‏ 2 Kings 22

ЯхӀудхойн паччахь Юши-ЯхӀу

(2 Шерашкахь 34:1, 2)

1 aЮши-ЯхӀун бархӀ шо хилла иза паччахь дӀахӀуттучу хенахь. Ярушалаймехь Ӏаш а волуш, цо ткъе цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ядидат яра. Иза Боцкхат-гӀаларчу Ӏади-ЯхӀун йоӀ яра. 2Юши-ЯхӀус Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Массо а хӀуманна тӀехь ша схьаваьлла волу Дауд-паччахь леллачу новкъахула лелара Юши-ЯхӀу. Цу некъа тӀера я аьтту, я аьрру агӀор дӀа ца ваьлла иза.

Товрат-хьехамийн тептар карор

(2 Шерашкахь 34:8-28)

3Юши-ЯхӀу-паччахьо олалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш, шен йозанча волу Машулиман кӀентан Ацал-ЯхӀун кӀант Шапани вахийтира цо Везачу Элан цӀийне. Паччахьо элира: 4«Динан коьртачу дена Хьалкхи-ЯхӀуна тӀе а гӀой, Везачу Элан цӀийнан кевнехь лаьтташ болчу гӀаролхоша нахера схьагулдинчу ахчанан хьесап дайта цуьнга. 5И ахча Везачу Элан цӀенна тӀехь болх беш болчу белхалошна тӀехьовсучу нехан кара дӀадала деза. Ткъа цара дӀадекъа деза и ахча Везачу Элан цӀа тодеш болчарна: 6дечиг пхьерашна а, гӀишло ечарна а, пенаш дуттучарна а. Иштта дечиг а, хьаькхна тӀулгаш а схьаэцийта цаьрга, Везачу Элан цӀа тодархьама. 7 bШаьш оцу белхалошна дӀалуш долчу ахчанан хьесап а ма де, хӀунда аьлча царах теша мегар ду».

8 Динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀус йозанче Шапанига элира: «Суна товрат-хьехамийн тептар карийна Везачу Элан цӀа чохь». Хьалкхи-ЯхӀус и тептар Шапанига делира, ткъа вукхо иза дӀадийшира. 9Йозанча Шапани паччахь волчу юхавеара, цуьнга хаам а беш. Цо элира: «Хьан ялхоша, Везачу Элан цӀенна хьалха долу ахча, схьа а эцна, Делан цӀа тодеш белхаш беш болчарна тӀехьожуш болчийн кара дӀаделла». 10ТӀаккха йозанчо Шапанис элира: «Динан дас Хьалкхи-ЯхӀус тептар делла соьга». Шапанис и тептар паччахьна хьалха дийшира.

11Товрат-хьехамийн тептар тӀера дешнаш шена дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. 12ТӀаккха паччахьо, динан дена Хьалкхи-ЯхӀуна а, Шапанин кӀантана Ахьикхамина а, Мика-ЯхӀун кӀантана Ӏахбарна а, йозанчина Шапанина а, паччахьан ялхочунна Ӏаси-ЯхӀуна а тӀе а дуьллуш, элира: 13«Даха а гӀой, сан дуьхьа а, берриге а яхӀудхойн дуьхьа а оцу карийначу тептар тӀехь долчух лаьцна Везачу Элах дагадовла. Везачу Элан дералла вайна тӀехь чӀагӀъелла, вайн дайша хӀокху тептаран дешнашка ла ца дуьйгӀина дела. Вайх лаьцна цигахь мел яздинчуьнга хьаьжжина, лело дезарг лела ма ца дора цара».

14ТӀаккха динан да Хьалкхи-ЯхӀу а, Ахьикхам а, Ӏахбар а, Шапани а, Ӏаси-ЯхӀу а Ярушалайман шолгӀачу декъахь Ӏаш йолчу а, шегахь Делера болу хаам беш йолчу а Хьулдатана тӀебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кӀентан Тикхавин кӀант волу Шалум, ткъа иза духарийн цӀенна тӀехь куьйгалхо вара.) Цара цуьнца къамел дира. 15Хьулдата цаьрга элира: «ХӀара боху исраилхойн Везачу Дала: „Шаьш Суна тӀехьажийначу стаге хӀара дӀаала: 16‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тӀе, яхӀудхойн паччахьо дешна долчу тептар тӀера дерриг а дешнаш тӀехь ма-хиллара. 17Со дӀа а тесна, хаза хьожа йогӀу хӀума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хӀуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгӀазло хир ю кху меттигна тӀехь, дӀайовр йоцу алу санна›’. 18Веза Эла волчу Сох дагавалийта аьлла шаьш схьахьажийначу яхӀудхойн паччахье аша дӀаала: ‘Иштта боху исраилхойн Везачу Дала хьуна хезначу дешнех лаьцна: 19Аса кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а дуьхьал аьлла дешнаш хьайна дӀа а хезна, хьан дог кӀад а луш, Суна хьалха ахь хьо лахварна а, хьайн тӀехулара бедар этӀа а йина, Суна хьалха хьо велхарна а, Суна хьо дӀахезна, – боху Везачу Эло. – 20И бахьанехь хьо, синтемца дӀа а кхелхина, хьайн дайшна тӀевохуьйтур ву Аса, ткъа хьо хьайн къубби чу охьавуьллур ву. Хьан бӀаьргашна гур бац Аса кху меттигна тӀебоуьйтур болу и массо а бохамаш’“».

Паччахьна тӀедаьхьира и жоп.
Copyright information for CheCAC2012