aАрадаккхар 25:22.

‏ 2 Kings 19:14-19

14Хьузакх-ЯхӀус, геланчашкара кехат схьа а эцна, дийшира. ТӀаккха, Везачу Элан цӀийне а вахана, Далла хьалха и кехат схьадаржийра цо. 15 aВезачу Элана хьалха доӀа а деш, Хьузакх-ЯхӀус элира: «Каруб-маликашна тӀехула йолчу Ӏаршна тӀехь охьахиъна Ӏаш волу, Исраилан халкъан Веза Дела! Дуьнен чуьра массо а пачхьалкхийн Дела Хьо цхьаъ ву. Ахь кхоьллина стигал а, латта а. 16Хьайн лерг тӀе а дай, ладогӀахьа, Веза Эла, Хьайн бӀаьргаш схьа а беллий, хьажахьа, Веза Эла. ЛадогӀахьа Санхьариба, дийна Дела волу Хьо емалвеш, дуьйцучуьнга. 17Ва Веза Эла, бакъ ду-кх ашурхойн паччахьаша, и халкъаш хӀаллак а деш, церан латтанаш а дассийна, 18церан цӀу-деланаш цӀерга кхиссина. Ткъа уьш-м деланаш а боцуш, адамийн куьйгаша дечигах а, тӀулгах а дина суьрташ дара, цундела уьш хӀаллакдан тарлора. 19Ткъа хӀинца, тхан Веза Дела, кӀелхьардахахьа тхо цу паччахьан куьйгех, тӀаккха дуьнен чуьра массо а пачхьалкхашна хуур дара, Веза Эла волу Хьо воцург, кхин Дела воцийла».
Copyright information for CheCAC2012