‏ 2 Corinthians 5:2-4

2Вешан хӀинца долчу догӀмашкахь вай сатийсарца синош доху, стигалшкара долу вайн керла цӀа, бедар санна, ваьшна тӀедухар лууш. 3И духар ваьшна тӀедухийтинчул тӀаьхьа, вай дерзина карор ма дац! 4Лаьттара четарш санна долчу хӀокху догӀмашна чохь а долуш, баланаша ницкъ барна синош доху вай. ХӀунда аьлча вайна ца лаьа тӀеюьйхина хӀума йоцуш ваьш хуьлийла, амма стигалшкара долу керла духар ваьшна тӀедухийтина хила лаьа вайна, дахаре лен дерг дӀакхаллийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012