2 Kings 10
Ахьаб-паччахьан тӀаьхье ер
1Ахьабан Шамран-гӀалахь кхузткъе итт кӀант вара. ЯхӀус, кехаташ а яздина, Шамран-гӀалахь болчу израӀалхойн хьаькамашка а, къаношка а, Ахьабан берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчаьрга а дӀасадахьийтира уьш. Церан чулацам иштта бара: 2«Шу долчохь шун олахочун кӀентий бу, шуьгахь гӀудалкхаш а, дой а, чӀагӀо йина гӀала а, герз а ду. Цундела хӀара кехат шайга дӀакхаьчча, 3аша шайн олахочун берех тоьлла а, доьналла долуш волу а кӀант схьакъаставе. Иза шен ден паччахьан гӀанта тӀе а хаавай, шайн олахочун цӀийнан агӀор дӀа а хӀоттий, тӀом бе». 4Цара, чӀогӀа кхера а белла, элира: «Шина паччахье а ян ца елла цунна дуьхьало, ткъа оха хӀун дийр дара?» 5Паччахьан цӀийнан хьаькамо а, гӀалин хьаькамо а, къаноша а, берийн Ӏуналла а деш, царна тӀехьожуш болчара а ЯхӀуна тӀе нах бахийтира. Цара бохура: «Тхо хьан ялхой ду-кх. Ахьа тхайга де аьлларг, дийр ду оха. Цхьа а паччахь хӀоттор вац оха. Хьайна хеттарг де ахьа». 6ТӀаккха ЯхӀус шозлагӀа а иштта яздина кехат дахьийтина цаьрга: «Нагахь санна шу сан а делахь, аса бохург аша деш а делахь, шайн олахочун кӀентийн кортош тӀера а дахий, кхана хӀоккху хенахь со волчу ИзраӀал-гӀала схьадуьйла». Ткъа Ахьаб-паччахьан кхузткъе итт кӀант вара. Церан дола а деш, царна тӀехьожуш гӀалара тоьлла хьолахой бара. 7Шайга и кехат дӀакхаьчча, цара, паччахьан кӀентий байа а байина, церан кортош тускарш чу а дехкина, уьш ИзраӀал-гӀала ЯхӀуна тӀе дӀадахьийтира. 8Геланчо ЯхӀуга хаам бира: «Паччахьан кӀентийн кортош схьадеана», – аьлла. ЯхӀус элира: «Царах ши хола а яй, Ӏуьйре тӀеяллалц кевнехь шина а агӀор охьадахкий, дита уьш». 9Ӏуьйранна ЯхӀус, ара а ваьлла, дӀа а хӀоьттина, дерриг а халкъе элира: «Шу бехке дац. Гой шуна, аса, сайн олахочунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза вийна. Ткъа уьш берриг а хьан байина? 10ХӀинца дӀахаалаш, Везачу Эло Ахьабан цӀийнах лаьцна аьлла дош цхьа а эрна довр дац. Шен ялхо волчу Эли-ЯхӀугахула Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина». 11 aИштта ИзраӀал-гӀалахь Ахьабан цӀийнах дийна бисинарш а, цуьнан хьалхара болу хьоладай а, доттагӀий а, динан дай а хӀаллакбира ЯхӀус. Цуьнан тӀаьхьенах цхьа а дийна ца висира.Ахьаз-ЯхӀу-паччахьан гергара нах байар
12ЯхӀу, хьала а гӀаьттина, Шамран-гӀала дӀавахара. Новкъахь, жаӀуй вовшахкхетачу Байт-Ӏекхад олучу меттигехь, 13яхӀудхойн паччахьан Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш дуьхьалкхийтира цунна. ЯхӀус хаьттира цаьрга: «Шу муьлш ду?» «Тхо Ахьаз-ЯхӀун гергарнаш ду. Паччахьан кӀенташка а, паччахьан ненан Изабалан кӀенташка а маршалла хатта арадевлла тхо», – жоп делира цара. 14ЯхӀус элира: «Цара, дийна боллуш уьш дӀа а лаьцна, Байт-Ӏекхадан гӀунна уллохь байира. Уьш шовзткъе ши стаг вара, ткъа царах цхьа а дийна ца висира».Ахьаб-паччахьан кхиболу гергара нах байар
15Цигара дӀавахча, шена дуьхьал вогӀу Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб гира ЯхӀуна. Маршалла а хаьттина, ЯхӀус элира цуьнга: «Хьан дог а дуй те соьгахьа дирзина, сан дог хьоьгахьа дирзина ма-хиллара?» ЯхӀу-Надаба элира: «Ду». «Иза иштта делахь, хьайн куьг схьакховдаде». Вукхо шен куьг дӀакховдийра. ЯхӀус иза шен гӀудалкх тӀе хьалаваьккхира. 16Цо элира: «Соьца дӀа а волий, со Везачу Элана тӀевирзина хиларе хьажахьа». ЯхӀу-Надаб гӀудалкхана чу охьахиира. 17Уьш Шамран-гӀала дӀакхаьчча, ЯхӀус цигахь Ахьабан дийна мел виснарг хӀаллаквира. Цо уьш, тӀаьхье а ца юьтуш, хӀаллакбина дӀабехира. Везачу Эло Эли-ЯхӀугахула аьлла ма-хиллара, кхочушхилира дерриге а.БаӀална Ӏибадат деш берш хӀаллакбар
