‏ 2 Kings 7

1ЭлишаӀа элира: «Везачу Элан даше ладогӀийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду“».

2ТӀаккха паччахьо шен куьг тӀетовжош волчу тӀеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?»

Вукхо жоп делира: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!»

Арамхойн эскар дӀададар

3Шайна тӀехь дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу виъ стаг вара гӀалин кевнехь хиъна Ӏаш. Цара вовшашка бохура: «Кхузахь ваьш даларе ла а доьгӀуш, хевшина Ӏийна хӀун дийр ду вай? 4Шамран-гӀалахь мацалла ю, вай цига дахча а лийр ду. Ткъа вай кхузахь хевшина Ӏийча а лийр ду. Арамхой севцинчу метте гӀой вай? Ваьш цара дийна дитахь, Ӏийр ду вай, ткъа дайахь – лийр ду». 5Суьйранна арамхойн меттаматтана тӀебахара уьш. Улло а бахана, уьш хьаьвсича, цигахь цхьа а адам дацара. 6ЙогӀучу гӀудалкхийн татанаш а, дойн терсар а, догӀучу доккхачу эскаран гӀовгӀа а ю моттадалийтинера Везачу Эло арамхойн эскарна. ТӀаккха цара вовшашка аьллера: «Тешна, вайна дуьхьал тӀом байтархьама, исраилхойн паччахьо хьетахойн а, мисархойн а паччахьаш лаьцна хир бу». 7МаьркӀажхенахь шайн четарш а, дой а, варраш а юьтуш, шайн меттамотт дӀа а тесна, шайн синош кӀелхьар а дохуш, дӀабевддера уьш.

8Цамгар кхетта волу и виъ стаг, меттаматтана йисте а кхаьчна, четарех цхьанна чувелира. Цара яа а йиира, мала а мелира цу чохь. ТӀаккха четар чуьра дети а, деши а, тӀеюха бедарш а, схьа а эцна, дӀа а бахана, и хӀуманаш дӀалачкъийра цара. Юха а бирзина, цара шолгӀачу четар чуьра а еза хӀуманаш, схьа а эцна, уьш а дӀалачкъийра. 9Цара вовшашка элира: «Вай нийса лелаш дац! Хаза хаам хилла де ду хӀара, ткъа вай, и дӀа а ца буьйцуш, Ӏаш ду. Нагахь вай кхузахь сатассалц Ӏахь, вайна таӀзар дийр ду. Вай, дахана, паччахьан цӀахь хӀара гӀуллакх дӀахаийта деза». 10Цара, тӀе а бахана, гӀалин кевнехь лаьттачу гӀаролехь болчаьрга схьакхайкхира. Цара, дерриг а дӀа а дуьйцуш, элира: «Тхо арамхойн меттаматтана тӀедахара, амма цигахь цхьа а адам дацара я адаман аз а дацара хезаш. Ткъа лаьтташ яра йихкина говраш, варраш. Даьсса четарш дара, шаьш ма-хиллара, лаьтташ».

11ГӀаролехь болчара и кхаъ дӀакхайкхийра, иза паччахьан цӀа чу а кхечира. 12Паччахьо, буьйсанна хьала а гӀаьттина, шен тӀеман хьаькамашка элира: «Арамхой шуна хӀун дан бохку дуьйцур ду ас шуьга. Царна хаьа вайга мацалла хӀоьттинийла, цундела уьш, шаьш болчуьра дӀа а бевлла, аренгахь дӀахьулбелла. Царна дагахь хир ду: „Исраилхой гӀалара арабевлча, уьш дийна боллушехь схьа а лецна, вай гӀали чу девр ду“».

13Паччахьан тӀеман хьаькамех цхьаммо элира: «Вайн дийна бисина болу пхи дин, схьа а эций, вайн нах бахийта цига. И говраш хӀетте а лийр ю-кх, гӀалахь белла болу массо а нах санна. Уьш а бахийтина, хьовсий вай, цигахь хӀун ду?» 14Говраш а йоьжна, ши гӀудалкх а, нах а бахийтира паччахьо арамхойн эскарна тӀаьхьа. «ГӀой, хьовсийша, хӀун ду те эццахь дерг», – элира паччахьо. 15Уьш Йордан-хина тӀекхаччалц дӀабахара. Сихбелла, бевдда боьлхучу арамхоша охьаэгийна бедарш а, герз а дара некъан бохалла Ӏуьллуш. Паччахьо бахийтинчара, юха а бирзина, иза цуьнга дӀадийцира. 16Халкъо, ара а даьлла, арамхойн четарш чуьра ерриг а хӀума схьаийцира. Везачу Эло ма-аллара, тоьллачу деман саьхьан мах цхьа шекхал, ткъа мекхан шина саьхьан мах а изза хилира.

17Куьг тӀетовжош хилла волу шен тӀеман хьаькам паччахьо гӀалин кевнехь гӀаролехь дӀахӀоттийнера. Ткъа халкъо и тӀеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира. 18Делан стага паччахье: «Кхана хӀоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал хир бу, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гӀалин кевнехь духкур ду», – аьллачу хенахь, 19тӀеман хьаькамо аьллера Делан стаге: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Ткъа Делан стага хӀетахь аьллера: «Хьан бӀаьргашна иза гур ду, амма цунах хӀумма а ахьа юур яц!» 20Оцу ялхочунна аьлларг хила а хилира: халкъо кевнехь хьаша а хьаьшна, иза велира.
Copyright information for CheCAC2012