b Забур 115:1 (Грекийн).
2 Corinthians 4
Кхийрачу кхаби чохь йолу хазна
1Делан къинхетамца оцу тайпана долу гӀуллакх дан тхайн йиш хиларна, тхо дог доьхна дац. 2Мелхо а, оха дитина массо а къайлаха а, эхье а долу гӀуллакхаш. Нах Ӏеха а ца бо, Делан дош харцахьа а ца доккху оха. Ткъа тхаьш билггал бакъдерг адамашна дӀаделларна, Далла хьалха хӀора адаман эхь-бехкана оха дӀагойту тхаьш муьлш ду. 3Нагахь оха кхайкхош болчу хазачу кхоана дуьхьал цхьанна пардо хӀуттуш делахь, иза валаран некъа тӀехь болчарна ду иштта. 4Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бӀарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. 5Оха беш болу хьехамаш тхайх лаьцна бац, амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах бу. Ткъа тхо Ӏийсан дуьхьа шун ялхой ду. 6 aХӀунда аьлча: «Боданера серло схьакхетал!» – аьлла волчу Дала тхан дегнаш серладаьхна, Ша леррина къобалвинчу Ӏийсан юьхь тӀехь лепаш йолчу Делан сийлаллех болчу кхетаман серло вайн хилийтархьама. 7Ткъа и хазна оха тхешан кхийра кхабанаш чохь лелайо. Иза ду тӀех боккха болу ницкъ, тхоьгара а боцуш, Делера хилар хаийтархьама. 8Тхуна массо а агӀор кест-кеста ницкъ бо, амма тхо кхоччуш хьаьшна дӀа ца даьхна. Наггахь холчу хӀиттадо тхо, амма оха дог ца дуьллу. 9Тхо лелхадо, амма дитина дац тхо. Тхо охьадохку, амма тхо хӀаллак ца хуьлу. 10Ӏийсан валар гуттара а тхешан догӀмашца леладо оха, Цуьнан дахар тхайн догӀмашкахула гучудаккхархьама. 11ХӀунда аьлча дийна долуш Ӏийсан дуьхьа хӀора денна а Ӏожаллин кхерамехь хуьлу тхо, тхайн лийр долчу догӀмашкахула Цуьнан дахар гучудаккхархьама. 12Цу тайпана Ӏожалла шен Ӏалашо тхуна тӀехь кхочушъян гӀерта, дахар шуна кхачийтархьама. 13 bЙозанаш тӀехь яздина ду: «Со тешаш хиларна, со вистхилира». Тхешан тешаран дух цу дешнашца цхьаьнадогӀуш долу дела, тхо а, теша а тешаш, дистхуьлу, 14тхаьшна хаьа дела, Веза Эла волу Ӏийса веллачуьра Денвинчо тхо а Цуьнца дендийр дуйла, шуьца цхьаьна тхо Шена хьалха дӀа а хӀиттош. 15Оха и дерриг а шун дуьхьа деш ду. Ткъа иза а деш, Делан дика дуккха а адамашна дӀакхочу, Делан сийлаллина Далла боху баркаллаш алсам а довлуьйтуш.Тешарца лела
16Цундела тхан дегнаш ца духу. Вайн догӀмаш тишлуш делахь а, вайна чуьра са де дийне мел дели а карладуьйлу. 17Йоццачу ханна тхан хуьлучу баланаша, цкъа а йовр йоцу сийлалла яхьар ю тхуна. И сийлалла барам боцуш совъюьйлу оцу баланел. Тхо гуш долчуьнга ца хьоьжу, амма гуш доцучуьнга хьоьжу. ХӀунда аьлча гуш дерг цхьана заманна бен дац, ткъа гуш доцург гуттара а хир ду.18
Copyright information for
CheCAC2012