18ЯхӀус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Ӏамал ца йора БаӀална, ткъа ЯхӀус цунна гӀуллакх дар совдоккхур ду. 19БаӀалан массо а пайхамарш, массо а цунна Ӏамал еш берш, массо а цуьнан динан дай а, цхьа а схьаваза стаг а ца вуьтуш, схьагулбе суна тӀе, хӀунда аьлча аса доккха сагӀа доккхур ду БаӀална лерина. Ткъа схьа ца вогӀуш висинарг цхьа а дийна вуьтур вац». (ЯхӀус хӀилланца деш дара иза, БаӀална Ӏамал еш болу берриш а хӀаллакбархьама.) 20ЯхӀус элира: «БаӀална лерина беза гулам хӀоттабе». Иштта дӀакхайкхийра гулам хӀотто безар. 21Берриг а Исраил-махкахула дӀасабаржийра ЯхӀус и хаам. БаӀална Ӏамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогӀуш цхьа а ца висира. Уьш БаӀалан цӀа чу бевлира. И цӀа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира. 22ТӀеюху бедарш ларъеш волчуьнга ЯхӀус элира: «БаӀална Ӏамал еш болчу массарна а тӀеюха бедарш схьая». Цу стага царна тӀеюха бедарш схьаеара. 23Шеца Рахбин кӀант ЯхӀу-Надаб а вуьгуш, БаӀалан цӀенна чувелира ЯхӀу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гӀуллакх дечарах вуй те хӀокху чохь, хӀунда аьлча кху чохь БаӀална Ӏамал еш берш бен хила ца беза». 24Иштта дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кхидолу сагӀанаш а даха БаӀал-цӀун цӀенна чубевлира уьш. Ткъа ЯхӀус цӀенна арахьа везткъа стаг дӀахӀоттийнера, цо цаьрга аьлла: «Аса шун кара беллачех цхьаъ кӀелхьарвалахь, шен куьйга иза кӀелхьарвалийтинчун са оцу кӀелхьарваьллачун синан метта хир ду». 25Дийнаташ дагоран сагӀанаш даьхна чекхдевлча, ЯхӀус гӀаролхошка а, хьаькамашка а элира: «Даха а гӀой, царах цхьа а ца вуьтуш, байа уьш». Уьш туьран ираллица байа а байина, шаьш болчохь а битина, гӀаролхой а, хьаькамаш а БаӀалан цӀийнан чухуларчу чӀагӀйинчу чоьнна чубахара. 26Цу чуьра цӀу-делан дечиган бӀогӀам ара а баьккхина, иза багийра цара. 27Иштта кегбира БаӀална хӀоттийна тӀулг а, дохийра БаӀалан цӀа а. И меттиг хӀинца а цӀанонна воьду меттиг ю. 28Иштта ЯхӀус исраилхошна юкъара БаӀална Ӏибадат дар дӀадаьккхира. 29 bАмма НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира ЯхӀу – Бетал-гӀалахь а, Дан-гӀалахь а деших дина долчу эсашна наха Ӏибадат дарна тӀера. 30Везачу Эло ЯхӀуга элира: «Ахьа Суна хьалха бакъахьадерг доггах кхочушдина, Ахьабан цӀенна Сан дан безам болу гӀуллакх чекх а даьккхина, цундела хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». 31Амма ЯхӀу Исраилан халкъан Везачу Делан товрат-хьехамаш доггах ларбаран некъа тӀехь ца лелара. ЯрбаӀама Исраилан халкъе летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца вирзира иза.ЯхӀу-паччахьан валар
32Цу деношкахь Везачу Эло исраилхойн лаьттан дакъош схьадаха долийра. Хьазиал, исраилхошна тӀехь толам а баьккхина, йоккха кӀошт яьккхира цаьргара шен дола. 33И кӀошт яра Йорданан малхбалехьа йолчу меттехь, ӀаруӀер-гӀалара дуьйна Арнон-хина тӀекхаччалц. Цу чу догӀура ГалӀад а, Башан а мехкаш. Цигахь Гадан, Раабанан а, Маннашан а тайпанаш дехаш дара. 34ЯхӀус динчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 35ТӀаккха ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀу-Ахьаз. 36Ткъа ЯхӀус, Шамран-гӀалахь а Ӏаш, исраилхошна тӀехь паччахьалла дина хан ткъе бархӀ шо яра.
Copyright information for
CheCAC2012