‏ 2 Kings 1

Эли-ЯхӀу-пайхамар а, Ахьаз-ЯхӀу-паччахь а

1Ахьаб-паччахь веллачул тӀаьхьа Муаби-мехкан халкъ исраилхошна дуьхьал гӀаьттира.

2Ахьаз-ЯхӀу-паччахьна, Шамран-гӀалахь долчу шен цӀенойн лакхарчу цӀийнан дечиган гурахула чу а воьжна, чов хилира. Цо геланчаш бахийтира, цаьрга иштта а олуш: «Даха а гӀой, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубе
БаӀал-Забуба – иза «Мозийн Эла» бохург ду.
хатта: „ХӀокху чевнах хьалхавер вуй те со?“– алий».
3ТӀаккха Везачу Элан Малико тишабхочуьнга Эли-ЯхӀуга элира: «Вало, хьала а гӀаттий, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, исраилхошна тӀехь олалла дечу паччахьо бохуьйтуш болчу геланчашна дуьхьал а гӀой, цаьрга иштта ала: „Исраилан халкъан Дела вац ткъа? ХӀунда доьлху шу Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-деле БаӀал-Забубе хаттар дан? 4Паччахьо и дарна, Везачу Эло иштта боху: ‘Хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».

Эли-ЯхӀу-пайхамар и дӀаала вахара.
5Бахийтинарш Ахьаз-ЯхӀуна тӀе юхабирзира. Паччахьо цаьрга элира: «Шу юха хӀунда дирзи?»

6Геланчаша жоп делира: «Тхуна дуьхьал цхьа стаг кхийтира. Цо тхоьга элира: „Дуьйло, шаьш схьахьажийначу паччахьна тӀе юхадерза. Аша цуьнга дӀаала: ‘Иштта боху Везачу Эло: Исраилан халкъан Дела вац ткъа? Ахьа хӀунда бохуьйту Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-дела волчу БаӀал-Забубина тӀе хаттарца? Цундела хьо, вижина Ӏуьллучу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву’“».

7Паччахьо хаьттира цаьрга: «ТӀехьаьжна муха вара, шуна дуьхьал а веана, шуьга и дешнаш аьлла волу стаг?»

8 bЦара жоп делира: «Цу стеган дегӀа тӀехь дукха чоьш
Дукха чоьш – я иштта: тӀаргӀанах йина бедарш.
а дара, гӀодаюкъах дихкина тӀаьрсиган доьхка а дара».

Ахьаз-ЯхӀус элира: «Иза тишабхо волу Эли-ЯхӀу ву».

9Шовзткъе итт тӀемалочуьнца волу хьаькам вахийтира цо Эли-ЯхӀуна тӀе. Иза Эли-ЯхӀуна тӀевахара. Ткъа Эли-ЯхӀу ломан боххьехь вара. Хьаькамо Эли-ЯхӀуга элира: «Делан стаг! Паччахьо чувосса боху хьоьга».

10 dЭли-ЯхӀус жоп делира цуьнга: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Юха, стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

11ТӀаккха паччахьо кхин а цхьа тӀемалойн хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а вахийтира Эли-ЯхӀуна тӀе. Оцу тӀемалойн хьаькамо а элира: «Делан стаг, паччахьо сихха чувосса боху хьоьга!»

12Эли-ЯхӀус, жоп луш, элира: «Со Делан стаг велахь, стигалара цӀе а йоьссина, хьо а, хьан тӀемалой а дӀакхоллийла цо». Стигалара цӀе а йоьссина, оцу цӀеро тӀемалойн и хьаькам а, цуьнан шовзткъе итт тӀемало а дӀакхаьллира.

13ТӀаккха кхозлагӀа а вахийтира паччахьо тӀемалойн хьаькам шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца. Цо, лома тӀе хьала а ваьлла, Эли-ЯхӀуна хьалха гора а вахана, дехарш а деш, элира: «Делан стаг! Сох а, оцу хьан лай волчу шовзткъе итт тӀемалочух а къинхетам бехьа. Тхо дийна дитахьа! 14Гой хьуна, стигалара йоьссинчу цӀеро сол хьалха схьавеана волу тӀемалойн ши хьаькам, хӀорра а, шен шовзткъе итт тӀемалочуьнца цхьаьна дӀакхаьллина. Амма сох хӀинца къинхетам бахьара ахь!»

15Везачу Элан Малико Эли-ЯхӀуга элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀагӀо цуьнца». ТӀаккха Эли-ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, тӀемалойн хьаькамца паччахьна тӀевахара. 16Эли-ЯхӀус элира паччахье: «Иштта боху Везачу Эло: „Ахьа, Ӏекхран-гӀаларчу цӀу-далла БаӀал-Забубина тӀе хаттарш эцна геланчаш бахийтира, Исраилан халкъан Дела воцуш санна, Дала бохург хаархьама. Цундела, вижина Ӏуьллучу цу меттара кхин хьала а ца гӀоттуш, лийр ву хьо“».

17Эли-ЯхӀу-пайхамарехула Везачу Эло ма-аллара, Ахьаз-ЯхӀу велира. ТӀаккха Ахьаз-ЯхӀун метта паччахь хӀоьттира цуьнан ваша Йорам
Цуьнан ваша Йорам – ма-дарра аьлча, тептар тӀехь «ваша» дӀаяздина дац. Амма цхьадолчу ширачу гочдаршна тӀехь иза тӀетоьхна ду.
, хӀунда аьлча Ахьаз-ЯхӀун шен кӀант вацара. Иза дара яхӀудхойн паччахь волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀурама олалла динчу шолгӀачу шарахь.

18Ахьаз-ЯхӀу-паччахьо динчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.
Copyright information for CheCAC2012