2 Kings 18:1-3
ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 29:1, 2; 31:1)
1Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. 2Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 3Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг.
Copyright information for
CheCAC2012