‏ 2 Peter 2

Харцхьехамчаш

1Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. 2Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу. 3Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.

4ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. 5 aХьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо. 6 bХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. 7 cБоьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо. 8(ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) 9Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а, 10къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а.

КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру.
11Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу. 12Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу. 13Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. 14Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш. 15 dНийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла. 16Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.

17Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина. 18Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара. 19Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. 20Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. 21Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул. 22 eАмма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду: «ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу»,

кхин а: «ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».
Copyright information for CheCAC2012