2 Samuel 16
Цубина Дауд дуьхьалкхета
1 aДауд ломан буьххьера жимма охьаваьлча, цунна дуьхьалкхийтира Мапи-Бошатан ялхо волу Цуба. Цо ялош яра мохь тӀебиллина йолу ши вир. Царна тӀе диллина ши бӀе бепиг а, цхьа бӀе курс кишмаш а, цхьа бӀе стом а, чагӀар чохь долу пӀаьлдиг а бара. 2Паччахьо Цубига хаттар дира: «Стенна оьшу хьуна и мохь?» Цубас жоп делира: «Варраш паччахьан цӀенна оьшур ю аьлла ялийна, царна тӀехь дӀасавахархьама. Бепиггий, стоьмашший тӀемалошна даа деана. Ткъа чагӀар яьссачу аренгахь болчу гӀора дӀадаьллачарна мала деана». 3 bПаччахьо элира: «Хьан элан кӀентан кӀант мичахь ву?» Цубас Даудана жоп делира: «Иза Ярушалаймехь сецна. Цо боху: „ХӀинца исраилхоша суна сан ден паччахьалла схьалур ду“». 4ТӀаккха Дауда Цубига элира: «Мапи-Бошатан мел хилла долу хӀума аса хьуна дӀало». Цубас элира: «Аса хьуна хьалха корта охьатаӀабо, ва сан эла волу паччахь, хьо суна реза хуьлийла!»ШамаӀис Даудана неӀалт олу
5Дауд Бахьруме дӀакхаьчча, цигара Шаулан цӀийнах волу цхьа стаг аравелира. Цуьнан цӀе ШамаӀи яра. Иза Герин кӀант вара. ШамаӀи, неӀалташ а кхайкхош, 6Даудана а, цуьнан ялхошна а тӀулгаш кхуьссуш вогӀуш вара. Делахь а, массо а эскархой а, майра нах а паччахьна аьтту а, аьрру а агӀор дӀахӀиттина бара. 7НеӀалташ а кхайкхош, ШамаӀис бохура: «ДӀавала, дӀагӀо, сий доцуш волу нах бойург! Зуламхо! 8Везачу Эло бекхам бо хьуна, ахьа Шаулан тӀаьхьенан цӀий Ӏанор бахьана долуш а, цул тӀаьхьа хьо цуьнан метта охьахаар бахьана долуш а. Везачу Эло паччахьалла дӀаделла хьан кӀант волчу Абушаламан кара. Ткъа хӀинца хьо баланехь ву, хьо цӀий Ӏанош верг хилар бахьана долуш». 9Царуятан кӀанта Абушайс паччахье элира: «Оцу деллачу жӀаьло сардамаш хӀунда духку сан эла волчу паччахьна? Аса, ваха а вахана, цуьнан корта схьабоккхур бу». 10Амма паччахьо элира: «ХӀун дийр ду аса шуна, Царуятан кӀентий? Вита иза. Везачу Эло цуьнга со сийсазваккха аьлла хилча, цуьнга: „Ахьа иза хӀунда леладо?“– ала мила ву?» 11Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кӀант а со вен араваьлла хилча, хӀокху бен-яманхочун хӀун бехк бу? Ӏадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хӀунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. 12Тахана сан бала ▼▼Цхьадолчу тептарш тӀехь: сан бала. Ӏебархойн тептар тӀехь: суна дина вониг.
Везачу Элана дӀагича, таханлерчу сардамийн метта Цо суна декъалдар юхадала а мега». 13Дауд а, цуьнца хилларш а шайн новкъахула дӀабоьлхуш бара, ткъа ШамаӀи Даудана тӀаьхьаваьллачуьра дӀа ца волура. Ламанан басехула схьавогӀуш вара иза, Дауд волчу агӀор тӀулгаш а, чан а кхуьйсуш. 14Шаьш кхача безачу метте схьа а кхаьчча, паччахьо а, цуьнца хиллачара а, чӀогӀа кӀадбелла хиларна, цигахь садаьӀира. Ахьи-Тупала Даудах лаьцна хьехар до
15Ткъа Абушалам, шеца дерриг а Исраилан халкъ а долуш, Ярушалайме схьавеара. Цуьнца цхьаьна Ахьи-Тупал а вара. 16Даудан доттагӀа волчу Ӏаьркхихочо Хьушайс, Абушалам волчу а веана, цуьнга элира: «Дукха вехийла паччахь!» 17ТӀаккха Абушалама цуьнга хаьттира: «Иштта тешаме ву-кх хьо хьайн доттагӀчунна? Цуьнца дӀа хӀунда ца вахара хьо?» 18«ХӀан-хӀа, – элира Хьушайс Абушаламе – Со Везачу Эло а, хӀокху халкъо а, массо а исраилхоша а хаьржинчуьнца хир ву. Со цуьнца соцур ву. 19Цу тӀе, хьанна гӀуллакх деш хир ву со? Цуьнан кӀантана хир вац? Со хьан ден гӀуллакххо ма-хиллара, иштта хьуна а гӀуллакххо хир ву». 20Абушалама Ахьи-Тупале элира: «Хьехам бехьа, вай хӀун дан деза?» 21Ахьи-Тупала Абушаламе элира: «Хьан дас кхузахь шен цӀа Ӏалашдан битинчу цуьнан гӀарбаш-зударшца дӀавижа. ТӀаккха массо а исраилхошна дӀахезар ду, хьо хьайн дена бӀаьргахь доллу дитт санна хета аьлла. Хьуна тӀаьхьа бевлларш хьоьца кхин а чӀогӀа тешаме болуш дӀахӀуьттур бу». 22 dШерачу тхов тӀехь Абушаламна четар хӀоттийра. Ткъа иза массо а Исраилан халкъана хьалха, четар чу а вахана, шен ден гӀарбаш-зударех кхийтира. Цу хенахь Ахьи-Тупала беш болу хьехамаш Делера болу хьехамаш санна лорура. Уьш Дауда а, Абушалама а чӀогӀа ладогӀа дезаш болу хьехамаш бара.23
Copyright information for
CheCAC2012