2 Kings 8
Шунамхочунна цуьнан аренан дакъа юхадалар
1Ша веллачуьра денвина хиллачу кӀентан нене ЭлишаӀ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гӀаттий, хьо а, хьан цӀеранаш а цхьанхьа шайн Ӏен таро йолчу метте дӀагӀо, хӀунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхӀ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». 2Оцу зудчо Делан стага шега аьлларг динера. Цо а, цуьнан цӀерачара а, дӀа а бахана, пӀелаштамхойн махкахь ворхӀ шо даьккхинера. 3ВорхӀ шо чекхдаьлча, и зуда юхайирзира пӀелаштамхойн махкара. Цо, паччахь волчу а яхана, шен цӀа а, шен аре а шена схьаялар дийхира. 4Ткъа паччахь цу хенахь Делан стеган ялхочуьнца ГӀайхьазица къамел деш вара. Цо бохура: «Дийцахьа соьга ЭлишаӀа мел динчу тамашийначу гӀуллакхех лаьцна». 5ЭлишаӀа веллачуьра кӀант денварх лаьцна ГӀайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кӀентан нана, паччахье шен цӀа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГӀайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хӀара шиъ ду-кх ЭлишаӀа денвина кӀант а, цуьнан нана а». 6Паччахьо оцу зудчуьнга хеттарш дира, ткъа зудчо дерриг а дӀадийцира. ТӀаккха паччахьо шен кертахь гӀуллакх деш болчех цхьаъ вахийтира цуьнца. Паччахьо элира: «Оцу зудчунна цуьнан долахь хилларг дерриг а юхадерзаде. Иза цӀера яьлла хиллачу хенахь дуьйна таханлерчу денна тӀекхаччалц, цуьнан кха тӀера баьллачу пайданах цунна доггӀург дӀа а ло».ЭлишаӀ-пайхамаррий, Хьазиаллий
7Арамхойн паччахь Бен-Хьадид цомгуш волчу хенахь, ЭлишаӀ Дамасакхе веанера. Делан стаг цу гӀала веана аьлла хаам паччахьна тӀе кхаьчча, 8паччахьо Хьазиале элира: «СовгӀат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гӀо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“– аьлла». 9Шовзткъа эмкална Дамасакх-гӀалара уггар тоьлла долу совгӀаташ тӀе а дехкина, Хьазиал ЭлишаӀана тӀевеара. Цунна хьалха дӀа а хӀоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кӀанта Бен-Хьадида, хьуна тӀеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“– аьлла, хаттар дан». 10ЭлишаӀа цуьнга жоп делира: «ДӀа а гӀой: „Хьо толур ву“, – ала цуьнга. Амма Везачу Эло, Бен-Хьадид лийр ву аьлла, дӀадиллина суна», – элира ЭлишаӀа. 11ЭлишаӀ Хьазиале леррина дӀахьоьжура, иза воххалц. ТӀаккха Делан стаг вилхира. 12Хьазиала хаьттира: «Хьо хӀунда воьлху, сан эла?» «Дера воьлху, ахьа Исраилан халкъана хӀун зулам дахьар ду сайна хиъна дела. Ахьа церан гӀепаш ягор ю, кӀентий тур детташ бойур бу, декхаш долу бераш а хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу», – жоп делира ЭлишаӀа. 13 aХьазиала элира: «Хьан лай волу со, жӀаьла, мила вара оццул доккха долу гӀуллакх кхочушдаллал?» ТӀаккха ЭлишаӀа элира: «Везачу Эло дӀадиллина суна арамхойн паччахь хила хьо билгалваьккхина хилар». 14ЭлишаӀ волчуьра дӀа а вахана, шен паччахь волчу веара Хьазиал. Паччахьо хаьттира: «ХӀун элира хьоьга ЭлишаӀа?» «Цо соьга элира, хьо толур ву», – аьлла, жоп делира Хьазиала. 15ШолгӀачу дийнахь Хьазиала, стомма юргӀа схьа а эцна, иза, хи чохь даша а дина, паччахьан юьхь тӀе тесира, ткъа важа велира. Цуьнан метта Хьазиал, паччахь а хилла, дӀахӀоьттира.ЯхӀудхойн паччахь ЯхӀурам
(2 Шерашкахь 21:1-20)
16Ахьабан кӀанта Йорама Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла до пхоьалгӀа шо долуш, ЯхӀудан халкъана тӀехь ЯхӀушапти паччахь волуш, яхӀудхойн кхин паччахь дӀахӀоьттира ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀурам. 17ЯхӀураман ткъе шийтта шо дара, иза яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттича. Цо бархӀ шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. 18Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош, Ахьабан цӀийнах берш ма-леллара, хӀунда аьлча Ахьабан йоӀ цуьнан зуда яра. ЯхӀурама а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. 19 bДелахь а Везачу Элана, Шен ялхо волчу Даудан дуьхьа, ЯхӀудан халкъ хӀаллакдан ца лаьара. Цуьнан тӀаьхьенна гуттаренна а паччахьалла дар лур ду аьлла, Даудана чӀагӀо ма йинера Везачу Эло. 20 cЯхӀурама паччахьалла дечу хенахь Эдоман халкъ, ЯхӀудан халкъан карара кӀелхьара а долуш, цунна дуьхьалделира. Цара шайн паччахь дӀахӀоттийра. 21ЯхӀурам шен ерриге а гӀудалкхашца ЦаӀир-гӀала вахара. Иза, буьйсанна тӀе а гӀоьртина, шайна го бина болчу эдомхошна а, гӀудалкхашна тӀера церан хьаькамашна а тӀелетира. Ткъа яхӀудхойн эскархой шайн цӀеношка дӀасабевдира. 22Эдоман халкъ таханлерчу денна тӀекхаччалц яхӀудхойн карара дӀадалларх иштта Ӏаш ду. Оццу заманахь Либна-гӀала а яхӀудхошна дуьхьалъяьллера. 23ЯхӀурамах лаьцна – цо мел динчу гӀуллакхех лаьцна – яздина ду ЯхӀудхойн паччахьийн тептар тӀехь. 24ТӀаккха ЯхӀурам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Иза царна уллохь Даудан гӀалахь дӀавоьллира. ЯхӀураман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз-ЯхӀу.ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу
(2 Шерашкахь 22:1-6)
25Исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до шуьйтталгӀа шо долуш хилира яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀантах Ахьаз-ЯхӀух паччахь. 26Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цӀе Ӏатал-ЯхӀу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Ӏумарин кӀентан йоӀ яра. 27Ахьаз-ЯхӀу а вара Ахьабан цӀийнах болчийн некъахула лелаш. Ахьабан цӀийнах болчара санна, цо а Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора, хӀунда аьлча шен ненехула иза Ахьабан цӀийнаца гергарло долуш вара. 28Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадера Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира. 29Йорам-паччахь тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу а веанера ИзраӀал-гӀала, цомгуш волу Ахьабан кӀант Йорам муьлхачу хьолехь ву хьажархьама.
Copyright information for
CheCAC2012