2 Kings 15
ЯхӀудхойн паччахь волу Ӏузи-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 26:1-23)
1Исраилхойн паччахьо ЯрбаӀама паччахьалла до ткъе ворхӀалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь хилира Амци-ЯхӀун кӀант Ӏузи-ЯхӀу ▼▼Ӏузи-ЯхӀу – Ӏебархойн тептар тӀехь: Ӏазар-ЯхӀу. Иза Ӏузи-ЯхӀун кхин цӀе ю. Оцу тептар тӀехь цхьадолчу аяташкахь цунах Ӏазар-ЯхӀу олу, ткъа кхечу аяташкахь цунах Ӏузи-ЯхӀу олу.
. 2Цу хенахь Ӏузи-ЯхӀун ялхитта шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе шийтта шарахь паччахьалла дира. Ӏузи-ЯхӀун ненан цӀе Яхул-ЯхӀу яра. Иза Ярушалаймера яра. 3Шен дас Амци-ЯхӀус лела мел динарг санна, Ӏузи-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хетарг. 4Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. 5Везачу Эло Ӏузи-ЯхӀу-паччахьна дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дӀаваллалц и цамгар цунна тӀехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цӀа чохь Ӏаш вара. Ткъа паччахьан кӀанта Йовтама паччахьан цӀенна тӀехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тӀехь урхалла а дора. 6Ӏузи-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 7 bТӀаккха Ӏузи-ЯхӀу, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ӏузи-ЯхӀун метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Йовтам. Исраилхойн паччахь Закри-ЯхӀу
8ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе берхӀитталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира ЯрбаӀаман кӀант Закри-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо ялх баттахь паччахьалла дира. 9Закри-ЯхӀус а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 10Закри-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кӀанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш ▼▼Халкъана хьалха цунна чов а еш – цхьадолчу грекийн ширачу гочдарш тӀехь: ИбалӀам-гӀалахь цунна чов а еш.
, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хӀоьттира. 11Закри-ЯхӀус лелийначу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 12Иштта Везачу Эло ЯхӀуга аьлла дешнаш кхочушхилира. Цо аьллера: «Хьан тӀаьхьенах доьалгӀачу гаранна тӀекхаччалц берш хир бу исраилхойн паччахьаш». Иза иштта хила а хилира. Исраилхойн паччахь Шалум
13ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Явешан кӀант Шалум. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьана баттахь паччахьалла дира. 14Тирца-гӀалара Гадин кӀанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гӀалахь Явешан кӀант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дӀа а хӀуттуш. 15Шалуман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо ямартлонца бинчу бартах лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 16Оцу хенахь Менахьим, Тирца-гӀалара ара а ваьлла, Тапсахь-гӀалина тӀелетира. ГӀалина чохь мел болчу нахана а, цунна гонах бехачу нахана а тӀелетира иза, хӀунда аьлча цара гӀалин кевнаш дӀа ца диллинера. Берах йолу массо а зуда цестина хӀаллакьяйтира цо.Исраилхойн паччахь Менахьим
17ЯхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до ткъе ткъайоьсналгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Гадин кӀант Менахьим. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо итт шарахь паччахьалла дира. 18Менахьим-паччахьо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Ша паччахьалла деш мел яьккхинчу хенахь НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу муьлххачу а къинойх дӀа ца вирзира иза. 19Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПӀула ▼▼ПӀула – цуьнан кхин цӀе яра: ТигӀлат-Палиасар.
Исраил-махкана тӀегӀоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПӀуле, цуьнга шена гӀо а дойтуш, шен паччахьалла чӀагӀдархьама. 20ХӀора хьолахочунна тӀе шовзткъе итт шекхал дети ▼▼Шовзткъе итт шекхал дети – иза ах кийланал цхьажимма сов ду.
далар тӀедожийра Менахьима. И ахча Ашур-мехкан паччахье дӀаделира цо. ТӀаккха Ашур-мехкан паччахь, Исраил-махкахь а ца вуьсуш, дӀавахара. 21Менахьиман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь. 22ТӀаккха Менахьим, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Менахьим-паччахьан метта паччахь хилира цуьнан кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Исраилхойн паччахь Пакхихь-ЯхӀу
23Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла до шовзткъе уьтталгӀа шо долуш, Исраилан халкъана тӀехь паччахь хӀоьттира Менахьиман кӀант Пакхихь-ЯхӀу. Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. 24Пакхихь-ЯхӀус а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза. 25Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхӀун кӀант вара. Цо, Пакхихь-ЯхӀуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалӀад-гӀалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гӀалахь паччахьан цӀийнан чӀагӀйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргӀаб а, Ария а вийра цо. ТӀаккха Пикхахьи паччахь хилла дӀахӀоьттира Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан метта. 26Пакхихь-ЯхӀу-паччахьан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.Исраилхойн паччахь Пикхахьи
27ЯхӀудхойн паччахь волчу Ӏузи-ЯхӀус паччахьалла деш долу шовзткъе шуьйтталгӀа шо долуш, исраилхойн паччахь хилла дӀахӀоьттира Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи. Цо ткъа шарахь, Шамран-гӀалахь Ӏаш а волуш, паччахьалла дира. 28Пикхахьис а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама исраилхошка летадайтинчу къинойх дӀа ца вирзира иза. 29Исраилхойн паччахьо Пикхахьис паччахьалла дечу заманахь, Ашур-мехкан паччахьо ТигӀлат-Палиасара, схьа а веана, Ӏаюн, Абал-Байт-МаӀак, Янохь, Кхедаш, Хьацор гӀаланаш, иштта ГалӀад-мохк, Галилай-мохк – шайна чу берриге а Наптал-мохк чу а лоцуш – дӀалецира. Цигара нах, йийсаре а буьгуш, Ашур-махка дӀакхалхийра цо. 30Элан кӀанта ХӀушаӀа, Рамли-ЯхӀун кӀантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тӀе а летта, иза вийра. Иштта, Ӏузи-ЯхӀун кӀанта Йовтама паччахьалла до ткъолгӀа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дӀахӀоьттира ХӀушаӀ. 31Пикхахьин кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду Исраилхойн паччахьийн тептар тӀехь.ЯхӀудхойн паччахь Йовтам
(2 Шерашкахь 27:1-9)
32Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до шолгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ӏузи-ЯхӀун кӀант Йовтам. 33Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра. 34Шен дас Ӏузи-ЯхӀус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. 35Делахь а тӀехь сагӀа доккху гунаш дӀадахаза дисина дара, ткъа наха кхидӀа а оцу гунаш тӀехь сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. 36Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 37Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхӀудхошца тӀом бан. 38Ткъа Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.
Copyright information for
CheCAC2012