2 Kings 21
ЯхӀудхойн паччахь волу Маннаш
(2 Шерашкахь 33:1-20)
1Маннашан шийтта шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шовзткъе пхийтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Хьапцаби яра. 2 aВезачу Эло исраилхошна юкъара дӀалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гӀуллакхаш а леладеш, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Маннаша. 3Шен дас Хьузакх-ЯхӀус дохийна дӀадаьхна долу сагӀа доккху гунаш юхаметтахӀиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаӀална сагӀа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бӀогӀам а дӀахӀоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Ӏибадат дора. 4 bВезачу Элан цӀа чохь а цӀушна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра Маннаша, оцу цӀийнах лаьцна «Ярушалайм-гӀалахь Сайн цӀе абаденна язъяйта лаьа Суна» – Везачу Эло аьлла доллушехь а. 5Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь стигалшкахь мел болчу ницкъашна сагӀа доккху кхерчаш дӀахӀиттийра цо. 6Маннаша шен кӀант цӀерах чекхвоккхуьйтура. Иштта бозбунчаллаш а леладора, пал а туьйсура, беллачийн синош тӀедоьхуш болчарах а, жинашца тайначарах а дагаволура. Цу тайпана, Веза Эла оьгӀаз а вохуьйтуш, Цунна зуламе хеташ долу дуккха а гӀуллакхаш леладора цо. 7 cАшера-харцдалла лерина ша бина дечиган бӀогӀам, схьа а эцна, Делан цӀа чохь дӀахӀоттийра Маннаша, цунах лаьцна Везачу Эло Дауде а, цуьнан кӀанте Сулиме а иштта аьлла доллушехь: «Ярушалайм-гӀалахь – исраилхойн шийтта тайпанан латтанашна юкъара Айса хаьржина йолчу меттигехь – хӀокху Сайн цӀа чохь Сайн цӀе язъяйта лаьа Суна гуттаренна а. 8Нагахь санна Аса царна мел тӀедиллинарг – Сан ялхо волчу Мусас царна тӀедиллина берриг а товрат-хьехам – цара леррина кхочушбахь, Айса церан дайшна деллачу лаьтта тӀера исраилхойн когаш кхин цкъа а дӀабуьгуьйтур бац». 9Амма цара ла ца дуьйгӀира Цуьнга. Маннаша харц некъа тӀе бехира уьш: Везачу Эло, исраилхошна хьалхара дӀа а даьхна, хӀаллакдинчу кхечу къаьмнаша лелийначул а сов зуламаш леладора цара. 10Иштта, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Везачу Эло элира: 11«ЯхӀудхойн паччахьо Маннаша дегаза долу къинош летийнера. Шел хьалха хиллачу эмархоша лелийначул а сов зуламаш леладора цо, ткъа шен цӀушца яхӀудхошка къинош летадайтира цо. 12Цундела иштта боху исраилхойн Веза Дела волчу Аса: хӀинца Аса бохам тӀебоуьйтур бу Ярушалаймана а, ЯхӀудан халкъана а, оцу бохамах лаьцна мел хезнарг, кхерам а тесна, дегӀах зуз даллал цец а воккхуш. 13Айса Шамран-гӀалина дуьхьал лелийна терза а, Ахьаб-паччахьан цӀенна охьайиллина санисбийриг а Ярушалайм-гӀалина а дуьхьалйоккхур ю Аса. Адамо, цӀан а йина, Ӏункар хӀоттош йолу пхьегӀа санна, цӀанйийр ю Аса Ярушалайм. 14Аса Сайн долахь долчу халкъах бисинарш буьтур бу, уьш мостагӀийн кара дӀа а лур бу. ХӀонс санна хир ду и адамаш церан мостагӀашна. 15Иза Аса дийр ду, цара, Суна зуламе хеташ долу гӀуллакхаш а деш, шайн дай Мисар-махкара арабевллачу дийнахь дуьйна хӀинццалц схьа Со оьгӀазъэхийтарна». 16Иштта, Маннаша яхӀудхошка къа латадайтира, ткъа цундела цара Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Цул сов, Маннаша, бехке боцучеран цӀий а Ӏанош, Ярушалайм-гӀала цхьана йистера вукху йисте кхаччалц цӀийх юьзира. 17Маннашан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух а, цо летийначу къинойх а лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 18ТӀаккха Маннаш, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза шен паччахьан цӀерачу бешахь дӀавоьллира. И беш Ӏузин беш яра. Маннашан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Амин.ЯхӀудхойн паччахь Амин
(2 Шерашкахь 33:21-25)
19Аминан ткъе ши шо хилла, иза паччахь дӀахӀоьттича. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо шина шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Машулимат яра. Иза Ютберачу Хьаруцин йоӀ яра. 20Шен дас Маннаша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора Ӏаммина а. 21Ӏаммин а хилла, шен да ваьхна ма-хиллара, вехаш. Цо а шен дас Маннаша Ӏибадат дина хиллачу цӀушна Ӏамал йора, царна хьалха суждане а воьдуш. 22Шен дайн Дела волу Веза Эла витира Ӏаммина. Везачу Элан некъаца ца лелара иза. 23Аминан ялхоша, ямартлонца цунна дуьхьал барт а бина, шен паччахьан цӀахь иза вийра. 24ТӀаккха цу махкарчу халкъо Амин-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт бинарш берриш а хӀаллакбира. Цара Аминан метта цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу, паччахь а вина, дӀахӀоттийра. 25Аминан кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 26Ӏаммин Ӏузин бешахь йолчу шен къубби чохь дӀавоьллира. Ӏамминан метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Юши-ЯхӀу.
Copyright information for
CheCAC2012