‏ 2 Kings 4

ЭлишаӀ а, йисина Ӏаш йолу миска зуда а

1Пайхамарийн тобанера волчу цхьана стеган зудчо, елха а йоьлхуш, бохура ЭлишаӀе: «Хьан ялхо хилла волу сан майра велла. Хьуна хаьа-кх, иза Везачу Элах кхоьруш стаг хиллий. ХӀинца иза декхарийлахь хилла волу стаг, ван а веана, сан ши кӀант дӀавига воллуш ву, царах шена леш бан дагахь».

2ЭлишаӀа цуьнга, жоп луш, элира: «Аса хӀун гӀо дийр дара те хьуна? Хьан цӀахь хӀун ю дийцахьа соьга».

Зудчо элира: «Сан цӀахь хӀумма а яц-кх, зайтдаьтта чохь долу цхьа жима кхаба йоцург».

3ЭлишаӀа элира: «Яло, ара а ялий, массо а хьайн лулахошкара яьсса кхабанаш а ехий, уьш дуккха а схьагулъе. 4Цул тӀаьхьа, хьайн цӀа чу а гӀой, хьайна а, хьайн шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀагӀа. ТӀаккха хьайн зайтдаьтта оцу массо а кхабанаш чу дотта, юз-юьзнарг юьстах а йоккхуш».

5И зуда ЭлишаӀ волчуьра дӀаяхара. ЦӀа а еана, шена а, шен шина кӀантана а тӀаьхьа неӀ тӀечӀегӀира цо. Шина кӀанта яьсса кхабанаш нанна тӀейохьура, ткъа цо уьш зайтдаьттанах хьалаюзура. 6Массо а кхабанаш хьалаюьзча, нанас шен кӀанте дехар дира: «Схьакховдаехьа соьга кхин а цхьа кхаба». КӀанта цуьнга жоп делира: «Кхин яьсса кхабанаш яц», – аьлла. ТӀаккха даьтта догӀучуьра сецира. 7И зуда Делан стаг волчу еара. Цо дерриг а дӀадийцира цуьнга. ЭлишаӀа цуьнга элира: «Яло, и зайтдаьтта дӀа а дохкий, хьайн декхарш дӀало. Ткъа дисначу ахчанах хьо хьайн берашца ехар ю».

ЭлишаӀ а, Шунам-гӀалара хьалдолу зуда а

8Цхьана дийнахь ЭлишаӀ Шунам-гӀала веара. Цигахь ехаш цхьа хьалдолу зуда яра. Оцу зудчо ЭлишаӀе дехар дира, ша йолчохь хӀума яахьара аьлла. Иштта оцу меттехула чекх мосазза волу а, цигахь хӀума а юуш, соцура ЭлишаӀ. 9Оцу зудчо шен майрачуьнга элира: «Суна хаьа, сих-сиха вайн цӀенна уллохула чекхволу и стаг Дала вазвина пайхамар вуйла. 10Вайн нийсачу тхов тӀехула, цхьа гӀат тӀе а дай, жимо цхьа чоь тое вай, цу чу оцу стагана дӀавижа мотт а, стол а, гӀант а, къуьда а билла вай? ТӀаккха, иза вайга веача, цу чохь Ӏан йиш хир яра цуьнан».

11Цхьана дийнахь ЭлишаӀ цига веара. Иза, хьала тӀе а ваьлла, оцу цӀа чохь садаӀа охьавижира. 12ЭлишаӀа шен ялхо волчу ГӀайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дӀахӀоьттира. 13Шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Хаттахьа оцу зудчуьнга: „Ахьа тхан оццул гӀайгӀа ярна, оха хӀун дика дийр дара те хьуна? Хьайх лаьцна паччахье я эскаран хьаькаме хӀумма а дӀаала лаьий те хьуна?“».

Амма цу зудчо жоп делира: «ХӀан-хӀа, ца оьшу. Со сайн халкъана юкъахь ехаш ма ю».

14ТӀаккха ЭлишаӀа шен ялхочуьнга хаьттира: «ХӀун дика дийр дара те оцу зудчунна?» – аьлла.

ГӀайхьазис жоп делира: «Суна цуьнан кӀант воцийла хаьа, ткъа цуьнан майра воккха стаг ву».

15«Схьакхайкхахьа цуьнга», – элира ЭлишаӀа. Ялхочо зудчуьнга схьакхайкхира. Иза неӀаре дӀахӀоьттира. 16 aЭлишаӀа элира цуьнга: «Цхьа шо дӀадаьлча, хӀоккху хенахь, хьан карахь кӀант хир ву!»

Ткъа оцу зудчо дуьхьал элира: «ХӀан-хӀа, сан эла! Ма Ӏехаехьа хьайн ялхо йолу со, ва Делан стаг!»

17Амма и зуда берах хилира. ТӀедеанчу шеран ЭлишаӀа цуьнга аьллачу хенахь цу зудчун кӀант хилира.

18КӀант хьалакхиира. Цхьана дийнахь кха тӀехь ялта хьокхучаьрца цхьаьна волчу шен дена тӀевахара иза. 19ЦӀеххьана: «Сан корта лозу! Сан корта лозу!» – элира кӀанта.

«Шен нанна тӀе дӀавигал иза», – элира дас ялхочуьнга.
20Ялхочо и кӀант, дӀа а вигна, шен нене дӀавелира. Делккъалц шен ненан карахь а Ӏиллина, кӀант велира. 21Нанас, хьала а яьлла, Делан стеган метта тӀе охьавиллира шен кӀант. НеӀ тӀе а чӀагӀйина, иза цу чуьра араелира. 22ТӀаккха шен майра схьа а кхайкхина, цо цуьнга элира: «Доьху аса хьоьга, цхьа ялхо а, вир а схьаялаяйтахьа. Со, сихха Делан стагана тӀе а кхаьчна, юхайоьрзур яра».

