‏ 2 Kings 13

Исраилхойн паччахь волу ЯхӀу-Ахьаз

1ЯхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀанта Юаша паччахьалла деш долу ткъе кхоалгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз. Цо вуьрхӀитта шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 2Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтина доллу къинош цо а летадора, царна тӀера дӀа а ца воьрзуш. 3ТӀаккха Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Исраилан халкъана. Арамхойн паччахь волчу Хьазиалан а, цуьнан кӀентан Бен-Хьадидан а караделира Везачу Эло и халкъ дуккха а ханна. 4ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаза гӀо доьхуш доӀа дира Везачу Эле. И доӀа Везачу Элана дӀахезира, хӀунда аьлча Цунна гуш дара арамхойн паччахьо Исраилан халкъана беш болу ницкъ мел чӀогӀа бу. 5ТӀаккха Везачу Эло исраилхошна уьш кӀелхьарбохург вахийтира. Цо арамхойн карара схьабехира уьш. Иштта исраилхой, хьалха санна, кхерам а боцуш, шайн цӀенош чохь Ӏаш бара. 6Амма ЯрбаӀаман цӀийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тӀера дӀа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидӀа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цӀу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам Шамран-гӀалахь кхидӀа а лаьтташ бара.

7ЯхӀу-Ахьаз-паччахьан эскарх виснарг шовзткъе итт дошло а, итт тӀеман гӀудалкх а, итт эзар гӀашло а бен вацара, хӀунда аьлча арамхойн паччахьо и эскар дохийна дӀадаьккхира, когаш кӀел хьоьшу чан санна эскархой а беш.

8ЯхӀу-Ахьаза лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 9ТӀаккха ЯхӀу-Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀу-Ахьазан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯхӀуаш.

Исраилхойн паччахь ЯхӀуаш

10ЯхӀудхойн паччахьо Юаша паччахьалла до ткъе вуьрхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялхитта шарахь паччахьалла дира. 11Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. Изза къинош цо а летадора. 12ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца цо бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 13ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Цуьнан метта керла паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀам. Исраилхойн паччахьаш дӀабоьхкинчу Шамран-гӀалахь дӀавоьллира ЯхӀуаш а.

ЭлишаӀан валар

14 aЭлишаӀана цамгар кхийтира. Цу цамгарх тӀаьхьо иза вала а велира. ЭлишаӀ волчу исраилхойн паччахь ЯхӀуаш веара. Цо, ЭлишаӀана тӀе а хӀоьттина, велха а воьлхуш, бохура: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!»

15ЭлишаӀа цуьнга элира: «СекхаӀад а, пхерчий а схьаэца». ЯхӀуаша схьаийцира секхаӀад а, пхерчий а. 16Исраилхойн паччахье ЭлишаӀа элира: «Хьайн куьйгаца Ӏад дула». Паччахьо шен куьйгаца Ӏад дуьйлира. ТӀаккха ЭлишаӀа шен куьйгаш паччахьан куьйгашна тӀедехкира. 17«Малхбалехьа долу кор дӀаделла», – элира ЭлишаӀа. Паччахьо кор дӀадиллира. «Пха кхосса», – элира цо. Паччахьо пха кхоьссира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Элера болу, толам баккхаран пха бу иза! Арам-махкана тӀехь толам баккхаран пха бу иза! Ахьа, буьззина толам а боккхуш, Апакх-гӀалахь арамхой хӀаллакбийр бу».

18ЭлишаӀа элира: «Дисина пхерчий схьаэца». Паччахьо уьш схьаийцира. ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Лаьтта тоха и пхерчий». Кхузза лаьтта а тоьхна, паччахь сецира. 19Делан стага, оьгӀаз а вахана, элира цуьнга: «Ахьа пхоьазза я йолхазза лаьтта тоха ма дезара пхерчий. ТӀаккха кхоччуш хӀаллакбийр бара ахьа арамхой. Ткъа хӀинца кхузза бен толам боккхур бац ахьа царна тӀехь».

20ЭлишаӀ велира, наха иза дӀавоьллира.

ХӀора шарахь бӀаьста муабахойн ардангаш исраилхойн махка чу йогӀура.
21Цхьана хенахь масех исраилхо хилла цхьа велла стаг дӀавуллуш. Шайна тӀейогӀу муабахойн цхьа арданг гича, цара велларг ЭлишаӀан къубби чу тесна хилла. Къубби чу дужучу хенахь и дакъа ЭлишаӀан даьӀахкех дӀахьакхаделла, тӀаккха, ден а велла, шен когаш тӀе дӀахӀоьттира и стаг.

Исраилхоша арамхошца бина тӀом

22Арамхойн паччахьо Хьазиала Исраилан халкъана ницкъ бора ЯхӀу-Ахьаз паччахьаллехь лаьттинчу массо а хенахь. 23Веза Эла Шен диканца цаьрца а вара, Цо царах къинхетам а бира, цаьргахьа а воьрзуш. Ша ИбрахӀимца а, Исхьакхаца а, Якъубца а бинчу бертан дуьхьа, хӀинцалерчу ханна тӀекхаччалц Цунна ца лаьара уьш хӀаллакбан я уьш Шена уллора дӀататта.

24Арамхойн паччахь Хьазиал велча, цуьнан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Бен-Хьадид. 25ТӀом болчу хенахь Хьазиала масех гӀала схьаяьккхинера ЯхӀуашан дегара ЯхӀу-Ахьазера, амма ЯхӀуаша и гӀаланаш юхаехира Хьазиалан кӀантера Бен-Хьадидера. ЯхӀуаша кхузза толам баьккхира Бен-Хьадидана тӀехь, исраилхойн гӀаланаш юха а йохуш.
Copyright information for CheCAC2012