‏ 2 Kings 23

Юши-ЯхӀус кхечу деланашна Ӏамалъяр дӀадаккхар

(2 Шерашкахь 34:3-7, 29-33)

1Юши-ЯхӀу-паччахьо ЯхӀуд-мехкан а, Ярушалайм-гӀалин а берриге а къаной схьагулбайтира. 2Паччахь Везачу Элан цӀийнан керта вахара. Цуьнца цхьаьна цига дахара ЯхӀуд-мехкан дерриге халкъ а, Ярушалайман берриге бахархой а, динан дай а, пайхамарш а, доллу халкъ а, уггаре ладаме доцучу адамашкара дуьйна уггаре лараме долчу адамашна тӀекхаччалц. ТӀаккха паччахьо Везачу Элан цӀенна уллохь карийначу Дала бинчу бертан тептар тӀера дерриге а дешнаш дӀадийшира, уьш цигахь лаьтташ долчу массо халкъана дӀа а хозуьйтуш. 3БӀогӀамна юххе а хӀоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тӀаьхьахӀотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тӀера дешнаш кхочуш а деш. ТӀаккха дерриге а халкъо чӀагӀо йира и барт кхочушбан.

4 aТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цӀийнан кертарчу гӀаролашка а, оцу кертахь цӀу-деланашка БаӀална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Ӏамал еш дӀахӀоттийна мел йолу хӀума араяккха аьлла. Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриг хӀуманаш Ярушалайм-гӀалина арахьа йолчу Кхидрун-тогӀи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гӀала дӀабаьхьира. 5ЯхӀудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогӀу хӀума ягайора БаӀал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дӀабехира ЯхӀуд-мехкан массо гӀаланийн а, Ярушалайм-гӀалина гонах мел йолчу меттигийн а сагӀа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогӀу хӀума яго яхӀудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. 6Везачу Элан цӀийнан кертахь Ашера-цӀунна боьгӀна болу бӀогӀам Юши-ЯхӀу-паччахьо арабаккхийтира. Ярушалайм-гӀалара ара а баьккхина, Кхидрун-тогӀи чохь багийра иза. Ткъа йисинчу хӀуманех чим бина, иза цӀеяхана боцучеран къуббанашна тӀехула дӀасабаржабайтира цо. 7Цул тӀаьхьа Юши-ЯхӀу-паччахьо Везачу Элан цӀийнан кертахь лаьтташ болчу цӀуйн дуьхьа сийсаза лелаш болчу «безачу» божарийн цӀенош дохадайтира. (Цигахь Ашера-цӀунна Ӏамал ечу хенахь тӀеюхуш йолу бедарш юцура зударша.) 8Юши-ЯхӀу-паччахьо массо динан дай, ЯхӀуд-махкара ара а баьхна, Ярушалайм-гӀали чубехира. Берриге а ЯхӀуд-махкахь – ГибаӀ-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀ-гӀала кхаччалц – динан дайша тӀехь хаза хьожа йогӀу хӀума ягийна меттигаш бехъяйтира цо. Юши-ЯхӀу-паччахьо иштта гӀалин кевнна уллохь болчу газа-цӀушна лерина болу сагӀа доккху гу бохабайтира. ГӀалин хьаькам хиллачу ЮшаӀан кевнехь чуволлучохь, гӀалин кевнан аьрру агӀор, бара и гу. 9Ткъа, хьалха цӀушна Ӏамалъеш хиларна, оцу динан дайшна Ярушалайм-гӀалахь Везачу Элана хӀоттийначу сагӀа доккхучу кхерчана тӀехь сагӀа даккха ца магадора. Делахь а вукху динан дайшца цхьаьна совсаза бепиг даа магийтина дара царна.

