккхуш, вай Цуьнан васте хуьйцуьйтуш ду Делан Са долчу Везачу Эло.
Copyright information for CheCAC2012