‏ 2 Peter 1

1Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан лай а, векал а волчу ШамӀа-Кипас яздо хӀара кехат. Вайн Дела а, КӀелхьардохург а волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан нийсонехула, вайниг санна, деза тешар тӀеэцначаьрга яздо ас. 2Дела а, вайн Веза Эла волу Ӏийса а вовзарехь Делан дика а, синпаргӀато а совйолийла шун.

Дала тӀекхайкхар а, харжар а

3Ӏийсагахь болчу Делан ницкъо оьшуш мел дерг делла вайна баккъалла а суьпа дахархьама, хӀунда аьлча Шен сийлаллица а, оьздангаллица а вайга Кхайкхийнарг вевза вайна. 4Ша лур ду аьлла сийлахь а, деза а совгӀаташ делла Цо вайна Шен сийлаллехула а, оьздангаллехула а, уьш бахьана долуш, хьарамчу лаамаша дуьнен чохь лелачу талхарна гена а девлла, шу Деле терра хилийтархьама. 5Цундела аша берриг а ницкъ тӀебахийта шайн тешар оьздангаллица совдаккхархьама. Ткъа оьздангалла кхетамца совъяккха. 6Кхетам юхаозадаларца а, юхаозадалар собарца а, собар суьпаллица а совдаккха. 7Суьпалла вежараллица а, вежаралла безамца а совдаккха. 8Нагахь и дерриг а, шуьца дан а долуш, алсамдолуш делахь, вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь кхиам а, стом а боцуш дуьсур дац шу. 9Ткъа иза шеца доцург бӀаьрзе ву. Цунна хӀумма а гур дац. Цо дицдина хьалхалерчу къинойх ша цӀанвар.

10Цундела, вежарий, кхидӀа а хьовсалаш Дала шаьш тӀекхайкхар а, харжар а бакъ хилар гайта. Иштта хилахь, цкъа а галдевр дац шу. 11Иштта карор бу шуна вайн Везачу Элан, КӀелхьардохучун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан даим йолчу пачхьалкхе кхочу маьрша некъ.

12Цундела ас иза гуттар а дагахь латтор ду, цунах дерг шуна хаахь а, шайна деллачу бакъдолчунна тӀехь шу чӀагӀдина делахь а. 13Суна нийса хета, хӀара дегӀан чарх айса мел лелайо, дагалецамашца шу карзахдахар. 14Вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсас сайга схьа-ма-хаийттара, хаьа суна кестта сайн са дегӀах къаста дезаш хилар. 15Со шух къаьстинчул тӀаьхьа а, и дерриг а шуна дагахь латтийта, сайн ницкъ кхочург дийр ду ас.

Дала леррина Къобалвинчун сийлалла гина тешаш

16ХӀунда аьлча нехан мекарчу туьйранех тардина ца дийцина оха шуна, вайн Дала леррина къобалвина Ӏийса-Эла вогӀур ву аьлла. Тхо тхаьш Цуьнан сийлалла гина тешаш ду. 17 aХӀунда аьлча Да волчу Делера схьаэцна Цо сий а, дозалла а, Шена тӀе уггар лакхарчу Паччахьера аз деача: «Иза Суна дукхавезаш волу Сан кӀант ву, Цуьнца бу Сан лаам!» 18Стигалара деана и аз тхуна хезира, Ӏийсаца безачу лам тӀехь тхо долуш.

19Тхуна хаьа пайхамарийн дош билггала бакъ дуйла. Цу дашна тӀе тидам бахийтар тоьлуш ду шуна. Боданехь йолу серло санна, ду иза, серлаяла а йолаелла, Ӏуьйренан седа шун дегнашкахь гучубаллалц. 20Уггар хьалха шуна хаа дезаш ду Делан Йозанашкара Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург цахилар
Делера болу хаам шена ма-хеттара бийцалург ца хилар – я иштта: Делера болу хаам пайхамарера ша схьабаьлла цахилар.
.
21ХӀунда аьлча цкъа а Делера болу хаам адаман лаамца беш ца хилла, амма наха, Делан Са шайна чохь а лелош, Делера долу дешнаш дуьйцура.
Copyright information for CheCAC2012