2 Samuel 12
ТаӀзар а, гечдар а
1 aВезачу Эло Ната-пайхамар Дауд волчу вахийтира. Цо, паччахь волчу а веана, элира: «Цхьана гӀалахь Ӏаш ши стаг хилла. Царах цхьаъ хьал долуш хилла, ткъа важа къен хилла. 2Хьалдолчун дуккха а уьстагӀий а, бежанаш а хилла. 3Ткъа къен волчун, ша эцна цхьа жима Ӏахар бен, кхин хӀумма а ца хилла. Цо, яа хӀума а луш, дола а деш, кхиош хилла иза. Жима Ӏахар цуьнан берашца цхьаьна хьалакхиъна. Цу стага дӀакховдийна долу бепиг дууш хилла Ӏахаро, цуьнан кеда чуьра молуш а хилла, цуьнан некха тӀехь дӀабуьжуш а хилла иза. Цу стагана шен йоӀ санна хеташ хилла иза. 4Хьал долуш верг волчу ваьлла лелаш волу цхьа стаг веана. Амма хьолахочунна ца лиира шен уьстагӀашна а, стерчашна а юкъара, цхьаъ схьа а къастийна, ваьлла лелаш волчу стагана цунах яа хӀума кечъян. Цо, къечу стеган уьстагӀ схьа а лаьцна, цунах хьешана пхьор кечдира». 5Дауд цу стагана чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хӀума дина волу стаг вен ма веза! 6Цу уьстагӀна дуьхьал цо доьазза дукха мах бала ма беза, хӀунда аьлча цуьнан даг чохь къинхетам ца хилла, и хӀума ша деш». 7ТӀаккха Ната-пайхамаро Дауде элира: «Хьо ву-кх и стаг! Исраилан халкъан Везачу Дала иштта боху: „Аса хьо Исраилан халкъана тӀехь паччахь хилийта къобалвина. Аса ваьккхина хьо Шаулан куьйга кӀелара схьа. 8Аса хьан элан цӀа а, цуьнан зударий а хьуна дӀабелла. Аса иштта Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь паччахьалла а делла хьуна. Нагахь санна хьуна иза кӀезиг хеттехь, Аса кхин а дукха рицкъа лур дара хьуна. 9Хьо Везачу Элах хӀинца ца вешира, Цо ца магийна долу зе а дина? Ахьа хьетахо волчу УръяхӀуна тур а туьйхи, цуьнан зуда хьайна схьа а ялий, ткъа иза Ӏамминхойн карах вала а валийти. 10Цундела тур хьан цӀенна массо а хенахь кхераме хир ду, хӀунда аьлча ахьа, Сох а ца вешаш, хьетахо волчу УръяхӀун зуда хьайна дӀайигна“. 11 bВезачу Эло иштта боху: „Аса хьуна зе хьан цӀа чуьра доуьйтур ду. Хьуна хьалха хьан зударий, схьа а эцна, хьуна чӀогӀа хьомсара хеташ волчу стагана дӀалур бу. Дийнан делккъехь, массарна а гуш, хьан зударех кхетар ву иза. 12И санна долу хӀума ахьа къайлаха дина, ткъа Аса иза, дерриг а Исраилан халкъана дӀа а хоуьйтуш, дийр ду“». 13ТӀаккха Дауда Натига элира: «Везачу Элана хьалха аса къа латийна». Натас Даудана жоп делира: «Везачу Эло ахьа латийначу къиношна гечдо хьуна. Хьо лийр вац. 14Амма, хьайгара далийтинчу цу хӀуманехула хьо Везачу Элах чӀогӀа ца ваьшна дела, хьуна вина волу кӀант лийр ву». 15Ната шен цӀа вахара.Даудан а, Бат-ШабаӀан а бер далар
