‏ 2 Samuel 1

Даудана Шаул веллийла хаьа

1Ӏамалекхахой эша а бина, Дауд юхавирзинчул тӀаьхьа, цо ЦакхелагӀахь ши де даьккхира. Иза Шаул вийначул тӀаьхьа дара. 2КхоалгӀачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТӀера бедарш а этӀийна, коьрта тӀе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. 3Дауда цу стаге хаьттира: «Хьо мичара веана?» – аьлла.

Вукхо цуьнга жоп делира: «Со Исраилан эскаро тӀом бинчу меттера кӀелхьарваьлла схьавеана».

4ТӀаккха Дауда юха а цуьнга хаьттира: «ХӀун хилла цигахь? Схьадийца соьга».

Цу стага жоп делира: «ТӀом баьллачуьра дукха адам дедда дӀадахана. Царах дукхахберш, байина, хӀаллакьхилла. Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а вийна».

5ТӀаккха иза шена дийцина волчу жимачу стаге Дауда хаьттира: «Хьуна стенах хаьа, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а веллийла?»

6 aЖимачу стага цуьнга элира: «Со ларамаза ГилбаӀ олучу лам тӀехь нисвеллера. Суна гира шен гоьмукъана тӀе таьӀна лаьтташ волу Шаул, ткъа цу хенахь гӀудалкхашший, говрашкахь болу наххий цунна тӀекхаьчна богӀуш бара. 7Иза юхахьаьжча, цунна со гира. Иза соьга кхайкхира. Аса жоп делира: „Со ладугӀуш ву“, – аьлла. 8Цо соьга хаьттира: „Хьо мила ву?“Аса жоп делира: „Со Ӏамалекхахо ву“. 9ТӀаккха цо соьга элира: „ТӀе а волий, со, вей, дӀаваккха! Со валлал чӀогӀа Ӏазапехь ву, суна чохь са делахь а“. 10ТӀаккха, тӀе а вахана, аса иза вийра, хӀунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тӀаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тӀера хӀоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла».

11Эццахь Дауда а, цуьнца мел хиллачара а шайна тӀера бедарш этӀийра, и хӀума чӀогӀа халахетарна. 12Уьш боьлхуш, тийжаш, малх чубуззалц яа хӀума ца юуш Ӏийра, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, Везачу Элан халкъ долу дерриг Исраилан цӀа а бахьана долуш, уьш мостагӀийн туьро хӀаллакбина дела.

13Дауда и хӀума шена дийцина волчу жимачу кӀанте хаьттира: «Хьо мичара ву?»

Цо жоп делира: «Со тӀевеана волчу Ӏамалекхахочун кӀант ву».

14ТӀаккха Дауда хаьттира: «Муха ваьхьира хьо, Везачу Эло къобалвина волчунна тӀе куьг а даьхьна, иза вен?» 15Цул тӀаьхьа, цхьа жима стаг тӀе а кхайкхина, цуьнга Дауда элира: «ТӀе а волий, иза ве». Цо иза вийра. 16Дауда элира: «Хьайн Ӏожаллина хьо-хьуо ву бехке, хӀунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».

Шаулах а, ЯхӀунатех а лаьцна йолу Даудан назма

17Дауд Шаулний, цуьнан кӀант волчу ЯхӀунатиний вилхира, назма а олуш. 18 bЦо омра дира яхӀудхошка, секхаӀад цӀе йолу и назма
СекхаӀад цӀе йолу и назма – я иштта: секхаӀад лелор.
Ӏамае аьлла (иза «Яшаран тептар» тӀехь дӀаязйина ю). Цо элира:

19«Хьан хазна, Исраил, хьан лакхенаш тӀехь йоьжна!
Ма ийгир-кх и ницкъ берш!
20Ма дийцалаш цунах лаций Гати-гӀалахь,
Ашкхилунан урамашкахь дӀа а ма кхайкхаделаш,
пӀелаштамхойн зудабераш даккхий ца дейта,
сунтбаза болчеран зудаберашка и кхаъ ца базбайта.

21ГилбаӀан лаьмнаш!
Я тхи а, я догӀа а ма дужийла шуна тӀе!
Ялтийн аренаш а ма хуьлийла шуна тӀехь,
хӀунда аьлча ницкъ болчеран турс, сийсаз а даьккхина, доьжна цу меттехь,
Шаулан турс, зайтдаьтта хьакхаза долу!
22ЯхӀунатас шен секхаӀодаца пхерчий кхиссича,
мостагӀчун цӀий Ӏожаллина Ӏенира.
Шаула шен тур майрачунна тоьхча,
тӀингар чуьра иза эрна юха ца даьккхира.

23Шаул а, ЯхӀуната а,
шаьшшиъ вехачу хенахь хьоме а, нехан безам болуш а вара,
Ӏожаллехь а ца къаьстина и шиъ вовшех.
Аьрзунел сиха а,
лоьмел ницкъ болуш а
вара и шиъ.

24Исраилхойн мехкарий!
Шаьш таьӀна-цӀен бедаршца кечдеш,
дешица шун духар кхелина волчу Шаулна тӀаьхьа делхалаш.

25Ма хӀаллакьхили и къонахий тӀеман аренгахь!
Ма вийна-кх ЯхӀуната, лакхенашкахь Ӏуьллуш волу!

26Ма гӀайгӀане ву со, сан ваша ЯхӀуната!
Суна хьо чӀогӀа хьомсара вара.
Зударийн соьца болчу безамал а,
хьан безам суна беза бара.

27Ма хӀаллакьхили ницкъ берш!
ТӀеман герз ма хӀаллакьхили!»
Copyright information for CheCAC2012