2 Kings 24
1 aЯхӀу-Якхама паччахьалла дечу хенахь, Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар ЯхӀуд-махкана тӀегӀоьртира. Кхаа шарахь Ӏийра ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецаран олаллина кӀел. ТӀаккха ЯхӀу-Якхам-паччахь Набухди-Нецарна дуьхьалвелира. 2Везачу Эло ЯхӀу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Ӏамминхойн а тӀемалой, цаьрга ЯхӀуд-мохк хӀаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. 3Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхӀудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гӀуллакхаш дарна а, 4иштта цо бехк боцу дукха адам хӀаллакдарна а. Маннаш-паччахьо Ярушалайм-гӀала цу нехан цӀийх юзар бахьана долуш, цунна гечдан ца лиира Везачу Элана. 5ЯхӀу-Якхаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 6ТӀаккха ЯхӀу-Якхам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Ткъа цуьнан кӀант ЯхӀу-Яхин керла паччахь хилла дӀахӀоьттира шен ден метта. 7Мисар-мехкан паччахь шен махка чуьра тӀом бан кхин ара ца велира, хӀунда аьлча Мисар-мехкан дозанехь долчу хина тӀера Эпрат-хина тӀе кхаччалц долу латтанаш дӀалецира Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀу-Яхин
(2 Шерашкахь 36:9, 10)
8ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь олалла дира. ЯхӀу-Яхинан ненан цӀе Нахьушат яра. Иза Ярушалаймерчу Эли-Натин йоӀ яра. 9ЯхӀу-Яхин-паччахьо а, шен дайша санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 10Цу хенахь Бавел-мехкан паччахьан Набухди-Нецаран тӀеман хьаькамаша, Ярушалайм-гӀалина тӀе а гӀоьртина, цунна го бира. 11ТӀаккха Бавел-мехкан паччахь волу Набухди-Нецар гӀалина тӀевеара, шен тӀеман хьаькамаша гӀалина го бинчу хенахь. 12 bЯхӀудхойн паччахь волу ЯхӀу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тӀеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхӀалгӀа шо долуш, цо ЯхӀу-Яхина йийсар дира. 13ТӀаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цӀийнан хазни чохь мел йолу хӀума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хӀума а дӀаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цӀенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хӀуманаш дӀаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. 14Цул тӀаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дӀабигира. Иштта, йийсаре дӀадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхӀуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. 15 cЦу тайпана, ЯхӀу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гӀуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гӀалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. 16Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дӀадигира шена чохь ворхӀ эзар тӀемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дӀабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тӀемалой бара. 17 dБавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гӀалахь керла паччахь дӀахӀоттийра. Иза вара ЯхӀу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхӀу. Матан-ЯхӀун цӀе а хийцина, ЦӀадукъ-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо.ЯхӀудхойн паччахь ЦӀадукъ-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 36:11-23; Ярми-ЯхӀу 52:1-3а)
18 eЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦӀадукъ-ЯхӀун ненан цӀе Хьамутал яра. Иза Либна-гӀалара Ярми-ЯхӀун йоӀ яра. 19ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо а, шен да ЯхӀу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 20 fЯрушалайм-гӀалин а, ЯхӀуд-мехкан а бахархой Шена уллора дӀататтал чӀогӀа оьгӀазваханера Веза Эла. Иштта ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира.
Copyright information for
CheCAC2012