‏ 2 Kings 24:15-20

15 aЦу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара.

17 bБавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.

ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 36:11-23; Ярми-ЯхӀу 52:1-3а)

18 cЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 19ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 20 dЯрушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.
Copyright information for CheCAC2012