‏ 2 Kings 25

Ярушалайман йожар

(2 Шерашкахь 36:13-21; Ярми-ЯхӀу 52:3б-11)

1 aЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до уьссалгӀа шо долуш, шеран уьтталгӀачу беттан уьтталгӀачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тӀамца тӀевахара. ГӀалина уллохь меттамотт дӀа а хӀоттийна, ерриг а гӀалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. 2ЦӀадукъ-ЯхӀус паччахьалла до цхьайтталгӀа шо тӀекхаччалц гӀала го бина лаьттира. 3Цу шеран боьалгӀачу беттан уьссалгӀа де тӀекхаьчча, дӀахӀоьттина мацалла гӀалин бахархошна даа хӀумма а ца дуьсуш чӀогӀа яра. 4 bМостагӀчо гӀалин пенах доккха Ӏуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тӀемалоша дӀабовда кечам бира. Хашадхой гӀалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гӀали чуьра араделира. Иза дедда Ӏариба-тогӀи чу дӀадахара. 5ТӀаккха хашадхойн эскар паччахьна тӀаьхьаделира. Ерихон-гӀалин аренашкахь уьш ЦӀадукъ-ЯхӀуна тӀаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тӀемало цунна уллора дӀасаведира. 6ЦӀадукъ-ЯхӀу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гӀала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. 7 cЦӀадукъ-ЯхӀун кӀентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бӀаьрг а баьккхина, цӀестан буржалш а тоьхна, Бавеле дӀавигира.

Везачу Элан цӀа дохор

(Ярми-ЯхӀу 52:12-33)

8Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгӀачу шеран пхоьалгӀачу беттан ворхӀалгӀачу дийнахь паччахьан гӀаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. 9 dЦо Везачу Элан цӀа а, паччахьан цӀа а, Ярушалаймера массо а цӀа а цӀе тесна дагийра. Иштта, Ярушалаймехь долу дерриг а коьрта цӀенош дагийра. 10Оцу хьаькаман куьйгаллехь долчу хашадхойн эскаро Ярушалаймана гонах долу пенаш а дохийра. 11Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гӀишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агӀор бевлларш а йийсаре дӀабигира. 12Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.

13 eХашадхоша дохийна дӀадехира Везачу Элан цӀенна хьалха долу цӀестан бӀогӀамаш а, цӀийнан кертахь меттахйохуш йолу цӀестан бухахӀотторгаш а, иштта цӀестан хӀорд а. Дерриг а цӀаста цара Бавеле дӀадаьхьира. 14 fЦара иштта дӀадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогӀу хӀума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гӀуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цӀастанах йина мел йолу пхьегӀаш а. 15Деших а, детих а мел йина хӀуманаш а дӀаяьхьира паччахьан гӀаролхойн хьаькамо, царна чуйогӀура богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш а, цӀий чудутту боганаш а. 16Сулим-паччахьо Везачу Элан цӀенна лерина бина ши бӀогӀам а, боккха яй а, меттахйохуш йолу кӀелхӀотторгаш а чӀогӀа еза яра. Оцу хӀуманашна дахана долчу цӀастанан барам буста а ца лора. 17Цхьана бӀогӀаман лакхалла берхӀитта дол яра. Цу бӀогӀам тӀехь цӀестан таж дара, кхо дол лакхалла а йолуш. Цу тӀехь цӀастанах бина цаца а, наран стоьмаш а дара. Вукху бӀогӀамна тӀехь а дара иштта бина цаца а, наран стоьмаш а.

ЯхӀудхой Бавел-махка дӀакхалхор

(Ярми-ЯхӀу 52:24-27)

18Паччахьан гӀаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхӀу а, шолгӀа динан да волу Цапни-ЯхӀу а, Везачу Элан цӀа чу воьдийла ларъеш волу кхо гӀаролхо а йийсаре дӀавигира. 19ГӀалахь хӀетталц а бисинчарах цо дӀавигира тӀемалойн хьаькам волу ваьӀна стаг а, паччахьан пхиъ хьехамча а, нах эскаре дӀаязбеш волу эскаран коьрта йозанча а, иштта гӀалахь шайна схьакарийна волу кхузткъа кхиволу стаг а. 20Уьш берриш а паччахьан гӀаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тӀе Рабила-гӀала дӀабигира. 21Хьамат-гӀалин махкахь йолчу Рабила-гӀалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира.

Иштта яхӀудхой шайн махкара йийсаре дӀабигира.

ЯхӀуд-мехкан куьйгалхо волу Гадал-ЯхӀу

(Ярми-ЯхӀу 40:7-9; 41:1-3)

22 gБавелан паччахьо Набухди-Нецара ЯхӀуд-махкахь дитинчу халкъана тӀехь куьйгалхо вина дӀахӀоттийра Шапанин кӀентан Ахьикхаман кӀант Гадал-ЯхӀу. 23ТӀеман массо а хьаькамна а, церан нахана а хезира, Бавелан паччахьо Гадал-ЯхӀу мехкан куьйгалхо дӀахӀоттийна аьлла. ТӀаккха уьш МицӀпа-гӀала бахара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Уьш бара: Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал, Къаьрхьин кӀант Йохьан а, натӀупатхо волчу Танхьуматан кӀант Сари-ЯхӀу а, маӀхахочун кӀант Яъзан-ЯхӀу а, церан нах а. 24Гадал-ЯхӀус, царна а, церан нахана а хьалха, чӀагӀо а еш, элира: «Хашадхойн баьччанех ма кхера. ХӀокху махкахь даха охьа а ховша, Бавелан паччахьна муьтӀахь а хила, тӀаккха шуна дика хир ду».

25 hАмма шеран ворхӀалгӀачу баттахь, шеца итт стаг а валош, паччахьан цӀийнах схьаваьлла волу, Эли-ШамаӀан кӀентан Натан-ЯхӀун кӀант ИсмаьӀал веара Гадал-ЯхӀуна тӀе. Цара Гадал-ЯхӀуна чов йира, иза велира. Иштта Гадал-ЯхӀуца цхьаьна МицӀпа-гӀалахь болу яхӀудхой а, хашадхой а байира ИсмаьӀала. 26 iИза бахьанехь дерриг а халкъ – кӀезиг болчу нахана тӀера дуьйна, цӀеяхана болчарна тӀекхаччалц – тӀеман хьаькамашца цхьана Мисар-махка дӀадедира, шаьш хашадхойх кхерарна.

ЯхӀу-Яхин набахти чуьра араваккхар

(Ярми-ЯхӀу 52:31-34)

27ЯхӀудхойн паччахьо ЯхӀу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхӀитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дӀахӀоьттинчу шеран шуьйтталгӀачу беттан ткъе ворхӀалгӀачу дийнахь. 28Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира. 29ЯхӀу-Яхинна пурба делира шена тӀера тутмакхан духар дӀадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хӀума йоура цо. 30ЯхӀу-Яхин дуьнен чуьра дӀаваллалц, хӀора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора.
Copyright information for CheCAC2012