‏ 2 Corinthians 6

1Делаца цхьаьна къахьоьгуш долчу оха чӀогӀа дехар до шуьга, Делера шаьш тӀеэцна долу дика эрна ма хилийтийша. 2 aХӀунда аьлча Дала аьлла: «Халкъе Со резахиларца хьоьжучу заманчохь
Суна хьан аз хезира,
кӀелхьардоккхучу дийнахь
Аса гӀо дира хьуна».

Ткъа хӀинца тӀееана Дела вайга резахиларца хьоьжу и зама, хӀинца ду и кӀелхьардовларан де.

3Цхьана а хӀуманна тӀехь цхьанна а вас хилийта бахьана ца хуьлуьйту оха, тхаьш деш долу гӀуллакх емал ца дайтархьама. 4Мелхо а, массо а агӀор Далла гӀуллакх дийраш санна тхаьш хилар гойту оха: баланаш а, халонаш а, бохамаш а доьналлица тхаьш ловш. 5 bИза оха гойту тхайна еттачу хенахь, тхо набахти чохь дохкуш, карзахбевллачу наха тхо лелхийна лелош, тхаьш къахьоьгуш, буьйсанна наб яйна лелаш, мацалла ловш. 6Иштта, тхайн цӀеначу дахарца, кхетамца, собарца, эсала хиларца, Делан Синца, шалхонаш йоцучу цӀеначу безамца, 7билггал бакъдерг кхайкхорца, Делан ницкъаца гойту оха иза. Бакъваран герз тхан аьтту а, аьрру а куьйгашкахь ду. 8Тхан ларам а бо, тхо сийсаза а доху. Тхуна лен а лоь, тхо хеста а до. Тхох харцлуьйш дерш до, амма тхо бакъонца лела. 9Тхо гӀарадевлла доцуш лору, амма тхо массарна а девза. Тхо делла лору, ткъа тхо лан а ца ле. Тхуна луьра таӀзар до, ткъа тхо дайа а ца дойу. 10Тхуна халахетарш до, ткъа тхо гуттара а самукъане ду. Тхо къен ду, амма дуккха а болчарна хьал ло оха. Тхан хӀумма а яц, амма массо а хӀуманан дай ду тхо.

11Коринтхой! Оха цӀеначу дегнашца къамел до шуьца. Тхан дегнаш дӀаделладелла ду шуна. 12Тхо шух дӀа ца къехка, ткъа шу шайн дегнашкахь тхох дӀакъехка. 13Аса сайн берашка санна боху шуьга: «Шайн дегнаш дӀа а деллий, тхо шайца ма-хиллара, хилийша шу а тхоьца».

Дийна волчу Делан цӀа хилар

14Ӏийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кӀел ма лелийша. ХӀун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХӀун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? 15ХӀун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана
Иблис – ма-дарра аьлча: Белиар. Иза иблисан цу заман чохь лелачу цӀерех цхьаъ ю.
а юкъахь? ХӀун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь?
16 dХӀун цхьаьнадогӀург ду те Делан цӀенна а, цӀушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цӀа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со,
уьш болчохь лелар ву Со.
Со церан Дела хир ву,
ткъа царах Сан халкъ хир ду».

17 eЦундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дӀа а довлий,
царах дӀакъасталаш.
Суна хьалха боьха долчу хӀуманах ма хьакхалойша,
тӀаккха Аса тӀеоьцур ду шу».
f«Со шун Да хир ву,
ткъа шу Сан кӀентий а, йоӀарий а хир ду, –
боху массо а ницкъийн Везачу Дала».
18

Copyright information for CheCAC2012