2 Peter 3
Веза Эла схьаварах лаьцна
1ХӀара шолгӀа кехат ду ас шуьга яздийриг, сан хьоменаш. Царна тӀехь шун цӀена кхетам самабоккху ас хилларг дагадаийтарца. 2Дагахь латтаде шайна хьалха безачу пайхамарша аьлла дешнаш а, КӀелхьардохург волчу Везачу Эло шуна даийтинчу Шен векалшкахула шайна тӀедиллинарг а. 3 aУггар хьалха шуна хаа деза, тӀаьхьарчу деношкахь богӀур бу шайн хьарамчу лаамашка хьаьжжина бехаш болу нах. Шух кхаьрдаш, 4цара бохур ду: «Мичахь ду Иза схьавогӀур ву бохург? Дай кхалха буьйлабеллехь а, массо а хӀума хийца ца луш дуьсу, дуьне кхоьлличхьана ма-хиллара». 5 bИштта бохучарна дицдан лаьа Делан дашца хьалххе дуьйна стигалш юйла а, латта хих а, хинехула а кхоьллина хилар а. 6 cДелан лаамца цу хенахьлера дуьне, хи а хьадийтина, хӀаллакдина. 7Ткъа иштта Делан дашца латтош йолу хӀинцалера стигалш а, латта а даго Ӏалашдеш ду, къематан а, Ӏеса нах хӀаллакбен а де тӀекхаччалц. 8 dЦхьа хӀума дицдан ца деза аша, хьоменаш, Везачу Элан цхьа де эзар шо санна ду, ткъа эзар шо цхьа де санна ду. 9Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хӀунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хӀаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хӀуманна дохко а даьлла, Шена тӀедерза лаьа Цунна. 10 eНахана ца хууш вогӀу къу санна, догӀур ду Везачу Элан де, тӀаккха гӀовгӀанца стигалш къайлаевр ю, стигалахь мел хуьлуш дерг, серла а даьлла, догур ду, латта а, дерриг а цу тӀехь дерг а, даьгна, дӀадер ду ▼▼Даьгна, дӀадер ду – цхьадолчу тептарш тӀехь: [Далла хьалха] карор ду.
. 11Нагахь и дерриг а духург хилча, шу муха хила деза? Шун дахар цӀена а, суьпа а хила деза, 12Делан де тӀекхачаре сатуьйсуш а, и тӀедар сихдеш а ду шу. Цу дийнахь цӀе летта йолу стигалш юхур ю, стигалахь мел дерг, догуш, дешар ду. 13 gАмма, Дала динчу ваӀдане а хьаьжна, нийсонан цӀа долчу керлачу стигале а, лаьтте а сатуьйсуш ду вай. 14Цундела, хьоменаш, цуьнга сатуьйсуш, шайн ницкъ кхочург делаш Далла хьалха бехдалаза а, талхаза а дӀахӀитта а, Цуьнца бертахь хила а. 15Вайн Везачу Элан собаре хилар вайн кӀелхьардовлар ларалаш, шена деллачу хьекъалца вайн хьомечу вашас ПахӀала шуьга яз-ма-дарра. 16Цо цунах лаьцна дуьйцу шен массо а кехаташ тӀехь. Кхета хала хӀуманаш ду царна тӀехь, цундела кӀорггера хаарш доцучу а, динехь чӀогӀа боцучу а наха, кхидолу Деза Йозанаш санна, талхадо уьш, цу бахьаненна шаьш хӀаллак а хуьлуьйтуш. 17Иштта, хьоменаш, хӀара дерриг а довзийтина долу шу ларлолаш, харцхьехамчийн галбаьллачу новкъахула дӀа ца дигийтархьама а, шаьш ондда лаьтташ долчунна тӀера ца дохийтархьама а. 18Вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзарехь а, Цунах схьадолучу диканехь а алсамдовлалаш. Сий ду Цуьнан тахана а, тӀейогӀу йолчу ерриге хенахь а. Амин.
Copyright information for
CheCAC2012