2 Kings 6
Йордан-хи чуьра диг схьадаккхар
1Пайхамарийн тобано ЭлишаӀе элира: «Хьуна юххехь тхо Ӏаш долу хӀара меттиг тхуна готто ю. 2Оха, Йордан-хи йисте а дахана, хӀораммо а цигара цхьацца диттан хен схьа а эцна, тхайна Ӏан меттиг югӀур ю цигахь». «Мегар ду, дӀагӀо шу», – элира ЭлишаӀа. 3Оцу тобанера цхьаммо дийхира: «Хьайна хала дацахь, хьо а волахьа тхоьца», – аьлла. «Дика ду, вогӀур ву со», – элира ЭлишаӀа. 4Иза цаьрца вахара. Йордан-хина тӀекхаьчча, дитташ хедо буьйлабелира уьш. 5Царах цхьаммо дитт охьадожочу хенахь, цуьнан диг хи чу дуьйжира, дага карахь а юьсуш. Цо, мохь а хьаькхна, элира: «Ва, сан эла! Иза-х аса духалург даьккхина ма дара!» 6Делан стага хаьттира: «Мичахь чудоьжна иза?» Вукху пайхамаро гайтира и меттиг. ЭлишаӀа, дечигах чеш а даьккхина, иза хи чу а кхоьссина, дагаран аьчка декъе нека дайтира. 7«ДӀаэца хьайна», – элира ЭлишаӀ-пайхамаро. Вукхо шен куьг дӀа а кховдийна, диг схьаийцира.Арамхой бӀаьрзе барца эшабар
8Арамхойн паччахь тӀамца исраилхошна дуьхьалвелира. Цо, шен тӀеман хьаькамех дага а волуш, цаьрга дӀахаийтира цхьана меттигехь шен меттамотт дӀахӀотторг хилар. 9Делан стага исраилхойн паччахьна тӀе геланча вахийтира. Цо паччахье хаам бира: «Оцу меттигашкахула чекх ма валалахь, хӀунда аьлча цигахь арамхоша кӀело йина», – аьлла. 10Исраилхойн паччахьо тӀемалой бахийтира Делан стага билгалъяьккхинчу меттиге хьовса. Цигарчу нахе цо дӀахьедар а дина, шаьш мостагӀех ларбира цара. Иштта, цкъа-шозза хилла а ца Ӏаш, дукхазза а хилира. 11Арамхойн паччахь оцу гӀуллакхна дог доьхна вара. Цо, шен тӀеман хьаькамаш а гулбина, цаьрга хаьттира: «Схьадийцийша соьга, мила ву шух, исраилхойн паччахьца а тайна, суна ямартло йийриг». 12«Тхох-м цхьа а вац, сан паччахь. Амма исраилхойн ЭлишаӀ-пайхамар ву, цо шайн паччахье ур-атталла ахьа хьайн охьавуьжучу цӀа чохь аьлларг а дӀадуьйцу», – жоп делира паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо. 13ТӀаккха арамхойн паччахьо элира: «Даха а гӀой, иза мичахь ву хьовса шу. Аса, эскархой а бахийтина, иза лоцуьйтур ву». Пайхамар Дотан-гӀалахь ву аьлла, хаам бира паччахье. 14Цо дой а, гӀудалкхаш а йолу доккха эскар дахийтира цу гӀала. Цара буьйсанна, схьа а баьхкина, гӀалина го бира. 15Оцу Ӏуьйранна ЭлишаӀан ялхо хьалххе хьалагӀаьттира. Иза араваьлча, гӀалина гобаьккхина лаьтташ долу, юкъахь дой а, гӀудалкхаш а йолу эскар гира цунна. Цо ЭлишаӀе элира: «Ва, сан эла, вай хӀун дан деза те?» 16ЭлишаӀа элира: «Хьо кхера ма ло! Вайца берш, цаьрца болчарал сов бу». 17ТӀаккха ЭлишаӀа, доӀа а деш, элира: «Ва Веза Эла! Кхуьнан бӀаьргаш схьаделлахьа, са гайтархьама». Везачу Эло оцу ялхочун бӀаьргаш схьадиллира. ТӀаккха цунна гира ЭлишаӀана гонах лам цӀеран дойх а, гӀудалкхех а буьзна хилар. 18Арамхой шена тӀегӀоьртича, ЭлишаӀа Везачу Эле доӀа дира. Цо дийхира: «БӀаьрзе бехьа уьш», – аьлла. Везачу Эло, ЭлишаӀа ма-деххара, бӀаьрзе бира уьш. 19«ХӀара аша бан беза некъ а ма бац, хӀара аша лоьху гӀала а ма яц. Суна тӀаьхьахӀитта, аша лоьхучу стагана тӀедуьгур ду аса шу», – элира ЭлишаӀа цаьрга. Иштта уьш Шамран-гӀалина тӀебигира ЭлишаӀа. 