‏ 2 Samuel 14

Йоабехула Абушалам Ярушалайме юхаверзар

1Царуятан кӀантана Йоабана хиира, Дауд-паччахь Абушаламах лаьцна ойланаш еш вуйла. 2Цундела Йоаба ТакхоӀ олучу меттиге нах бахийтира, цигара цхьа хьекъале зуда шена тӀеялае аьлла. Цу зудчуьнга цо элира: «Хьо чӀогӀа гӀайгӀане ю моттийта, хьайна тӀе Ӏаьржа духар а духа, коьртах зайтдаьтта а ма хьакха. Хьо хьайн веллачу стагана йоьлху дикка хан йолуш санна лела. 3Цул тӀаьхьа, паччахь волчу а гӀой, цуьнга хӀара дешнаш дӀаала». Йоаба цу зудчо паччахье ала дезаш долу дешнаш дӀахьийхира.

4ТакхоӀ-гӀалара хьекъал долу зуда паччахь волчу чоьхьаелира. Цунна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаьӀира иза. Зудчо элира: «ГӀо дехьа суна, паччахь!»

5Паччахьо цуьнга хаьттира: «ХӀун сингаттам бу хьоьгахь?»

ТӀаккха зудчо элира: «Со йисина Ӏаш ю, сан майра велла.
6Хьан лай йолчу сан ши кӀант вара. Аренгахь волчу хенахь цу шиннан дов даьлла хилла. Цу шинна юккъе машар бан стаг а ца хилла, цхьаммо вукхунна тоха а тоьхна, царах цхьаъ вийна. 7ХӀинца сан мел волу гергара стаг хьан ялхо йолчу суна дуьхьалваьлла. Цара соьга боху: „Схьало тхоьга шен ваша вийна волу хьайн кӀант. Цо ваша вер бахьана долуш, оха иза вуьйр ву, тӀаьхьенах диснарг кхочун дерг а хӀаллаквийр ву“. Цара шаьш бохург дахь, сан доьзалан хӀу довр ду, сан майрачун хӀокху дуьнен чохь цӀе а, тӀаьхье а юьсур яц».

8ТӀаккха паччахьо элира: «ПаргӀат хьайн цӀа гӀо, хьан дуьхьа ас-айса гӀайгӀа бийр бу цу гӀуллакхан».

9Амма ТакхоӀарчу зудчо элира: «Сан паччахь волу эла, и бехк суна а, сан доьзална а тӀехь бу, ткъа паччахь а, цуьнан пачхьалкх а цу хӀуманна бехке дац».

10ТӀаккха паччахьо цу зудчуьнга элира: «Хьайна цхьаъ дуьхьалвалахь, со волчу схьавалаве иза. Цо кхин хьуна тӀе куьг хьор дац хьуна».

11ТӀаккха зудчо элира: «Сан паччахь, хьайн Везачу Делан цӀарах дош лохьа суна, чӀир лоьхучара, сан кӀант вен а вийна, цӀий Ӏанор сов доккхур дац алий».

Дауда элира: «Дийна волчу Везачу Элах дуй боу ас, хьан кӀентан коьртара цхьа чо а галбер бац аьлла».

12Зудчо юха а элира: «Хьан лай йолчуьнга кхин цхьа хӀума а алийтахьара ахьа хьайга».

Паччахьо элира: «Йистхила».

13Зудчо элира: «Делахь, хьо цу тайпана Делан халкъана дуьхьал хӀунда ваьлла? Ахьа аьллачу дешнаша хьо-хьуо бехке во, хӀунда аьлча ахьа хьайн араваьккхина лелаш волу кӀант цӀа ца верзаво. 14Тхо лийр ду, лаьтта Ӏанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хӀаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дӀатеттинарг Шена уллора кхин дӀа ца таттийта. 15Цундела со хьо волчу и дешнаш хьоьга дӀаала еана, хӀунда аьлча со наха кхерийна. Аса сайн дагахь элира: „Паччахье йистхила еза со, аса аьлларг дан мега цо. 16Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгӀна, Дала суна а, сан кӀантана а делла долу доьзалан латта хӀаллакдан гӀерташ волчун карара шен лай йолу со кӀелхьарйоккхур ю“. 17 aТӀаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хӀунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла».

