2 Kings 14
ЯхӀудхойн паччахь волу Амци-ЯхӀу а, исраилхойн паччахь волу ЯхӀуаш а
(2 Шерашкахь 25:1-24)
1Исраилхойн паччахь волчу ЯхӀу-Ахьазан кӀанта ЯхӀуаша паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Юашан кӀант Амци-ЯхӀу. 2Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь хӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе исс шарахь паччахьалла дира. Амци-ЯхӀун ненан цӀе ЯхӀу-Ӏаднат яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Амци-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ долу гӀуллакхаш дора, амма цу тӀехь шен дега Дауде ца кхочура иза. Цо шен дас Юаша лелийна доллу гӀуллакхаш леладора. 4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш цо дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 5Паччахьалла шен карадирзина даьлча, цо паччахь хилла волу шен да вийна болу а, цуьнан куьйгаллехь хилла болу а хьаькамаш байира. 6 aАмма Мусан товрат-хьехамийн тептар тӀехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхӀус, хӀунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таӀзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таӀзар такха ца деза. Амма хӀораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таӀзар ша такха деза». 7Амци-ЯхӀус Дуьра тогӀи чохь итт эзар эдомхо хӀаллаквира. ТӀамца СилаӀ-гӀала схьа а лаьцна, цунна Якхтаал аьлла, цӀе тиллира цо. Тахханалц а цу гӀалин цӀе изза ю. 8ТӀаккха Амци-ЯхӀус исраилхойн паччахь волчу ЯхӀун кӀентан ЯхӀу-Ахьазан кӀантана ЯхӀуашана тӀе геланчаш бахийтира: «Ара а валий, юьхь-дуьхьал хӀотта вайшиъ», – дӀаала аьлла. 9Ткъа исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна жоп делира: «Ливанун-махкарчу коканийн кулло Ливанун-махкарчу баганан диттана тӀе, нах а бахийтина: „Хьайн йоӀ сан кӀанте маре яийтахьа“, – аьлла. Амма Ливанун-махкара экха схьа а деана, цо и коканийн колл дӀахьаьшна. 10Ахьа эдомхошна тӀехь толам баьккхина. Ткъа хӀинца айхьа и толам баьккхина аьлла, хьан дог курадаьлла. Хьайн кураллаш а еш, цӀахь Ӏе хьо. Хьайна бохам хӀунда лоьху те ахьа? ТӀаккха хьо а хӀаллаквийр вара, хьоьца ЯхӀуд-мохк а хӀаллакбийр бара». 11Амма Амци-ЯхӀус ла ца дуьйгӀира шега аьллачуьнга. ТӀаккха исраилхойн паччахь ЯхӀуаш яхӀудхойн паччахьна Амци-ЯхӀуна дуьхьалвелира. И шиъ тӀамца ЯхӀуд-махкарчу Байт-Шамаш олучу гӀалахь дуьхь-дуьхьал кхийтира. 12Исраилхоша яхӀудхойн эскар дохийра. ТӀаккха эшнарш шайн-шайн цӀа дӀасабевдира. 13Байт-Шамашехь исраилхойн паччахьо ЯхӀуаша яхӀудхойн паччахь волчу Ахьаз-ЯхӀун кӀентан Юашан кӀант Амци-ЯхӀу схьалецира. ТӀаккха ЯхӀуаша, Ярушалайме а вахана, цигарчу Эпрайман кевнера дуьйна сонехь долчу кевнна тӀекхаччалц диъ бӀе дол барамехь болу Ярушалайман пен бохийра. 14Везачу Элан цӀа чуьра а, паччахьан хазни чуьра а дерриг деши а, дети а, массо пхьегӀа а схьаийцира ЯхӀуаша. Иштта, лечкъийна, царах хӀума яккха дагахь, шена адамаш а дуьгуш, Шамран-гӀала юхавирзира иза. 15ЯхӀуаша лелийначу кхидолчу хӀуманех – цо мел динчух а, цуьнан майрачу гӀуллакхех а, цо яхӀудхойн паччахьца Амци-ЯхӀуца бинчу тӀамах а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 16ТӀаккха ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀуашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант ЯрбаӀам.ЯхӀудхойн паччахь волчу Амци-ЯхӀун валар
(2 Шерашкахь 25:25-28)
17ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀант Амци-ЯхӀу исраилхойн паччахь хилла волу ЯхӀу-Ахьазан кӀант ЯхӀуаш веллачул тӀаьхьа пхийтта шарахь вехира. 18Амци-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 19Ярушалаймехь Амци-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гӀала ведда дӀавахара. ТӀаккха, цунна тӀаьхьа Лахиш-гӀала нах а бахийтина, Амци-ЯхӀу цигахь вийра. 20Амци-ЯхӀун дакъа говраш тӀехь Ярушалайме схьадеара. Иза а шен дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира. 21ТӀаккха дерриг а ЯхӀудан халкъо ялхитта шо кхаьчна волу Ӏузи-ЯхӀу ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Ӏазар-ЯхӀу. Цуьнан кхин а Ӏузи-ЯхӀу цӀе а ю.
шен ден Амци-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоттийра. 22ЯхӀуаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхеттачул тӀаьхьа Ӏузи-ЯхӀус, Эйлат-гӀала ЯхӀуд-махкана юха а ерзийна, иза меттахӀоттийра. Исраилхойн паччахь ЯрбаӀам
23ЯхӀудхойн паччахь волчу Юашан кӀанта Амци-ЯхӀус паччахьалла до пхийтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь дӀахӀоьттира ЮшаӀан кӀант ЯрбаӀам. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе цхьана шарахь паччахьалла дира. 24ЯрбаӀама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 25 cЯрбаӀама Исраилан халкъана юхадерзийра Хьамат-Ӏинера дуьйна Ӏариба-тогӀин хӀорда тӀе кхаччалц долу латта. И дерриг а дара Исраилан халкъан Везачу Дала Шен ялхо волчу Аматин кӀантехула Юнусехула аьлларг. Иза Гати-Хьепар олучу меттигера схьаваьлла пайхамар вара. 26Везачу Элана гуш дара массо а исраилхоша – чубоьхкина я маьрша уьш белахь а – хьоьгуш долу къиза Ӏазап. Цхьа а вацара Исраилан халкъана гӀо дан. 27Везачу Эло Ша Исраилан халкъан цӀе стигал кӀелара дӀаяйа аьлла ца хиларна, ЯхӀуашан кӀентан ЯрбаӀаман куьйгахула кӀелхьарбехира Цо уьш. 28ЯрбаӀама динчу массо а кхидолчу хӀуманех лаьцна – цо мел динчух а, цо лелийначу майрачу гӀуллакхех а, яхӀудхойн долахь хилла йолу Дамасакх а, Хьамат а гӀаланаш Исраил-махкана юхаерзаярх а лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29ТӀаккха ЯрбаӀам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Исраилхойн паччахьашна уллохь иза Шамран-гӀалахь дӀавоьллира. ЯрбаӀаман метта паччахь хилла дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Закри-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012