20Шаьш Шамран-гӀала схьакхаьчча, ЭлишаӀа элира: «Веза Эла! Церан бӀаьргаш схьаделлахьа, царна са гайтархьама». Везачу Эло церан бӀаьргаш схьадиллира, тӀаккха шаьш Шамран-гӀалахь хилар гира царна. 21Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаӀе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?» 22«ХӀан-хӀа, ма байа ахьа уьш, – жоп делира ЭлишаӀа. – Ахьа-айхьа туьраца а, Ӏодаца а йийсаре бигнарш бойур ма бацара. Царна бепиг а, хи а ло. Юург а яийна, хи а малийна, цӀа дӀахеца ахьа уьш шайн паччахьна тӀе». 23Исраилхойн паччахьо царна доккха той дӀахӀоттийра. Цара йиъна а, мелла а чул тӀаьхьа, цо уьш цӀа дӀахьажийра шайн паччахьна тӀе. Цул тӀаьхьа кхин ца яьхкира арамхойн эскарийн ардангаш исраилхойн лаьтта тӀе.Шамран-гӀалина гуобар
24И дерриг хиллачул тӀаьхьа арамхойн паччахьо Бен-Хьадида, шен дерриг а эскар схьагулдира. ТӀаккха, Шамран-гӀалина тӀе а вахана, цунна го бира цо. 25Цу хенахь йоккха мацалла хӀоьттира оцу гӀалахь. Ур-атталла виран коьртах а дато дезткъа ахча доьхура, ткъа кхокхийн боьхаллин ▼▼Кхокхийн боьхалла – схьахетарехь, иза цхьана хасстоьман цӀе яра.
цхьана кедах дато пхи ахча доьхура. 26Цхьана дийнахь исраилхойн паччахь гӀалин шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула лелаш вара. Ткъа цхьана зудчо, чӀогӀа елха а йоьлхуш, бохура: «Сан паччахь, гӀо дехьа суна». 27Паччахьо жоп делира цунна: «Везачу Эло а хьуна гӀо ца дича, аса хӀун гӀо дийр ду хьуна? Сан хьуна яла хӀумма а яц. Я кӀа а, я чагӀар а дуй ткъа соьгахь?» 28ТӀаккха паччахьо хаьттира оцу зудчуьнга: «Хьуна хӀун лаьа?» Зудчо дийцира паччахье: «ХӀокху зудчо соьга элира: „Ахьа хьайн кӀант схьало, иза тахана вуур ву вай, ткъа сайниг кхана вуур ву“. 29 bОха, сан кӀант кхехка а вина, виира. ШолгӀачу дийнахь аса элира: „Схьава хьайн кӀант, хӀинца иза вуур ву вай“. Амма цо шен кӀант дӀалачкъийна!» 30Шена и дешнаш дӀахезча, паччахьо шен тӀехулара бедар этӀийра. Иза шуьйра а, нийса а болчу пенна тӀехула чекхволуш, нахана цуьнан дегӀа тӀера сингаттаман бедар гира. 31«Везачу Эло, Шен лааме хьаьжжина, луьра таӀзар дойла суна, нагахь Шаптин кӀант волчу ЭлишаӀан корта тахана цуьнан белшаш тӀехь бисахь!» – элира паччахьо. 32Исраилхойн паччахьо геланча вахийтира ЭлишаӀана тӀе. ЭлишаӀ шен цӀа чохь вара. И волчохь хевшина Ӏаш къаной а бара. И геланча шена тӀе а вале, ЭлишаӀа элира: «Суна хаийтинарг хаьий те шуна? Оцу адамаш хӀаллакдеш волчо, сан корта тӀерабаккха, цхьаъ схьахьажош ву! И геланча схьакхаьчча, неӀ дӀакъовлалаш! НеӀ тӀе а таттий, чу ма виталаш иза. Цунна тӀаьххье схьавогӀучу цуьнан олахочун когийн тата а ду суна хезаш!» ЭлишаӀ къаношка и бохуш воллучу хенахь, геланча цунна тӀе схьавеара. Цо паччахьан дешнаш схьаэлира: «ХӀара бала Везачу Элера тӀебеана бу! ХӀунда Ӏан веза со, Веза Эла варе ла а доьгӀуш?»33
Copyright information for
CheCAC2012