‏ 2 Kings 8:7-13

ЭлишаӀ-пайхамаррий, Хьазиаллий

7Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча, 8паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“– аьлла». 9Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“– аьлла, хаттар дан».

10ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», – элира ЭлишаӀа. 11ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира. 12Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?»

«Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаӀа.

13 aХьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?»

ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар».
Copyright information for CheCAC2012