18Паччахьо цу зудчуьнга элира: «Аса хӀинца хьайга динчу хаттарна соьга, хӀумма а къайла а ца доккхуш, ма-дарра дуьйцуш, жоп лолахь».

Зудчо элира: «Де хьайн хаттар, сан паччахь волу эла».

19Паччахьо элира: «Йоаб бахьана долуш-м ца до ахьа соьга и къамел?»

Зудчо, жоп луш, элира: «Дийна волчу хьох чӀагӀо йо ас, ахьа бохучунна я аьтту, я аьрру агӀор таӀа йиш яц. Хьан лай волчу Йоаба тӀедиллира суна, аса хьоьга мел аьлларг паччахье дӀаала аьлла.
20Хьан лай волчу Йоабан Ӏалашо и хӀума вукху агӀор гайтархьама яра, амма сан олахо хьекъалалла долуш ву, Делан малик хьекъалалла долуш ма-хиллара, кху лаьттахь долу массо а хӀума хаархьама».

21ТӀаккха паччахьо Йоабе элира: «ХӀинца ахь бохург дийр ду ас. Ваха а гӀой, жима стаг Абушалам цӀа верзаве».

22Йоаба паччахьна хьалха корта лаьтта кхаччалц охьатаӀийра. Паччахь декъал а веш, цо элира: «ХӀинца хьан лай волчунна хаьа, хьо суна реза вуйла, хӀунда аьлча ахь хьайн лай волчо бохучуьнга ладуьйгӀи». 23Цигара хьала а гӀаьттина, Гешура а вахана, Абушалам Ярушалайме схьавалийра цо. 24Паччахьо элира: «Шен цӀа вола ала цуьнга. Амма сан юьхь цунна гур яц». Абушалам цӀа веара, амма шен дена тӀекхача йиш йолуш вацара иза.

Абушалам шен деца бертавоьду

25Берриг а Исраилан махкахь вацара Абушаламал хаза а, цул наха дика цӀе йоккхуш а стаг. Кога буьххьера дуьйна коьрта тӀе кхаччалц цхьа а айпе хӀума дацара цунна тӀехь. 26Цо хӀора шарахь цкъа шен корта дӀабошура, хӀунда аьлча цунна хала хуьлура шен коьртара месаш лелаян. Корта дӀабаьшначул тӀаьхьа месаш оьзча, уьш ши бӀе шекхал
Ши бӀе шекхал – иза ши кийла ю.
гергга хуьлура, паччахьан шекхалан барамехь.
27Цуьнан кхо кӀант а, Тамара бохуш цӀе а йолуш, цхьа йоӀ а яра. Тамара чӀогӀа хаза зуда яра.

28Шен дена дуьхьал ца воьдуш, Абушалама Ярушалаймехь ши шо даьккхира. 29Абушалама Йоабана тӀе стаг вахийтира, иза шен дена тӀе хабар эцна вахийта. Амма вукхунна ца лиира Абушаламна тӀе ван. Цо шолгӀа а стаг вахийтира, Йоабана тӀе, амма важа юха а тӀе ца веара. 30ТӀаккха Абушалама шен ялхошка элира: «Шуна ма-хаьа, сан кхена уллохь Ӏуьллуш Йоабан кха дуйла. Цигахь тӀеболуш цуьнан мукх бу. Даха а гӀой, цунах цӀе таса». Ялхоша мекхах цӀе тесира.

31ТӀаккха Йоаба, Абушалам волчу а веана, цуьнга хаьттира: «Хьан ялхоша сан кха тӀехь цӀе хӀунда тесна?»

32Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хӀунда валийна? Суна цигахь Ӏийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дӀаваккхийта цуьнга».

33Йоаба, паччахь волчу а вахана, шен Абушаламца хилла долу къамел цуьнга дӀадийцира. ТӀаккха Дауда Абушалам шена тӀе кхайкхира. Иза, паччахь волчу а веана, цунна лаьтта кхаччалц, корта тухуш, охьатаьӀира. Паччахьо цунна барт баьккхира.
Copyright information for CheCAC2012