‏ 2 Kings 25:27-30

ЯхӀу-Яхин набахти чуьра араваккхар

(Ярми-ЯхӀу 52:31-34)

27ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь. 28Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира. 29ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. 30ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.
Copyright information for CheCAC2012