‏ 2 Corinthians 5

1Иштта, вайна хаьа, кху лаьттахь вайн четар санна долу хӀара догӀмаш хӀаллакьхилча, Дала луш долу стигалшкара цӀа вайн хилар. Иза куьйга дина а доцуш, гуттара а хин долу цӀа ду. 2Вешан хӀинца долчу догӀмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цӀа, бедар санна, ваьшна тӀедухар лууш. 3И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац! 4Лаьттара четарш санна долчу хӀокху догӀмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХӀунда аьлча вайна ца лаьа тӀеюьйхина хӀума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тӀедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дӀакхаллийтархьама. 5Оццу гӀуллакхна кхоьллина ду вай Дала. Цо Шен Са делла вайна закъалтана.

6Цундела тхо массо а ханна тешам болуш ду, цӀенош санна долчу оцу догӀмашна чохь а долуш, Везачу Элана уллохь долчу тхайн керлачу цӀеношна генахь хилар тхаьшна хуъушехь. 7ХӀунда аьлча тхо, гуш долчуьнца а доцуш, тхешан тешарца дехаш ду. 8Иштта, доьналла а долуш, лаьттарчу дегӀана чуьра а кхелхина, Везачу Элана уллохь Ӏаш хилар гӀолехь ма хета тхуна. 9Цундела тхуна, догӀмашна чохь долуш я царна чуьра кхелхина долуш, Везачу Элана тамехь дерг хилийта лаьа. 10 aХӀунда аьлча вай дерриш а Дала леррина Къобалвинчун кхелана хьалха дӀахӀитта дезаш ду. Вайх хӀораммо а ваьш кху дегӀа чохь дехачу хенахь динчуьнга хьаьжжина, дика я вон и делахь, доггӀург схьаоьцур ду.

Дала леррина Къобалвинчуьнгахула Делаца болу барт

11Везачу Элах кхерар хӀун ду тхайна хаьа дела, адамаш кхето гӀерта тхо. Далла тхох лаьцна дерриг а хаьа. Тхох лаьцна долу дерриг а шуна а хууш хиларе сатуьйсуш ву со. 12Оха юха а хестош дац тхаьш шуна хьалха. Ткъа оха тхайх дозалла дан таро ло шуна. Иза оха ло, даг чохь долчух дозаллаш ца деш, ткъа тӀехула долчу хӀуманех дозаллаш деш болчаьрга дуьхьал ала шун хӀума хилийтархьама. 13Тхо хьекъалх девлча, иза Делан дуьхьа ду. Ткъа тхо хьекъале даьхкича, иза шун дуьхьа ду. 14ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун безамо лелош ду тхо. Нагахь Цхьаъ массеран а дуьхьа велла хилча, тӀаккха, массо а адам делла аьлла, жамӀ ма дина оха. 15Иза массеран а дуьхьа велла, дехаш долу адамаш хӀинца шайн дуьхьа а доцуш, амма, вала а велла, веллачуьра денвина волчун дуьхьа дахийтархьама.

16Цундела хӀинца дуьйна цхьа а адам кху дуьнен чуьра болчара санна ца лору оха. Нагахь Дала леррина Къобалвинарг оха кху дуьнен чуьра болчара санна лерина хиллехь а, хӀинца оха иштта кхин ца лору Иза. 17Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца верг – юхакхоьллинарг ву. Шира дахар дӀадаьлла, хӀинца керланиг хилла дӀахӀоьттина! 18Ткъа и массо а хӀума Делера схьа ду. Дала Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вай Шеца тайтира. Цо тхуна тӀе диллина адамаш Шеца таран гӀуллакх. 19Адамаша летийна къинош царна дуьхьал ца лоруш, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула дуьне Шеца тойтуш вара Дела. Дала тхуна тӀедиллина адамаш Шеца тойтуш болу и кхаъ дӀакхайкхор.

20Тхо Дала леррина Къобалвинчун цӀарах дахкийтинарш ду, ткъа Дала Ша тхоьгахула шуьга хаам беш санна хуьлу. Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа доьху оха шуьга: «Делаца шаьш тайтийша!» Шена тӀехь цхьа а къа доцуш Верг Дала вайн дуьхьа къинош летийнарг санна вира, Ша леррина Къобалвинчуьнгахула вайх Шена хьалха бакъдинарш хилийтархьама.21

Copyright information for CheCAC2012