2 Kings 2
Дала Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалаваккхар
1Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тӀекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхӀу Галгал-гӀаларчу ЭлишаӀца новкъахула вогӀуш вара. 2Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гӀала хьажийна». Ткъа ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гӀала дӀавахара 3Бетал-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» ЭлишаӀа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца». 4Эли-ЯхӀус юха а элира: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Ерихон-гӀала хьажийна». ЭлишаӀа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо ас, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ Ерихон-гӀала дӀавахара. 5Ерихон-гӀаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаӀана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дӀаоьцург хилар?» «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца», – жоп делира ЭлишаӀа. 6Эли-ЯхӀус юха а дийхира ЭлишаӀе: «ЭлишаӀ, хьо кхузахь сацахьа, хӀунда аьлча Везачу Эло со Йордан-хи долчу хьажийна». ЭлишаӀа элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, со хьох дӀакъаьстар вац аьлла». И шиъ дӀаволавелира. 7Пайхамарийн тобанах волу шовзткъе итт стаг, царна тӀаьхьа а ваьлла, геннахь дӀахӀоьттира. Ткъа Эли-ЯхӀу а, ЭлишаӀ а, Йордан-хина тӀе а кхаьчна, цигахь дӀахӀоьттира. 8ТӀаккха, шен тӀехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхӀус. Хи дӀасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира. 9 aУьш хих дехьабевлча, Эли-ЯхӀус ЭлишаӀе элира: «Хьуна уллора со Дала стигала хьалаваккхале, аса хьайна дан луург деха соьга». ЭлишаӀа элира: «Хьоьца долу са, сайца шозза сов хила лаьара суна». 10Эли-ЯхӀус жоп делира: «Ахьа доьхург хала хӀума ду. Нагахь санна хьан бӀаьргашна со стигала хьалавоккхуш гахь, ахьа доьхург хир ду хьуна, ткъа ца гахь – хир дац». 11Къамел а деш, и шиъ новкъахула вогӀучу хенахь, цӀеххьана схьаеанчу цӀеран гӀудалкхо а, цӀеран говраша а дӀасакъастийра уьш. ТӀаккха йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхӀу стигала хьалавахара. 12 bЭлишаӀа, хьала а хьоьжуш, воккхаверца мохь туьйхира: «Ва сан да! Исраилхойн тӀеман гӀап а, церан ницкъ а ма бара хьо!» – аьлла. ЭлишаӀана кхин ца гира Эли-ЯхӀу. Цо, катоьхна, шена тӀера бедарш, этӀа а йина, шина декъе йийкъира. 13ТӀаккха, Эли-ЯхӀуна тӀера охьайоьжна йисина йолу тӀехулара бедар схьа а эцна, ЭлишаӀ юхавирзира. Иза Йордан-хин йистехь сецира. 14И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаӀа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХӀаъ, мичахь ву Эли-ЯхӀун и Дела?» ЭлишаӀа Эли-ЯхӀун бедар хи чу тоьхча, хи дӀаса а декъаделла, ЭлишаӀ дехьавелира. 15Ерихон-гӀаларчу пайхамаршна геннара гира схьавогӀу ЭлишаӀ. Цара элира: «Эли-ЯхӀун са ЭлишаӀана чу доьлла». Пайхамарш, цунна дуьхьал а бахана, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира. 16Цара ЭлишаӀе элира: «Хьажахьа, хьан ялхой долчу тхуна юкъахь доьналла долу шовзткъе итт стаг ву. Бахийтахьа уьш хьайн олахо схьалаха. Везачу Элан Сино цхьана лома тӀехь я тогӀи чохь охьавиллина хир ву иза». «Ца оьшу. Ма бахийта», – элира ЭлишаӀа. 17Амма пайхамарша дукха дехарш дарна эхь а хетта, ЭлишаӀа элира: «Бахийтийша, делахь». Шовзткъе итт стаг Эли-ЯхӀу лаха вахара. Цара кхаа дийнахь лийхира иза, амма царна иза ца карийра. 18Ерихонехь сецначу ЭлишаӀана тӀе уьш юхабирзича, цо пайхамаршка элира: «Аса ца элира шуьга, ма гӀо и лаха?»ЭлишаӀ-пайхамаран тамашийна гӀуллакхаш
19Ерихон-гӀаларчу бахархоша ЭлишаӀ-пайхамаре элира: «Гой хьуна, тхан эла, хӀара гӀала лаьтта меттиг, хьуна ма-гарра, дика ю, амма, кхузара хи дика цахиларна, зударий остабовлу». 20Пайхамаро элира: «Чу туьха а диллий, цӀена кад ло соьга». Цуьнга кад дӀабелира. 21ЭлишаӀ хин коьрте тӀевахара. Оцу хи чу туьха а тесна, цо элира: «Иштта боху Везачу Эло: „Аса хӀара хи цӀандина. ХӀинца чул тӀаьхьа кхин хир дац кху хинехула я валар, я зударий остабовлар“». 22ЭлишаӀа аьлла ма-хиллара, и хи хӀинца а цӀена ду. 23Цигара дӀа Бетал-гӀала вахара ЭлишаӀ. Иза новкъахула вогӀучу хенахь, гӀалара арабевллачу кхиазхоша, цунах бийла а буьйлуш, бохура: «ДӀавала, кӀунзал баьлларг! ДӀавала!» 24ЭлишаӀ юхахьаьжча, и бераш гира цунна. Цо Везачу Элан цӀарах неӀалт хьажийра царна. ТӀаккха хьуьнхара араяьллачу шина стен чено царах шовзткъе ши бер этӀийра. 25Оцу меттера дӀа Кармал-лома тӀе вахара ЭлишаӀ. Цул тӀаьхьа иза Шамран-гӀала юхавирзира.
Copyright information for
CheCAC2012