cАрадаккхар 16:18.
dКицанаш 3:4 (Грекийн).

‏ 2 Corinthians 8

Комаьршаллица сагӀина хӀума ялар

1 aТкъа хӀинца, динан вежарий, оха дӀахоуьйту шуьга Македон-махкарчу динан тобанашна Дала деллачу диканах лаьцна. 2Шаьш баккхий баланаш хьоьгуш боллушехь, цу тобанийн доккха хазахетар а, йоккха къоьлла а хьалдолчу комаьршалле делира. 3Со теш ву цара доггах, шайн дала йиш йолччул а, сов а деллачунна. Шайн лаамца 4цара чӀогӀа дийхира тхоьга, шайна там хилийтархьама, Ярушалаймехь болчу Делан нахана дан леринчу дикачу гӀуллакхехь шайга а дакъалацийтахьара бохуш. 5Тхуна хила ма-лаъара хилла а ца Ӏаш, уьш хьалха Везачу Элана тӀе а боьрзура, тӀаккха Делан лаамца шаьш тхуна къобал а бора. 6Цундела оха Тите чӀогӀа дийхира, ша долийна долу и дика гӀуллакх доладаре терра, чекхдаккха а шуна гӀо де аьлла. 7Ткъа шун кхиамаш алсамбуьйлу тешарехь а, дашехь а, кхетамехь а, даггара хиларехь а, шайн тхоьга болчу безамехь а
Шайн тхоьга болчу безамехь – цхьадолчу тептарш тӀехь иштта ду: тхан шуьга болчу безамехь.
. Массо а оцу гӀуллакхашца шу тӀехдуьйлуш хиларе терра, шаьш дечу оцу дикачу гӀуллакхна тӀехь а тӀехдовлуш хуьлийла шу.

8Иза шуна тӀедуьллуш ца боху аса, амма, кхиболчеран даггара хилар а гойтуш, шун безам билггал доггах буйла зуьйш ву со. 9ХӀунда аьлча вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дика девза шуна. Ша хьал долуш воллушехь, шун дуьхьа къий а велла, Шен къоьлла бахьана долуш шу хьал долуш хилийтархьама, дина Цо иза.

10Цу тӀехь шуна пайденна долу цхьа хьехар до аса, хӀунда аьлча стохка и дика гӀуллакх долийна а ца Ӏаш, и доло лаам а хилла шун. 11Шаьш дан долийна гӀуллакх хӀинццехь кхочушде. Цу тайпана шун хӀетахьлерчу доггах хиллачу лаамах тарлур ду шайн долчу хьолах цу гӀуллакхна аша дакъа дӀадалар. 12Нагахь цхьаъ шен хӀума дӀадала доггах лаам болуш велахь, Дала иза, цуьнан дала йолчу тароне хьаьжжина, тӀеоьцур ду, дала таро йоцург ца хьехош.

13Шуна хало еш, ткъа кхечеран аьтто хилийта деш дац иза, амма массарна а цхьабосса хилийтархьама деш ду. 14ХӀинца шун совдаьллачо церан кхачамбацар меттахӀоттор ду. Ткъа тӀаьхьо церан совдаьлларг шун эшам болчун метта хир ду. Цу тайпана шуна массарна а иза цхьабосса хир ду. 15 cДелан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара: «Дукха гулдиначун совнаха а ца хуьлура, ткъа кӀезиг гулдиначунна тӀеоьшуш а ца хуьлура».

Тита а, цуьнца цхьаьна гӀуллакх дийраш а

16Тхуна санна, Титин даг чу а шуна гӀо дан лаам тесна волчу Далла баркалла боху оха. 17Тхан дехар тӀеэцна а ца Ӏаш, Тита, шен а боккха лаам хиларна, шен деган лаамца дӀавогӀу шу долчу. 18Хаза кхаъ дӀакхайкхор бахьанехь, массо а динан тобанашкахь хестош волу кхин а цхьа динан ваша дӀавоуьйту оха цуьнца. 19Цул сов, и дика гӀуллакх дарна тӀехь тхуна улловаккха хаьржина ву иза динан тобанашна юкъара. Тхаьш гӀо дан кийча хилар гойтуш, Везачу Элан сийлаллина кхочушдо оха и гӀуллакх.

20ХӀара гулдина доккха хьал бахьанехь, цхьаннан а тхаьшна тӀехтохам ца хилийта ларлуш ду тхо. 21 dХӀунда аьлча Везачу Элана хьалха хилла а ца Ӏаш, адамашна хьалха а оьзда дерг дан дагахь ма ду тхо.

22Тхайна юкъара кхоолгӀа динан ваша а воуьйту оха цаьрца цхьаьна. Дукхазза а массо а тайпана гӀуллакхашна тӀехь зийча, иза чӀогӀа кийча хилар зеделира тхуна. Иза хӀинца кхин а чӀогӀа лууш ву шу долчу ван, ша шух кӀорггера теша дела. 23Титех лаьцна аьлча – иза сан юххера стаг ву, шуна гӀуллакх дарехь соьца цхьаьна къахьоьгуш волу. Ткъа кхечу тхан динан вежарех аьлча – уьш Дала леррина Къобалвинчунна сийлалла яхьаш болу динан тобанашна юкъара къобалбинарш бу. 24Цундела динан тобанашна хьалха тоьшаллаш дейша шайн безамах лаьцна, оха хьакъ долуш шайх дозалла дар а гойтуш.
Copyright information for CheCAC2012