10 bЮши-ЯхӀу-паччахьо сийсазъяьккхира Бен-ХӀинам-тогӀи чохь йолу Тупат олу меттиг, цхьана а стаге кхин цкъа а шен кӀант я йоӀ цигахь Мулка-цӀунна лерина цӀерах чекх ца бахийтархьама. 11ДӀаяханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша говраш а, гӀудалкхаш а хӀиттайора Везачу Элан цӀийнан керта чу воллучохь, паччахьан кертара куьйгалхо волчу Ната-Маликан цӀенна юххехь. Малхан далла къобалйинера и говраш а, гӀудалкхаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо и говраш цигара дӀаяхийтира, ткъа гӀудалкхаш ягаяйтира. 12 cЯханчу заманахь яхӀудхойн паччахьаша Ахьазан цӀенойн тӀехула долчу цӀийнан тхов тӀе тӀулгех сагӀа доккху меттиг кечйинера. Иштта Маннаш-паччахьо а Везачу Элан цӀийнан шинна а кертахь сагӀа доккху меттигаш кечйинера. Ткъа Юши-ЯхӀу-паччахьо и ерриге сагӀа доккху меттигаш йоха а яйтина, йисина къапалгаш Кхидрун-тогӀи чу кхиссийтира. 13 dЯрушалайм-гӀалина малхбалехь болу а, ХӀаллакдаран ломана
ХӀаллакдаран лам – иза «Зайт-диттийн ломан» кхин цӀе ю, иза емалъеш олуш йолу.
къилбехь болу а сагӀа доккху гунаш а сийсаздехира Юши-ЯхӀу-паччахьо. И гунаш исраилхойн паччахь волчу Сулима дӀахӀиттийнера цӀаданхоша Ӏамал еш йолчу дегазчу Ӏаштарт-цӀунна а, муабахоша Ӏамал еш волчу боьхачу Камош-цӀунна а, Ӏамминхоша Ӏамал еш волчу дегазчу МилкӀом-цӀунна
МилкӀом-цӀу – я иштта: Мулка-цӀу.
а лерина.
14Юши-ЯхӀу-паччахьо дохадайтира харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, дӀадахийтира Ашера-харцдалла лерина долу дечиган бӀогӀамаш а. Ткъа и меттигаш беллачийн даьӀахкех юьзира.

15 gИштта кхин а Юши-ЯхӀу-паччахьо бохийна дӀабаьккхира Бетал-гӀалахь болу сагӀа доккху кхерч. Исраилхошка къинош летадайтинчу НабатӀан кӀанта ЯрбаӀама цигахь, сагӀа доккхучу гу тӀехь, дӀахӀоттийна хилла и кхерч. Цигахь мел йолу хӀума ягийна дӀаяккхийтира цо, Ашера-харцдалла лерина болу бӀогӀам а тӀехь. Йисина хӀуманаш ата а аьтта, царах чан яйтира паччахьо. 16 hЮши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, оцу лома тӀехь къуббанаш гира. Цо, нах а бахийтина, цигара даьӀахкаш схьаяийтира. ТӀаккха и даьӀахкаш оцу сагӀа доккхучу кхерча тӀехь ягаяйтира, и кхерч сийсазбаккхархьама. Иштта кхочушхилира
Иштта кхочушхилира... къубба гира – иштта тӀетоьхна ду ширачу грекийн гочдар тӀехь. Ӏебархойн тептар тӀехь цу дешнийн метта иштта дӀаяздина ду: Везачу Эло Делан стагехула хир ду ма-аллара, кхочушдира Юши-ЯхӀу-паччахьо и дерриг а.
Везачу Элан дош. Делан стага хаам бинера, иштта хир ду аьлла, ЯрбаӀам-паччахь дезачу деношкахь кхерчана хьалха лаьттачу хенахь. Юши-ЯхӀу-паччахьна, дӀахьаьжча, и гӀуллакх хир ду аьллачу пайхамаран къубба гира.
17 jЦо хаьттира: «И хӀун чурт ду суна гуш дерг?»

Цу гӀаларчу бахархоша жоп делира цуьнга: «ЯхӀуд-махкара вогӀуш хиллачу Делан стеган къубба ю иза. Ткъа цо яханчу заманахь ахьа хӀинца Бетал-гӀалин сагӀа доккхучу кхерчана дуьхьал динарг аьллера».

18Юши-ЯхӀу-паччахьо элира: «Меттах ма ваккха иза, цуьнан даьӀахкаш цхьаммо а ма хьае».

ТӀаккха цара меттах ца ехира цу стеган а, Шамран-махкара вогӀуш хиллачу пайхамаран а даьӀахкаш.

19Иштта, Юши-ЯхӀу-паччахьо Шамран-махкарчу гӀаланашкахь сагӀа доккхучу гунаш тӀехь дӀахӀиттийна цӀу-деланийн цӀенош а дохадайтира. Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахнера цу кеппара долу цӀенош исраилхойн паччахьаша дӀахӀиттадарна. Ша Бетал-гӀалахь диннарг оцу гунаш тӀехь йолчу сагӀа доккхучу меттигашна а дира Юши-ЯхӀу-паччахьо. 20Ишттачу меттигашкара динан дай Юши-ЯхӀу-паччахьо байина дӀабахийтира. ТӀаккха адамийн даьӀахкаш цу сагӀа доккхучу меттигашна тӀехь ягийра. Ткъа иштта Ӏамал ен меттигаш йоха а яйтина, ша Ярушалайме юхавирзира Юши-ЯхӀу-паччахь.