23Майрачо элира цуьнга: «Ахьа хӀун до тахана Делан стагана тӀеяхана? Я керла бутт а ца болабелла, я шоьтан де а дац!»

«Дерриг а дика ду», – аьлла, жоп делира зудчо.
24ТӀаккха, вир дӀа а йожийтина, шен ялхочуьнга цо элира: «Сихха, вир дӀа а озош, дӀаволало! Аса хьайга саца аллалц, саца а ма сацалахь». 25И зуда Кармал-лома тӀехь волчу Делан стагана тӀеяхара.

Делан стагана геннара гира шена тӀейогӀу шунамхо. Цо шен ялхочуьнга ГӀайхьазига элира: «Хьажахьа, и йогӀург шунамхо ю-кх!
26Вало, цунна дуьхьал а гӀой, хатта цуьнга: „ХӀун хилла, могуш юй иза? Хьан хӀусамда а, кӀант а могуш вуй?“»

ГӀайхьази цунна тӀекхаьчча, зудчо элира: «Дерриг а дика ду».
27Ткъа Делан стаг лаьтташ волчу лома тӀе ша хьалаяьлча, шунамхо цуьнан когех тасаелира. ГӀайхьази иза дӀаяккха дагахь тӀеволавелира, амма Делан стага цуьнга элира: «Ӏадйита ахьа иза, и холчохь ю. Ткъа Везачу Эло иза, соьга схьа а ца олуш, къайладаьккхина сох».

28«Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кӀант? Со Ӏеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо.

29ЭлишаӀа ГӀайхьазига иштта элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, сан Ӏаса схьа а эций, дӀаволало. Новкъахь саца а ма саца, цхьаьнгге вист а ма хила. Нагахь хьайна дуьхьал цхьаъ кхетахь, цуьнга маршалла а ма хатта. Хьо дӀакхаьчча, хӀара Ӏаса оцу кӀентан юьхь тӀе йилла».

30Амма кӀентан нанас элира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чӀагӀо йо аса, хьо воцуш со дӀагӀург ца хиларх!» ТӀаккха ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, цунна тӀаьххье дӀавахара. 31ГӀайхьази кху шиннал хьалха дӀакхечира. Цо и Ӏаса кӀентан юьхь тӀе охьайиллира, амма кӀант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТӀаккха ГӀайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаӀана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо.

32ЭлишаӀ цӀа чу велира, ткъа цуьнан меттахь Ӏуьллуш велла кӀант вара. 33ЭлишаӀа неӀ тӀечӀегӀира. Ишиъ цхьаьна висича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. 34 bТӀаккха, кӀантана тӀе а вахана, цунна тӀехула дӀаса а ваьржина, охьавижира ЭлишаӀ. Цо шен бат кӀентан бетана тӀе, шен бӀаьргаш цуьнан бӀаьргаш тӀе, шен кераяккъаш цуьнан кераяккъаш тӀе ехкира. КӀентан дегӀ дохделира. 35ЭлишаӀ, хьала а гӀаьттина, дӀа а, схьа а волавелира. Цул тӀаьхьа, юха а кӀантана улло а вахана, цунна тӀехь дӀасаваьржира ЭлишаӀ. ТӀаккха кӀанта, ворхӀазза хьоршам а тоьхна, шен бӀаьргаш дӀабиллира. 36ГӀайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаӀа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГӀайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаӀа: «Схьаэца хьайн кӀант», – элира цуьнга. 37Зуда, ЭлишаӀана тӀе а яхана, цуьнан когашка а йоьжна, лаьтта кхаччалц охьатаьӀира цунна. ТӀаккха, шен кӀант схьа а эцна, чуьра араелира иза.

ЭлишаӀ-пайхамаро дина кхидолу тамашийна хӀуманаш

38Махкахь мацалла хӀоьттича, ЭлишаӀ Галгале юхавирзира. Пайхамарийн тобанна хьехам бечу хенахь, шен ялхочуьнга ЭлишаӀа элира: «Боккха яй тӀе а биллий, яа хӀума кечъе пайхамарийн тобанна». 39Царах цхьаъ хасстоьмаш даха кха тӀе вахара. Цунна акха кемсийн таьлланг санна йолу цхьа орамат карийра, амма иза кхин тайпа акха орамат яра. Орамат тӀера цхьадолу стоьмаш а гулдина, царах шен бедаран юх юьзира пайхамаро. Цо, юха а вирзина, уьш, хеда а дина, чорпи чу тесира, шена уьш хӀун стоьмаш ду ца хуъушехь. 40Пайхамарийн тобанна чорпа йоьттира. Уьш и яа буьйла-ма-белли, массара а маьхьарий хьаькхира: «Делан стаг, кху ена чохь Ӏожалла тӀейоуьйту хӀума ю!» – аьлла. Цаьрга чорпа ца яаелира. 41ЭлишаӀа элира: «Дама схьадал». Цо иза ена чу тесира. ТӀаккха цо элира: «ХӀинца чорпа дӀаяийта нахе». Иштта цхьа а зе ца дира нахана цара йиинчу хӀумано.

42ЭлишаӀана тӀе БаӀал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тӀоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кӀен кенаш а дара. «Уьш нахана дӀа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаӀа. 43Цуьнан ялхочо элира: «БӀе стагана муха лур ю аса хӀара?»

Амма ЭлишаӀа жоп делира: «ДӀало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“».
44ТӀаккха ялхочо и юург пайхамарийн тобанна хьалха охьайиллира. Уьш, Везачу Эло ма-аллара, шаьш юучух буза а буьзира, церан кхин а йиса а йисира.
Copyright information for CheCAC2012