‏ 2 Kings 9

ЯхӀу исраилхойн паччахь хиларна даьттанца къобалвар

1ЭлишаӀ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тӀе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гӀодаюкъ а ехкий, хӀара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала дӀагӀо. 2Хьо цига дӀакхаьчча, Нимшайн кӀентан ЯхӀушаптин кӀант ЯхӀу схьа а къаставой, цунна тӀе а гӀой, цуьнга шен накъосташна юкъара схьавола а алий, иза ша чухуларчу цӀа чу ваккха. 3ТӀаккха, хьайгара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, и даьтта цуьнан коьрта тӀе а доттий, цуьнга ала: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво Аса’. Цул тӀаьхьа, неӀ дӀа а еллий, дӀавада, сеца а ца соьцуш“».

4Къона пайхамар ГалӀад-махкарчу Рамат-гӀала вахара. 5Иза цига дӀакхаьчча, охьахевшина болу тӀеман хьаькамаш гира цунна. Къонахчо элира: «ТӀеман хьаькам, хьоьга ала цхьа дош ду сан».

ЯхӀус хаьттира: «Тхох муьлхачуьнга ду хьан дош?»

«Хьоьга ду, тӀеман хьаькам», – аьлла, жоп делира къонахчо.
6 aИза, хьала а гӀаьттина, цӀа чу велира. Къонахчо, цуьнан коьрта тӀе зайтдаьтта а доьттина, элира цуьнга: «Иштта боху Исраилан халкъан Везачу Дала: „Хьо паччахь хила къобалво Аса Везачу Элан халкъ долчу Исраилан халкъана тӀехь. 7Ахьа хьайн олахочун Ахьабан цӀа хӀаллакдан деза. Иза ахьа дийр ду Изабалан карах беллачу Сан пайхамарийн а, Везачу Элан хиллачу массо а ялхойн а Ӏаьнначу цӀийна тӀера Соьга бекхам байтархьама. 8Ахьабан дерриг цӀа а хӀаллакьхир ду. Аса хӀаллаквийр ву Ахьабан цӀийнах схьаваьлла массо а боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а. 9НабатӀан кӀентан ЯрбаӀаман цӀенна а, АхьъяхӀун кӀентан БаӀшин цӀенна а диннарг дина дӀахӀоттор ду Аса Ахьабан цӀенна а. 10 bТкъа Изабалах лаьцна аьлча, ИзраӀална уллохь долчу цхьана кха тӀехь жӀаьлеша юур ю иза, цхьаммо а иза дӀаюллур а яц“». ТӀаккха, неӀ дӀа а йиллина, къонах дӀаведира.

11ЯхӀу паччахьан вукху тӀеман хьаькамашна тӀевахара. Хьаькамаша хаьттира цуьнга: «ХӀумма-м ца хилла? И лартӀехь воцург стенна веанера хьуна тӀе?»

«Шуна и стаг а вевза, цо хӀун боху а хаьа», – жоп делира ЯхӀус.

12Цара элира: «И бакъ дац. Дийцал ахьа тхоьга».

ЯхӀус шега аьлларг дӀадийцира. ТӀаккха цо тӀетуьйхира: «Къонахчо бохура: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Аса Исраилан халкъана тӀехь паччахь хила къобалво хьо’“».

13Цара сихха, хӀораммо а шен-шен бедар схьа а эцна, цуьнан когашка тӀегӀанаш тӀе охьатесира. ТӀаккха, коьман маӀа а локхуш, маьхьарий а детташ, элира: «ЯхӀу – паччахь ву».

Исраилхойн паччахь Йорам вер

14Нимшайн кӀант волчу ЯхӀушаптин кӀанта ЯхӀус Йорам-паччахьна дуьхьал барт бира. (Массо а исраилхошца Йорам-паччахьо ГалӀад-махкара Рамат-гӀала ларйинера арамхойн паччахь волчу Хьазиалах. 15Ткъа Йорам-паччахь ша-м ИзраӀал-гӀала юхавирзинера, арамхоша шена йинчу чевнашна дарбанаш леладайта. И чевнаш Йорамна хиллера, цо арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь.) ЯхӀус элира: «Нагахь шу реза делахь, ИзраӀал-гӀала хаам эцна ца вахийтархьама, цхьа а гӀалара ара ма валийта». 16ЯхӀу, гӀудалкх тӀе а хӀоьттина, ИзраӀал-гӀала вахара, хӀунда аьлча Йорам цигахь хӀинца а цомгуш волуш Ӏуьллуш вара. ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а вара цига веана, Йорам мухачу хьолехь ву хьажа.

17ИзраӀал-гӀалин бӀов тӀехь лаьтташ гӀарол вара. Цунна ЯхӀуца йогӀу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогӀу цхьа арданг го суна», – аьлла.

Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догӀий шу?“»

18ТӀаккха цхьа бере, дин тӀе а хиъна, ЯхӀуна дуьхьалвахара. Цо элира: «Паччахьо хоьтту: „Машарца вогӀий те хьо“?»

ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

ГӀароло хаам бира: «Бере царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац», – аьлла.
19ТӀаккха кхин а цхьа бере вахийтира. Беречо, царна тӀе а вахана, элира: «Паччахьо хоьтту: „Шу машарца догӀий те?“»

ЯхӀус жоп делира: «Хьуна хӀун ду иза? Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

20ГӀароло хаам бира: «Иза а царна тӀекхечи, амма юхавоьрзуш вац. Ткъа тхуна дуьхьал лаьтташ волчун болар Нимшайн кӀентан ЯхӀун боларх тера ду, хӀунда аьлча цо хьераваьллачо санна лелайо гӀудалкх».

21Йорама элира: «ГӀудалкх дӀайожа!» Цуьнан гӀудалкх дӀаюьйжира. ТӀаккха исраилхойн паччахь Йорам а, ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу а шайн гӀудалкхаш тӀехь ЯхӀуна дуьхьалваха аравелира. И шиъ ЯхӀуна дуьхьалвахара, израӀалхочун Набутин аренгахь вовшах а кхеташ. 22Йорама, шена ЯхӀу гича, хаьттира: «ЯхӀу, машарца вогӀий те хьо?»

«Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цӀушна Ӏибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хӀинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхӀус.

23Куьйгашца гӀудалкх юха а ерзош, говраш дӀа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхӀу! Вайна ямартло йина!» 24Ткъа ЯхӀус, шен куьйга Ӏад а дуьйлина, Йораман белшашна юккъе пха туьйхира. И пха Йораман дагах кхийтира. Иза шен гӀудалкх чу охьавуьйжира. 25Шен гӀудалкх лелош волчу Бадекъаре ЯхӀус элира: «Схьа а эций, израӀалхочун Набутин лаьттан декъа тӀе охьакхосса иза. Дагабаийтал хьайна, гӀудалкхана тӀехь вайшиъ цуьнан дена Ахьабана тӀаьхьахӀоьттина вогӀучу хенахь, Везачу Эло цунах лаьцна бина хаам: 26 c„Билггал Набутин а, цуьнан кӀентийн а цӀий гинера Суна селхана, – боху Везачу Эло. – Аса бекхам бийр бу хьуна кху аренна тӀехь“. Цундела, схьа а эций, Везачу Эло ма-аллара, аренна тӀехь охьакхосса иза».

ЯхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу вер

27Хилларг а гина, яхӀудхойн паччахь Ахьаз-ЯхӀу Байт-ХӀаган-гӀалина тӀебоьдучу новкъа тӀехула дӀаиккхира. ЯхӀус, гӀудалкх цунна тӀаьхьа а хохкуш, элира: «Иза а, вей, дӀаваккха шен гӀудалкхана тӀехь». ИбалӀам-юьртана юххехь йолчу Гур олучу метте Ахьаз-ЯхӀус шен гӀудалкх лаьллича, цунна чов йира цара
...цунна чов йира цара – иштта ширачу гочдар тӀехь ду. Ӏебархойн тептар тӀехь и дешнаш дац.
. Ахьаз-ЯхӀу, МагӀидда-гӀала дӀа а кхаьчна, цигахь велира.
28Цуьнан тӀеман хьаькамаша, иза Ярушалайме а ваьхьна, шен къубба чохь, цуьнан дай дӀабоьхкинчу Даудан гӀалахь дӀавоьллира.

29Ахьаз-ЯхӀу яхӀудхойн паччахь дӀахӀоьттинера, Ахьабан кӀанта Йорама паччахьалла до цхьайтталгӀа шо долуш.

Зуда-паччахь йолу Изабал ер

30ЯхӀу ИзраӀал-гӀала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бӀаьргашна тӀе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. 31ЯхӀу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогӀий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?
Зимари – иза исраилхойн тӀеман хьаькам вара, исраилхойн паччахь вийна волу. ДӀадеша Сулим 16:8-12.
»

32Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхӀус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цӀийнара ши-кхо ялхо. 33ЯхӀус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тӀе а, говраш тӀе а деттаделира цуьнан цӀийн тӀадамаш. Изабалан дегӀа тӀехула шен гӀудалкх яьккхира ЯхӀус. 34Чу а веана, ша хӀума йиъна а, мелла а ваьлча, цо элира: «Шена тӀехь неӀалт долу иза, схьа а лахий, дӀайолла, хӀунда аьлча иза паччахьан йоӀ ю». 35Нах иза дӀайолла бахара, амма цунах йисина коьртан туьта, когийн а, куьйгийн а даьӀахкаш йоцург, хӀумма а ца карийра царна. 36 fЮха а баьхкина, цара хаам бира. ЯхӀус элира: «Иштта дара Везачу Элан дош, Шен ялхочун тишабхо волчу Эли-ЯхӀугахула Цо аьлла долу: „ИзраӀалхойн аренгахь Изабалан дилха жӀаьлеша дуур ду. 37Изабалан дакъа, кхо санна, израӀалхойн декъа тӀехь Ӏуьллур ду. ТӀаккха цхьаммо а эр дац: ‘Изабал ю иза’“».
Copyright information for CheCAC2012