‏ 2 Samuel 11

Дауд Бат-ШабаӀах кхета

1 aШо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Дауда Исраилан халкъан эскар а, шен эскархой а Йоабаца арабовлийтира. Цара, Ӏамминхой эша а бина, церан Рабба олучу гӀалина го бира. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира.

2Цхьана дийнахь вижначуьра гӀаьттина волу Дауд паччахьан цӀийнан шерачу тхов тӀехула волавелла лелаш вара. Цигара дӀахьаьжча, цунна хи чохь луьйчуш йолу цхьа зуда гира. Иза чӀогӀа хаза яра. 3Цо, и зуда мила ю хьажа, ялхо вахийтира. Ялхочо Дауде элира: «Иза ЭлиӀаман йоӀ Бат-ШабаӀ ю, хьетахо волчу УръяхӀун зуда а ю». 4Ткъа Дауда и зуда ша волчу схьаяло геланчаш бахийтира. Иза Дауд волчу схьаялийра, Дауд цунах кхийтира. (Ткъа шен беттан цӀанъялар цу зудчо хӀинца чекхдаьккхинера.) ТӀаккха иза шен цӀа яхара. 5Иза берах хилира. Цо Дауде, ша берах ю аьлла, хабар дахьийтира.

6Дауда Йоабе хабар дахьийтира: «Схьахьажаве со волчу хьетахо волу УръяхӀу», – аьлла. Йоаба УръяхӀу Дауд волчу дӀавахийтира. 7УръяхӀу Дауд волчу веара. Паччахьо цуьнга Йоабах лаьцна а, эскарх лаьцна а, тӀамах лаьцна а хеттарш дира. 8Цул тӀаьхьа Дауда УръяхӀуга элира: «ЦӀа а гӀой, хьайн ши ког била». УръяхӀу паччахьан цӀа чуьра аравелира. Цунна тӀаьхьа совгӀатна паччахьо даар-малар дахьийтира. 9Амма УръяхӀу шен цӀа ца вахара. Шен олахочун массо а ялхочуьнца паччахьан цӀийнан ков долчу дӀавижира иза. 10Дауде, УръяхӀу шен цӀа ца вахана аьлла, хаам кхаьчначул тӀаьхьа, паччахьо цуьнга хаьттира: «Бехачу новкъара юхавирзина ма ву хьо, хьайн цӀа хӀунда ца вахара хьо?»

11УръяхӀус Дауде элира: «Делан тӀорказ а, Исраилан халкъ а, ЯхӀудан халкъ а четарш кӀелахь ду. Сан эла волу Йоаб а, цуьнан массо а эскархо а аренгахь шайн меттамотт лаьттачохь бу. Муха Ӏийр вара со, сайн цӀа а вахана, дууш-молуш, сайн зудчуьнца дӀа а вуьжуш? Хьан дахарх а, хьан синах а дуй боу аса, и санна дерг дийр ма дацара аса аьлла».

12ТӀаккха Дауда УръяхӀуга элира: «Кхин цхьа де а даккха кхузахь, кхана аса дӀавохуьйтур ву хьо». Кханалера де тӀекхаччалц, УръяхӀу Ярушалаймехь сецира. 13Дауда УръяхӀу ша волчу дӀакхайкхира. И шиъ дууш, молуш Ӏийра. Дауда цунна малийра. Амма УръяхӀу юха а, шен цӀа а ца воьдуш, шен паччахь волчу элан ялхошца цхьаьна дӀавижа вахара.

14ШолгӀачу Ӏуьйранна Дауда, Йоабе кехат а яздина, иза УръяхӀуца дӀадахьийтира. 15Кехата тӀехь Дауда яздира: «УръяхӀу тӀамехь хьалхахь лаьтташ болчу тӀемалошца дӀахӀоттаве, уггар чӀогӀа тӀом бечу меттехь. Цул тӀаьхьа, цунна уллора дӀа а довлий, иза вейта». 16Леррина гӀала дӀахьаьжча, Йоабана хаьара, уггар майра Ӏамминхой мичахь лаьтташ бу. Цу метте УръяхӀу дӀавахийтира цо. 17ГӀалара нах, ара а бевлла, Йоабан эскарца тӀом бан хӀиттича, Даудан эскарна юкъара масех стаг вийра. Хьетахо волу УръяхӀу а вара царах цхьаъ.

18Йоаба тӀамехь мел хилларг Дауде дӀадийца стаг вахийтира. 19Ша вохуьйтуш волчу геланчина тӀедиллира Йоаба: «Хьо тӀамах лаьцна паччахьна дӀадийцина ваьлча, 20хьайна иза оьгӀазвахана гахь, цо резавоцуш хьоьга: „Шу стенна дахнера гӀалина улло? Шуна ца хаьара, шайна гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхуьссур дуйла? 21 bХьан вийна Яруб-Бошатан кӀант Абу-Малик? Зудчо ца кхоьссина цунна тӀе кохьаран дакъа, иза Табацахь вала а леш? Стенна дахнера шу цу гӀалин гонахарчу пенна сел улло?“– ала мега. Цо иза аьллачул тӀаьхьа, ахьа хаам бе: „Хьан лай волу хьетахо УръяхӀу а вийна“– алий».

22Геланчо, дӀа а вахана, Дауде, Йоаба шена ма-хьеххара, тӀамах лаьцна шадерг а дӀадийцира. 23Цо шен къамелехь кхин а тӀетуьйхира: «Эрначу арахь и нах тхуна тӀелетира. Оха цаьрца тӀом болийра, цул тӀаьхьа, лаьхкина, уьш гӀалин кевнна тӀе кхаччалц дӀа а бигира. 24Цул тӀаьхьа хьан эскархой болчийн агӀор гӀалин пенаш тӀера пхерчий кхисса долийра. Цхьаболу хьан леш байина. Царна юкъахь ву хьетахо волу УръяхӀу а».

25ТӀаккха Дауда геланчехула Йоабе хабар дахьийтира, цуьнан дог иракарахӀотторхьама: «И хӀума бахьана долуш хьо юьхьӀаьржачу ма хӀотта. ТӀамехь тур цкъа цхьанна кхета, тӀаккха вукхунна кхета. ТӀом чӀагӀ а бе, и гӀала хӀаллак а е».

26Шега УръяхӀу велла аьлла хаам бича, Бат-ШабаӀ шен майрачунна тийжира. 27Тийжаран зама чекхъяьлча, Дауда и йолчу стаг вахийтира Бат-ШабаӀ шен цӀа схьаялаяйта. Иза цуьнан зуда хилла дӀахӀоьттира, цо Даудана кӀант а вира. Амма Везачу Элана и хӀума ца дезаделира.
Copyright information for CheCAC2012