‏ 2 Kings 11

ЯхӀудхойн зуда-паччахь йолу Ӏатал-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 22:10–23:15)

1Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван. 2Амма Ахьаз-ЯхӀун йиша йолчу, ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀа Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа безачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Иштта, Ӏатал-ЯхӀух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. 3Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу заманчохь, ялх шарахь, оцу кӀентан дола дечу оцу зудчо Везачу Элан цӀа чохь къайлаваьккхира иза.

4Цуьнан ворхӀалгӀа шо долуш, динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан гӀаролхошна а, паччахьан цӀийнан гӀаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цӀийне ша волчу схьабалийра. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрца барт бира. ТӀаккха динан дас, Везачу Элан цӀа чохь цаьрга чӀагӀо а яйтина, паччахьан кӀант Юаш гайтира царна. 5ЯхӀу-ЯдаӀа, омра а деш, элира цаьрга: «Аша хӀара кхочушде: шоьтан дийнахь шух схьадогӀуш долчу кхоалгӀачу декъо паччахьан цӀенна ха де. 6Царах вукху кхоалгӀачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тӀаьххьара кхоалгӀачу декъо паччахьан гӀаролхошна тӀехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цӀенна тӀехь аша рогӀ-роггӀана ха де. 7Ткъа шоьтан дийнахь мукъадовлучу шух массарах а долчу шина декъо Везачу Элан цӀахь волчу паччахьна ха де. 8Иштта аша, шайн хӀораннан а карахь герз а долуш, массо а агӀор паччахьна ха де. Нагахь цхьаъ, шуна тӀе а веана, юкъагӀортахь я тӀевагӀахь, иза вей дӀаваккха. Паччахь миччахьа вахача а, цуьнан Ӏуналла де».

9Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира хьаькамаша. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а тӀемалой шайца ЯхӀу-ЯдаӀана тӀебалийра. 10Везачу Элан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, турсаш а динан дас гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира. 11Иштта, шайн карахь герз а долуш, паччахьан гӀаролхой дӀахӀиттира цигахь. Уьш дӀахӀиттира паччахьна гонах – Везачу Элан цӀенна аьтту агӀонна тӀера аьрру агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Везачу Элан цӀенна уллохь а. 12ЯхӀу-ЯдаӀа, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза паччахь дӀахӀотто даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха, тӀараш а детташ, маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!» – бохуш.

13Шена гӀаролхойн а, халкъан а аьзнаш хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу халкъана тӀеяхара. 14ТӀаккха, лакхенна тӀехь, ша латта ма-везза, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехула юьйхина йолу бедар ятӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла.

15Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болчу гӀаролхошка омра а деш, элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза». 16Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.

Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа дина юхаметахӀиттораш

(2 Шерашкахь 23:16-21)

17Цул тӀаьхьа халкъе а, паччахье а Везачу Элаца барт байтира ЯхӀу-ЯдаӀа, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Иштта паччахьна а, халкъана а юкъахь а барт бира ЯхӀу-ЯдаӀа. 18ТӀаккха махкарчу дерриг а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.

Цул тӀаьхьа динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа Везачу Элан цӀенна ха дан нах дӀахӀиттийра.
19Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гӀаролхой а, паччахьан кертан гӀаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера паччахьан цӀенна тӀе валийра. ТӀаккха паччахьан гӀаролхойн кевнна тӀе боьдучу новкъахула паччахьан цӀа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гӀанта тӀе охьахиира. 20Мехкан дерриге а халкъ самукъане дара, гӀала а дӀатийра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу паччахьан цӀенна уллохь, тур а тоьхна, йийнера.

21Юашан ворхӀ шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича.
Copyright information for CheCAC2012