‏ 2 Kings 5

НаӀаман туовар

1 aАрам-мехкан
Арам-мохк – иза хӀинцалерчу Сири-мехкан цхьа дакъа хилла.
паччахьан тӀемалойн хьаькам вара НаӀаман. Иза ладаме а, ларам болуш а стаг вара шен паччахьна хьалха, хӀунда аьлча арамхошка толам цуьнгахула баккхийтинера Везачу Эло. НаӀаман ша дика тӀемало вара, амма дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар яра цуьнан дегӀаца.
2Арамхой шайн тобанашца исраилхошна тӀелеттера. Цкъа иштта уьш цига бахана болуш, цара Исраил-махкара цхьа жима йоӀ йийсаре ялийнера. Иза НаӀаманан зудчунна хьалхара гӀуллакхаш деш яра. 3Оцу йоӀа НаӀаманан зудчуьнга элира: «Нагахь сан олахо НаӀаман Шамран-гӀалахь Ӏаш волчу пайхамарна тӀекхачахьара, цо цамгарх товийр вара иза». 4НаӀамана шен паччахье дӀадийцира исраилхойн йоӀа шега аьлларг. 5«Хьо хӀинцца дӀавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо.

НаӀамана, дӀа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тӀеюха итт бедар а схьаийцира шеца.
6Цо кехат дӀаделира исраилхойн паччахье. Цу кехат тӀехь яздина дара: «ХӀокху кехатца аса сайн ялхо волу НаӀаман воуьйту, цунна тӀера чкъуран цамгар хьоьга дӀаяккхийтархьама».

7Исраилхойн паччахьо, кехат дӀа а дешна, шена тӀера бедар а этӀийна, элира: «Со Дела-м вац, адам дер я дендар карахь долуш? Суна тӀе хӀунда ваийтина цо дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу стаг, тове аьлла? ХӀинца хаа ду шуна, иза суна тӀамца дуьхьалвала бахьана лоьхуш вуйла».

8Делан стагана ЭлишаӀана дӀахезира, исраилхойн паччахьо шена тӀера бедар этӀийна аьлла. ТӀаккха цо паччахьна тӀе ялхо вахийтира, ахьа хьайна тӀера бедар стенна этӀийна аьлла. «И стаг суна тӀеваийта, Исраил-махкахь пайхамар вуйла хаийтархьама» – элира ЭлишаӀа.

9ТӀаккха НаӀаман, дой а далош, шен гӀудалкха тӀехь схьакхечира. Иза ЭлишаӀан цӀийнан кевнехь сецира. 10ЭлишаӀа шен ялхо вахийтира цуьнга дӀаала: «Ваха а гӀой, Йордан-хи чохь ворхӀазза лийча, тӀаккха хьан дегӀ, карла а даьлла, цӀанлур ду». 11НаӀаман, чӀогӀа оьгӀаз а вахана, дӀавахара. Цо элира: «Суна-м моьттура, ЭлишаӀа, суна дуьхьал а хӀоьттина, шен Везачу Деле а кхойкхуш, сан дегӀах куьг а хьаькхна, цамгар дӀайоккхур ю. 12Дамасакхера Амана а, Парпар а цӀе йолу хиш хӀумма а оьшуш дац-кх массо а Исраил-махкарчу хил? Оцу хиш чу ваьлчхьана, цӀанлур вацара со?» Иза а аьлла, оьгӀаз а вахана, юха а вирзина, дӀавахара НаӀаман.

13Цуьнан ялхоша, тӀе а бахана, элира цуьнга: «Тхан эла, нагахь санна пайхамар цхьа доккха хӀума хьоьга ала воллуш хиллехь, ахьа ладугӀур дацара цуьнга? Цо хьоьга де аьлларг-м оццул хала хӀума а дац: „Хи чохь лийча, тӀаккха цӀанлур ву хьо“, – алар бен». 14ТӀаккха НаӀаман, хин тогӀи чу охьа а воьссина, ворхӀазза Йордан-хи чу велира, Делан стага шега ма-аллара. Цуьнан дегӀ, жимачу беран санна, карла а даьлла, цӀанделира. 15НаӀаман, шеца хилла болу нах а балош, ЭлишаӀ волчу юхавеара. Цо, пайхамарна хьалха дӀа а хӀоьттина, элира: «ХӀинца хиъна суна хӀокху дуьнен чохь, Исраилан халкъан Дела воцург, кхин дела воцийла. ДӀаэцахьа хьайн лай волчуьнгара хӀара совгӀат».

16Пайхамара элира: «Шена айса гӀуллакх дечу дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса иза схьаоьцург ца хиларх».

НаӀамана мел дехарш дарх а, ЭлишаӀ реза ца хилира совгӀат дӀаэца.
17ТӀаккха НаӀамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбӀарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хӀунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагӀа а, сагӀина хӀума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна. 18Ткъа хьан лай волчу аса Везачу Эле доьху, сан цхьана гӀуллакхна гечдехьа: нагахь сан олахо волчу арамхойн паччахьо Римун-гӀалахь цӀу-далла Ӏибадат деш, иза суна тӀетовжахь, со цуьнца цхьаьна суждане ваха везар ву. Эццахь со суждане вахарна, суна гечдойла Везачу Эло».

19Делан стага элира: «Маьрша гӀойла хьо». НаӀаман дӀаволавелира.

Иза ЭлишаӀан цӀенна жимма дехьаваьлча,
20Делан стеган ЭлишаӀан ялхочо ГӀайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаӀаманера цо деана совгӀат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо аса, цунна тӀаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хӀума схьаоьцург хиларх». 21ГӀайхьази НаӀаманна тӀаьхьаведира. Шена тӀаьхьа ведда вогӀург а гина, НаӀаман, гӀудалкх тӀера охьа а воьссина, вогӀучунна дуьхьалвахара. «ХӀумма-м ца хилла?» – хаьттира цо ГӀайхьазига.

22«ХӀумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хӀара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хӀинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тӀеюха ши бедар а яийтахьа“».

23НаӀамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТӀаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тӀоьрмаг чу а йиллина, иза дӀабихкира НаӀамана. Шен ялхойх шиъ, ГӀайхьазина хьалха а ваьккхина, и тӀоьрмагаш цаьрга дӀабахьийтира цо. 24Уьш гунна тӀебевлча, церан карара тӀоьрмагаш схьаийцира ГӀайхьазис. И хӀуманаш цӀа чохь дӀалачкъийра цо, ткъа ши ялхо дӀавахийтира. 25ГӀайхьази, чу а веана, ЭлишаӀана хьалха дӀахӀоьттира. ЭлишаӀа цуьнга хаьттира: «Хьо стенга ваханера, ГӀайхьази?»

«Хьан лай волу со-м цхьанххьа а ца ваханера», – аьлла, жоп делира ГӀайхьазис.

26«И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гӀудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогӀуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагӀий, хьелий, леш я гӀарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хӀара! 27ХӀинца дуьйна НаӀаманан хилла йолу чкъуран цамгар хьуна а, хьан тӀаьхьенна а тӀехь хир ю массо а ханна».

Оцу чкъуран цамгаро ло санна кӀайвина, аравелира ГӀайхьази ЭлишаӀ волчуьра.
Copyright information for CheCAC2012