2 Kings 12
ЯхӀудхойн паччахь волу Юаш
(2 Шерашкахь 24:1-16)
1Исраилхошна тӀехь ЯхӀус паччахьалла деш долу ворхӀалгӀа шо долуш, Юаш паччахь дӀахӀоьттира. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе ЦивъяхӀу яра. Иза Беар-ШабаӀ-гӀалара яра. 2Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа шена хьехамаш бечу массо а ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. 3Делахь а, тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза диснера, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 4 aДинан дайшка Юаша иштта элира: «Гулде Везачу Элан цӀенна наха дахьаш мел долу Далла лерина ахча – ясакх санна хӀора стагана тӀера дӀадала дезаш долу ахча а, Далла динчу ваӀданца доьзна долу ахча а, адамаша шайн лаамехь Везачу Элан цӀенна луш мел долу ахча а. 5ХӀора динан дас, Делан цӀийнан хазна карахь йолчу цхьаьнгара ахча схьа а эцна, цунах Везачу Элан цӀа тодан деза, ерриге а йохийна меттигаш дӀа а тоеш». 6Амма Юаша паччахьалла до ткъе кхоалгӀа шо долчу хенахь а, Везачу Элан цӀа чохь йоьхна меттигаш динан дайша хӀинца а тойина яцара. 7Цундела Юаш-паччахьо, динан да ЯхӀу-ЯдаӀ а, кхиболу динан дай а схьа а кхайкхина, цаьрга элира: «Везачу Элан цӀа чохь йоьхна йолу меттигаш то хӀунда ца йо аша? Аша кхидӀа ма эцалаш шайн хазна карахь йолчаьргара ахча, Везачу Элан цӀа дӀатодарна бен». 8ТӀаккха динан дайша барт бира нахера ахча кхин шайга дӀа ца эца. Везачу Элан цӀа шаьш тодийр дац аьлла, сацам а бира цара. 9Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, цхьа гӀутакх схьа а эцна, цунна тӀехула агӀор херо а даьккхина, иза сагӀа доккхучу кхерчана аьтту агӀорхьа Делан цӀийнан керта чу воьддучу дӀахӀоттийра. Кертан неӀарехь ха деш лаьттачу динан дайша Везачу Элана наха дахьаш долу ахча, схьа а оьций, оцу гӀутакх чу тосура. 10Цу гӀутакх чохь дуккха а ахча гулделча, динан коьртачу дас а, паччахьан йозанчо а, ахча схьа а оьций, дагар а дой, галеш чу дуьллура иза. 11ТӀаккха и ахча Везачу Элан цӀа нисдаран балхана тӀехь куьйгалла деш болчу нахе дӀалора. Ткъа цара иза дечиган пхьерашна а, гӀишлош еш болчарна а, 12тӀулгаш дуттучарна а, тӀулг хьокхучарна а доькъура. Иза дойура дечиг а, хьаькхна тӀулг а эцарна а, Везачу Элан цӀа чуьра йоьхна меттигаш тоян а, и цӀа меттахӀоттош нислуш долчу массо а кхечу гӀуллакхашна а. 13Делахь а, Везачу Элан цӀенна дахьаш долчу ахчанах ца йойтура дато бошхепаш а, милт хадо тукарш а, боганаш а, турбанаш а, цу цӀенна лерина муьлхха а тайпана дашо я дато пхьегӀаш а. 14Белхан куьйгалхошна дӀалора и ахча, ткъа цара цунах Везачу Элан цӀа тодора. 15 bБелхалошна дӀасадекъа ахча дӀаделлачу адамашкара хьесап ца хоьттура, хӀунда аьлча уьш тешаме нах бара. 16 cГӀуда такхаран а, къинан а сагӀанех долу ахча Везачу Элан цӀа чу ца дахьара – иза динан дайн долахь дара. 17Цу хенахь арамхойн паччахьо Хьазиала, Гати-гӀалина дуьхьал тӀом а бина, иза дӀалецира. ТӀаккха Ярушалаймана тӀелата дагадеара Хьазиална. 18Амма яхӀудхойн паччахьо Юаша, яхӀудхойн паччахьаш хилла болчу шен дайша ЯхӀушаптис а, ЯхӀурама а, Ахьаз-ЯхӀус а Везачу Элан цӀенна сагӀина мел деана хӀума а схьаийцира цу чуьра. Иштта ша сагӀина мел деана хӀума а, Везачу Элан цӀийнан а, паччахьан цӀийнан а хазнаш чохь шена мел карийна деши а, схьа а эцна, арамхойн паччахьна Хьазиална дӀадахьийтира Юаша. ТӀаккха Хьазиал тӀе ца летира Ярушалаймана. 19Юашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 20ТӀаккха Юаш куьйгаллехь болчу хьаькамаша, цунна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Силле воьдучу новкъахь йолчу Байт-Милло олучу меттигехь иза вийра. 21Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимӀатан кӀант Юзабди а, Шумаран кӀант ЯхӀу-Забди а. Юаш велира. Иза а дӀавоьллира шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амци-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012