cАрадаккхар 27:1, 2; 2 Шерашкахь 4:1.
2 Kings 16
ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз
(2 Шерашкахь 28:1-27)
1Рамли-ЯхӀун кӀанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхӀитталгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Йовтаман кӀант Ахьаз. 2Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гӀуллакхаш ца леладора Ахьаза. 3 aИза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кӀант цӀерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш лела а деш. 4Гунаш тӀехь а, баьрзнаш тӀехь а, муьлххачу а ӀиндагӀ луш долчу диттана кӀел а сагӀа а доккхура, хаза хьожа йогӀу хӀума а ягайора Ахьаза. 5 bТӀаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхӀун кӀант Пикхахьи а, Ярушалайм дӀалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тӀом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. 6Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гӀала Араман халкъана юха а ерзош, цу гӀалара яхӀудхой дӀалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гӀала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. 7Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна тӀе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кӀелхьарваккхахьа со». 8ТӀаккха Ахьаза Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан цӀийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгӀатна дахьийтира. 9Ашурхойн паччахьо ладуьйгӀира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тӀом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гӀала дӀакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. 10Цул тӀаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигӀлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагӀа доккху кхерч гира. Цо оцу сагӀа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дӀа муха хӀотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхӀуга дӀадахьийтира. 11ТӀаккха динан дас УръяхӀус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагӀа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхӀус и кхерч бина дӀахӀоттийра. 12Паччахьна, ша Дамасакхера цӀа веача, и сагӀа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тӀе а вахана, цу тӀехь сагӀа даьккхира. 13Дийнаташ дагоран сагӀа а, кӀен сагӀа а, чагӀаран сагӀа а даьккхира цо цу кхерчана тӀехь. Бертан сагӀа а доккхуш, кхерчан агӀонаш тӀе цӀийн цинцаш туьйхира паччахьо. 14 cКерлачу кхерчана а, Везачу Элан цӀенна а юкъахь Везачу Элана дӀакъастийна цӀестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агӀор охьабиллира. 15Динан дега УръяхӀуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тӀехь Ӏуьйренан дийнаташ дагоран сагӀа а, суьйренан кӀен сагӀа а даккха. Иштта цу тӀехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагӀанаш а, кӀен сагӀанаш а, адамийн чагӀаран сагӀанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагӀа доккхуш даьлла цӀий а, муьлхха а сагӀина дахьаш долчу дийнатийн цӀийн цинцаш а тӀетоха оцу кхерчана тӀе. Ткъа цӀестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». 16Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхӀус. 17 dАхьаз-паччахьо чкъургаш тӀехь йолчу кӀелхӀотторгашна тӀера деакӀов пенаш а, еш а дӀадехира. Иштта боккха цӀестан яй а дӀабаьккхира, цӀестан стерчашна тӀера иза тӀулган цӀенкъа охьа а буьллуш. 18Везачу Элан цӀийнан кертахь шоьтан дийнахь дӀахӀуттучу гуламна лерина йина тхевнан кӀело а дӀаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цӀа чу вогӀийла а дӀаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. 19Ахьазан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 20 eТӀаккха Ахьаз, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гӀалахь дӀавоьллира. Ахьазан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Хьузакх-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012