Пасахь олу деза де даздар карладаккхар

(2 Шерашкахь 35:1-19)

21ТӀаккха Юши-ЯхӀу-паччахьо халкъе омра дира. Цо элира: «Везачу Эло тхоьца бинчу оцу бертан тептар тӀехь яздина ма-дарра, дазде аша шайн Везачу Далла лерина долу „Пасахьан“деза де». 22Исраилан халкъана тӀехь мехкан куьйгалхоша олалла дечу хенахь дуьйна, исраилхойн а, яхӀудхойн а паччахьийн деношна тӀекхаччалц цкъа а цу тайпана даздина дацара «Пасахьан» деза де. 23Юши-ЯхӀус паччахьалла деш долу берхӀитталгӀа шо долуш Везачу Элана лерина долу и «Пасахьан» деза де Ярушалайм-гӀалахь даздира.

Юши-ЯхӀу-паччахьо дина керла гӀуллакхаш

24Юши-ЯхӀу-паччахьо хӀаллакбира ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а беллачийн синош тӀедоьхуш берш а, жинашца тайнарш а, цӀахь болу цӀуш а, кхиболу цӀуш а, массо а кхидолу дегаза хӀуманаш а. Юши-ЯхӀу-паччахьо дира и дерриге а, Везачу Элан цӀа чохь динан да волчу Хьалкхи-ЯхӀуна карийначу товрат-хьехамийн тептар тӀера тӀедехкинарш кхочушдархьама. 25Юши-ЯхӀу-паччахьал хьалха я цул тӀаьхьа ца ваьллера и санна шен доллучу даггара, доллучу синца, боллучу ницкъаца Везачу Элана тӀевирзина верг, массо а хӀуманна тӀехь Муса-пайхамаран хьехамаш кхочушбеш верг.

26Амма Маннаш-паччахьо мел дина дегаза хӀуманаш бахьана долуш, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахийтинера. ХӀинца а ЯхӀудан халкъана оьгӀазваханчуьра юха ца вирзира Веза Эла. 27Везачу Эло элира: «Ас ЯхӀудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хӀара Сан цӀа а, Ас шех лаьцна: „Сан цӀе хир ю цу чохь“– аьлла долу, дӀатоттур ду Ас Сайна хьалхара».

Юши-ЯхӀус паччахьалла даран чаккхе

(2 Шерашкахь 35:20–36:1)

28Юши-ЯхӀун кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 29Юши-ЯхӀус паччахьалла дечу хенахь Мисар-мехкан паччахь волу Наху-пирӀун Эпрат-хин йисте вахана хилла, Ашур-мехкан паччахьна гӀо дархьама. Юши-ЯхӀу-паччахь пирӀунна дуьхьал тӀом бан аравелла хилла. Ткъа пирӀуно, МагӀидда-гӀалахь шена Юши-ЯхӀу гича, иза вийна. 30ТӀаккха Юши-ЯхӀун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гӀала а деана, шен къубба чохь дӀадоьллира.

ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.

ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Ахьаз

(2 Шерашкахь 36:2-4)

31ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Ахьазан ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-махкара йолу Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 32ЯхӀу-Ахьаз паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 33Наху-пирӀуно, Ярушалаймехь ЯхӀу-Ахьазе паччахьалла ца дайта, иза Хьамат-махкарчу Рабила-гӀалахь набахти чу воьллира. Наху-пирӀуно гӀуда такхар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Шена ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а даьккхира пирӀуно яхӀудхошкара. 34 kТӀаккха Наху-пирӀуно Юши-ЯхӀу-паччахьан Элъякъим цӀе йолу кхин кӀант хӀоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирӀуно Элъякъиман цӀе хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхӀу-Ахьаз пирӀуно Мисар-махка дӀавигира, иза цигахь дӀа а кхелхира.

ЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Якхам

(2 Шерашкахь 36:5-8)

35ЯхӀу-Якхам-паччахьо дети а, деши а лора пирӀунна. И хӀума кхочушдархьама, цо хӀора а стагера, цуьнан долахь долчу лаьттан мехе хьаьжжина, деши а, дети а доккхура.

36 lЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. ЯхӀу-Якхаман ненан цӀе Забудат яра. Иза Рума-гӀаларчу Пади-ЯхӀун йоӀ яра. ЯхӀу-Якхам-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора.37

Copyright information for CheCAC2012