2 Corinthians 7
1Сан хьоме доттагӀий! Дала вайна и ерриге а чӀагӀонаш йина дела, вешан догӀмаш а, синош а бехдеш мел долчух цӀанде вай. Деле болчу ларамах дуьзна а долуш, чекхдовллалц ваьш Цунна дӀало вай.ПахӀалан хазахетар
2Тхо шайн дегнаш чу тардалийтийша! Оха цхьанна а вониг ца дина, цхьа а дакъаза ца ваьккхина, цхьаьнггара а тхайна пайдехь дерг а ца лехна. 3Шух бехк баккхархьама ца боху аса иза. Аса хьалха а аьллера, шуьца цхьаьна даллал а, дехаш хиллал а шу тхан дегнаш чохь ду. 4Сан шуьца майра дийца йиш ю. Мел дозалла до аса шух. Тхаьш оццул баланехь доллушехь, аша динчу иракарахӀитторах вуьзна а ву со, сан хазахетар тӀех а даьлла. 5 aТхо Македоне даьхкинчу хенахь, цхьана а тайпана синтем бацара тхан. Массо а агӀор ницкъ хиллера тхуна, арахула тӀебеана цатемаш а, тхешан чохь болу кхерамаш а бахьана долуш. 6Амма Шена муьтӀахь болчарна синтем луш волчу Дала, Тита схьа а кхачийна, тхан синош паргӀатдехира. 7И синтем хилар, Тита схьакхачарна хилла а ца Ӏаш, аша цуьнан догъэцарна а дара. Цо дийцира, шу тхо ган лууш хиларх а, шайгара мел даьллачунна шу дохкодовларх а, со ларван шу кийча хиларх а лаьцна. Цундела со кхин а чӀогӀа дог айаделла вара. 8Сайн кехатца айса шуна халахетийтарна со дохковаьлла хиллехь а, хӀинца айса и яздарна дохко ца волу со, цу кехато шуна халахетар кӀеззиг йолчу ханна бен ца дина дела. 9Сан хӀинца долу хазахетар шуна айса халахетар дина аьлла дац, амма оцу халахетарехула, метта а даьхкина, Далла тӀедерзар шун хиларна ду. Шун халахетар Делан лаамехь хилла дара, цундела тхох цхьана а тайпана зулам ца даьлла шуна. 10Делан дуьхьа хиллачу гӀайгӀано кӀелхьарвалар хуьлуьйтуш долу Далла тӀеверзар до – и хиларна, стаг дохко ца волу. Ткъа дуьненан гӀайгӀано Ӏожалла тӀейоуьйту. 11Хьовсийша, Делан дуьхьа шуна хиллачу халахетаро шу мел доггах дӀагӀоьртуьйту. Иза дина а ца Ӏаш, шу бехке цахилар шуна дӀахаийта лаар дойту цо. Ткъа, цул сов, мел эргӀаддевлла а, аша мел орца доху а, со ган шун мел боккха лаам бу а, мел чӀогӀа шу тӀедирзина а, царна таӀзар хиларна шу мел кийча ду а хаийтина цо. Массо а оцу хӀуманна тӀехь шаьш цӀена хилар гайти аша. 12Айса иштта яздинехь а, вониг далийтинчун я шена вониг хиллачун дуьхьа ца яздинера аса шуьга, амма Далла хьалха аша тхан мел гӀайгӀа бо шуна дӀаделладалийтархьама яздинера. 13Цундела тхуна синтем хилира. Тхуна, синтем хилла а ца Ӏаш, кхин а доккха хазахетар хилира Титин хазахетар бахьана долуш, аша массара а цуьнан са иракарахӀотторна. 14Цу тайпана аша юьхьӀаьржачу ца хӀоттий со, дозаллица шух лаьцна аса цуьнга дийцинчунна тӀехь. Мелхо а, массо а хӀуманах билггал бакъдерг оха шуьга дийцаре терра, Титина хьалха аса шух дина дозалла бакъ хили. 15Шун массеран а муьтӀахь хилар а, кхерамца а, дегадарца а аша ша тӀеэцар а дагадеача, кхин а чӀогӀа шух дог дӀаийна хуьлу цуьнан. 16Со чӀогӀа воккхавеш ву, массо а хӀуманна тӀехь а шуна тӀетовжа сайн йиш хиларна!
Copyright information for
CheCAC2012