‏ 2 Kings 23:16

16 aЮши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира
Иштта кхочушхилира... къубба гира – иштта тӀетоьхна ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь цу дешнийн метта иштта дӀаяздина ду: Везачу Эло Делан стагехула хир ду ма-аллара, кхочушдира Юши-ЯхӀу-паччахьо и дерриг а.
Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира.
Copyright information for CheCAC2012