Везачу Эло УръяхӀун зудчо Даудана дина долчу берана цамгар туьйхира. Иза чӀогӀа цомгуш хилира. 16Дауд, и бер Деле доьхуш, доӀа деш вара. Цо марха лаьцнера. Шен цӀа чохь ша а висна, лаьтта охьа а вижна, буьйса яьккхира Дауда. 17Цуьнан цӀийнах болу къаной, иза волчу а баьхкина, иза лаьттара хьалагӀатто гӀерташ бара, амма Дауд цигара хьала а ца гӀаьттира, цаьрца цо яа хӀума а ца йиира. 18ВорхӀалгӀачу дийнахь бер делира. Даудан ялхой цунах кхоьрура и бер деллий дӀахаийта. Цара бохура: «И бер дийна долчу хенахь а цо тхо тергал ца дора. И бер делла хилар оха муха хаийта деза цуьнга? Цо цхьа доьхна дерг дан там бу». 19Даудана гинера шен ялхоша вовшашлахь шабар-шибар деш. ТӀаккха кхийтира иза шен бер делла хиларх. Цо хаьттира: «Бер делла?» Ялхоша жоп делира: «Делла». 20ТӀаккха Дауд, лаьттара хьала а гӀаьттина, лийча а лийчина, шена тӀе даьтта а хьаькхна, тӀера бедарш а хийцина, Везачу Элан четар чу Цунна Ӏибадат дан вахара. Цигара цӀа веанчул тӀаьхьа, цо, шена бепиг а даийтина, яа хӀума йиира. 21Ялхоша цуьнга хаьттира: «И хӀун ду ахь лелош дерг? Бер дийна долчу хенахь хьо, марха кхобуш, воьлхуш вара, ткъа иза деллачул тӀаьхьа, хьо хьала а гӀаьттина, бепиг дууш ма ву?» 22Дауда царна жоп делира: «Бер дийна мел ду, со воьлхуш а вара, марха кхобуш а вара, хӀунда аьлча со, Везачу Эло къинхетам а бина, бер дийна дисаре сатуьйсуш вара. 23Ткъа хӀинца бер делла. Аса стенна кхобу марха? Соьга иза денлур ма дац. Со и бер дахханчу дӀагӀур ву, ткъа иза со волчу юхадоьрзур дац».Сулим дуьнен чу валар
24Дауда шен зудчун Бат-ШабаӀан дог ийцира. И йолчу а вахана, Дауд цуьнца дӀавижира. Бат-ШабаӀа юха а кӀант вира Даудана. Цунна Сулим цӀе тиллира. Иза Везачу Элана дукхавезавелира, 25цундела Цо Ната-пайхамар вахийтира цига. Везачу Эло ма-бохху, цо берана, Ядид-ЯхӀу аьлла, цӀе тиллира (иза «Везачу Элан хьомениг» бохург ду).Дауда Рабба-гӀала схьайоккху
(1 Шерашкахь 20:1-3)
26Йоаб Ӏамминхойн Рабба-гӀалина дуьхьал тӀом беш вара. Цуьнан паччахьан гӀап схьаяьккхира цо. 27Йоаба Дауд волчу геланчаш бахийтира хаам эцна: «Аса, Рабба-гӀалахь тӀом а бина, кхузара хи долу меттиг схьалаьцна. 28Бисина болу эскархой схьа а гулбай, гӀалина тӀе а волий, иза схьаяккха. Нагахь санна иза аса схьаяккхахь, цунна сан цӀе тилла езар ю». 29Дауд, массо а эскархо схьа а гулвина, Рабба-гӀала вахара, цо тӀамца иза схьа а яьккхира. 30Дауда церан паччахьан коьртара ▼▼Церан паччахьан коьртара – я иштта: МилкӀом-цӀун коьртара.
деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж цхьа гали деших дина дара. И таж Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара. 31Дауда, Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра. Ткъа иштта кибарчигаш а йоттура цара. Цо массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь и тайпа белхаш дӀахӀиттийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.
Copyright information for
CheCAC2012