‏ 2 Kings 18

ЯхӀудхойн паччахь Хьузакх-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 29:1, 2; 31:1)

1Исраилхойн паччахь волчу Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до кхоалгӀа шо долуш, яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттира Ахьаз-паччахьан кӀант Хьузакх-ЯхӀу. 2Иза паччахь дӀахӀуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхӀус. Цуьнан ненан цӀе яра Аби-ЯхӀу, ткъа иза Закри-ЯхӀун йоӀ яра. 3Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхӀус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. 4 aСагӀа доккху гунаш дӀадехира цо, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш хьийшира, Ашера цӀе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цӀестан лаьхьа Хьузакх-ЯхӀус кагбира, хӀунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цӀе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягайора. 5Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхӀу. Цул хьалха, я цул тӀаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхӀудхойн массо а паччахьашна юкъахь. 6Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дӀа ца вирзира Хьузакх-ЯхӀу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. 7Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гӀуллакхаш тӀехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхӀу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтӀахь вацара Хьузакх-ЯхӀу. 8Ха деш йолу бӀов йолчу жимачу гӀалина тӀера дуьйна йоккхачу чӀагӀйинчу гӀалина тӀекхаччалц, пӀелаштамхошна тӀехь толамаш бехира цо, Ӏази-гӀалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тӀекхаччалц.

9Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до доьалгӀа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кӀанта ХӀушаӀа паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тӀе а гӀоьртина, Шамран-гӀалина го бира. 10Кхо шо даьлча, Шалманесара дӀалецира и гӀала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до йолхалгӀа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХӀушаӀа паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, дӀалаьцнера Шамран-гӀала. 11Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дӀабигира. Хьалахь-гӀалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гӀалахь а, мадайхойн гӀаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш.

12И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догӀарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тӀе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугӀура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара.

Ашурхоша Ярушалаймана кхерам туьйсу

(2 Шерашкахь 32:1-19; ЕшаӀ-ЯхӀу 36:1-22)

13Хьузакх-ЯхӀус паччахьалла до дейтталгӀа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхӀуд-мехкан массо а аьлла чӀагӀйинчу гӀаланашна тӀе а гӀоьртина, уьш дӀалецира. 14ЯхӀудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхӀус Лахиш-гӀала ашурхойн паччахьна тӀе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Ӏадвитахьа со. Ахьа бохху ял дӀалур ю аса хьуна». ТӀаккха ашурхойн паччахьо яхӀудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхӀуна кхо бӀе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тӀедожийра. 15Цу тайпана Везачу Элан цӀа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дӀаделира Хьузакх-ЯхӀус. 16Везачу Элан цӀа чохь ша дӀахӀиттийначу дешин неӀаршна тӀера а, неӀарийн гураш тӀера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дӀаделира цо. 17Ашурхойн паччахьо Лахиш-гӀалара шен тӀеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхӀу-паччахьна тӀе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дӀакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Ӏома чуьра хи охьадогӀучохь, наха хӀуманаш юьттучу аренна тӀебоьдучу новкъахь, дӀахӀиттира уьш. 18Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цӀахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхӀун кӀант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дӀаяздеш волу Асайпан кӀант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тӀевеара. 19Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дӀаала Хьузакх-ЯхӀуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бӀобулуш дерг хӀун ду?’ 20Ахь боху хьайн говзалла а ю, тӀеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? 21Кагъелла Ӏаса санна болчу оцу Мисар-махкана тӀетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тӀе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Ӏаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирӀун.
22Я аша олу те: ‘Тхайн Везачу Делах тешна Ӏаш ду тхо’? Делахь а Хьузакх-ЯхӀус, цу Далла лерина сагӀа доккху гунаш а, шайна тӀехь долу кхерчаш а дӀа а даьхна, ЯхӀудан а, Ярушалайман а халкъе ма олура: ‘Ярушалаймехь болчу хӀокху кхерчана хьалха бен Ӏибадат ма де’. 23Вало, сан олахо волчу ашурхойн паччахьца берта гӀо хьо. Аса ши эзар дин хьуна белча а, царна тӀе ховшо береш карор барий хьуна? 24Сан олахочун уггар кӀезиг лоруш болчу ялхойн цхьа тхьамда а юхаваккха муха гӀерта хьо, Мисар-махко хьайна тӀеман гӀудалкхаш яларх а, дошлой бахкийтарх а тешна хьо Ӏаш хилча? 25Везачу Элан лаам ца хилча, кху лаьтта тӀе вогӀур варий со иза хӀаллакдан? Ша Везачу Эло элира соьга: ‘Ваха а гӀой, хӀокху махкана тӀе а латий, иза хӀаллакбе’“».

26Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, Шибнас а, Юахьис а эскаран хьаькаме элира: «Тхо арамхойн маттах кхета, цундела тхоьца арамхойн мотт бийца. Оцу пенна тӀехь лаьтташ долчу халкъана а хезаш, Ӏебархойн маттахь ма дийца тхоьца».

27Эскаран хьаькамо жоп делира: «Веккъа цхьана хьан олахочунна тӀе а, хьуна тӀе а бен ваийтина-м вац со сан олахочо хӀара дешнаш дӀаала? ХӀан-хӀан, хӀокху пенна тӀе охьахевшина долчу, шуьца цхьаьна шайн боьхалла а юур долчу а, шайн хьатӀ муьйлур долчу а кху адамашка а дӀаала веана со».

28ТӀаккха эскаран хьаькамо, хьала а гӀаьттина, чӀоггӀачу озаца Ӏебархойн маттахь элира: «ЛадогӀалаш ашурхойн сийлахьчу паччахьан дешнашка! 29ХӀара ду паччахьо бохург: „Хьузакх-ЯхӀуга шаьш ле ма дайта. Цуьнга сан карара шу кӀелхьардахалур дац. 30‘Везачу Эло вай кӀелхьар а дохур ду, и гӀала Ашур-мехкан паччахьан кара а йохуьйтур яц’ – бохуш, Везачу Элах а тешна, шаьш Хьузакх-ЯхӀуга ле ма дайта. 31Ла ма догӀа Хьузакх-ЯхӀуга! Ашурхойн паччахьо иштта боху: ‘Соьца берта а гӀой, суна тӀедуьйла. Шух хӀораммо а шен долахь йолчу кемсийн таьлланга тӀера а, инжирийн дитташ тӀера а стоьмаш доийла, иштта хӀораммо а шен долахь йолчу гӀу чуьра хи а молийла, 32аса, ван а веана, шена тӀехь кӀа а, чагӀар а долуш, бепиг а, кемсийн бошмаш а йолуш, зайт-дитташ а, моз а долуш, шун латта санна долчу лаьтта тӀе шаьш дӀадиггалц. Цу тайпана шу дехар а ду, лийр а дац. ‹Везачу Эло вай кӀелхьардохур ду›, – бохуш, шаьш ледеш волчу Хьузакх-ЯхӀуга ла ма догӀа. 33Ткъа кхечу къаьмнийн деланех цхьаммо а шен мохк ашурхойн паччахьан куьйгах кӀелхьарбаьккхиний? 34Мичахь бу Хьамат-гӀалин а, Арпад-гӀалин а деланаш? Мичахь бу Сепарвайм а, ХӀинаӀ а, Ӏева олучу гӀаланийн деланаш? Шамран-гӀала а кӀелхьаръяьккхиний цуьнан деланаша сан карара? 35Оцу мехкийн мел болчу деланех муьлхачо кӀелхьарбаьккхина шен мохк сан куьйгах? ТӀаккха Везачу Эло Ярушалайм сан карара схьайоккхур ю аьлла хетий шуна?’“»

36Дуьхьал цхьа а дош ца олуш, дӀатийна Ӏаш дара халкъ, хӀунда аьлча паччахьо омра динера: «Цунна дуьхьал жоп ма ло», – аьлла. 37ТӀаккха паччахьан цӀийнан хьаькам волчу Хьалкхи-ЯхӀун кӀанта Элъякъима а, йозанчо Шибнас а, хилларг дӀаяздеш волчу Асайпан кӀанта Юахьис а, шайн тӀехулара бедарш а этӀийна, Хьузакх-ЯхӀуна тӀе а баьхкина, ашурхойн эскаран хьаькамо шайга аьлларг дӀадийцира.
Copyright information for CheCAC2012