2 Samuel 20
ШебаӀан карзахвалар
1 aДагахь а доцуш, цигахь цхьа Ӏеса стаг нисвелла хилла. Иза бен-яманхо волчу Бихрин кӀант ШебаӀ хилла. Цо, коьман маӀа а лекхна, элира: «Даудаца болчаьрца вайн нах бац, Юшайн кӀант волчохь вайн дакъа а дац. Ва Исраилан халкъ, вешан цӀа дӀасадовлий вай!» 2Массо а исраилхо, Даудах дӀа а къаьстина, Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьахӀоьттира. Ткъа Йорданна тӀера Ярушалайме кхаччалц яхӀудхой шайн паччахьна уллохь севцира. 3 bДауд Ярушалаймехь долчу шен цӀа веара. Цо, шен цӀа Ӏалашдеш йитина йолу итт гӀарбаш-зуда схьа а ялийна, цхьана цӀа чохь охьахаийра, цӀенна гӀарол а дойтуш. Дауда цу зударийн дола дойтура, амма ша царах кхин ца кхийтира. Цу зударша шаьш дуьнен чохь йоккхуш йолу хан бисина Ӏаш болчу зударша санна яьккхира. 4Дауда Ӏамасаига элира: «Кхо де далале, схьакхайкха со волчу яхӀудхошка. Хьо а цигахь хила». 5Ӏамасаъ яхӀудхошка кхайкха вахара, амма паччахьо шена билгалъяьккхина йолу хан тӀехъялийтира цо. 6ТӀаккха Дауда Абушайга элира: «ХӀинца Бихрин кӀанта ШебаӀа Абушалама чул а чӀогӀа зен дийр ду. Сан тӀемалой схьа а эций, цунна тӀаьхьавала, чӀагӀйина йолу гӀаланаш а карийна, иза вайн бӀаьргашна хьалхара къайлавалале». 7Йоабаца хилла болу нах а, кератхой а, палетхой ▼▼Кератхой, палетхой – кхечу мехкашкара болу, паччахь ларвеш болу тӀемалой.
а, кхиболу майра тӀемалой а Ярушалаймера арабевлира, Бихрин кӀант ШебаӀ схьалацархьама цунна тӀаьхьабаха. 8Уьш ГавӀонна уллорачу боккхачу тӀулга тӀе кхаьчча, царна дуьхьал Ӏамасаъ кхийтира. Йоабана тӀехь тӀемалочун духар дара, гӀодаюккъехь батта чохь кхозуш тур а дара. И дуьхьалвогӀучу хенахь тур батта чуьра араделира. 9Йоаба Ӏамасаига элира: «Хьо могуш вуй те, сан ваша?» Йоаба аьтту куьйгаца Ӏамасаан маж схьалецира, цунна оба яккха дагахь. 10Ӏамасаа тидам ца бира Йоабан вукху куьйгахь доллучу туьран. Йоаба, Ӏамасаан гайх тур чекх а даьккхина, цуьнан чоко лаьтта арахийцира. Йоаба цунна кхин куьг тӀе ца даьхьира, хӀунда аьлча Ӏамасаъ велла Ӏуьллуш вара. Цул тӀаьхьа Йоаб а, цуьнан ваша Абушай а Бихрин кӀантана ШебаӀана юха а тӀаьхьавелира. 11Йоабан цхьана бӀаьхочо, Ӏамасаан докъа тӀе а хӀоьттина, элира: «Йоабана тешаме а, Даудана тӀаьхьахӀоьттина а мел верг хӀинца Йоабана тӀаьхьахӀотта веза!» 12Ткъа Ӏамасаан дакъа некъа юккъехь цӀийлахь Ӏуьллуш дара. ТӀаккха бӀаьхочо, тӀех мел волу стаг а, цу докъан уллохь соьцуш шена гича, Ӏамасаъ некъа тӀера аренга дӀа а такхийна, цунна тӀе цхьа бедар тесира. 13Дакъа некъа тӀера дӀадаьккхинчул тӀаьхьа, дерриг а халкъ Йоабаца цхьаьна Бихрин кӀантана ШебаӀана тӀаьхьаделира. 14Цул тӀаьхьа ШебаӀ массо а Исраилан тайпанашна юккъехула а, массо а берихойн ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: берихойн. Грекийн гочдар тӀехь: бихрихойн.
лаьттахула а чекхвелира, ша Абал-Байт-МаӀака кхаччалц дӀавоьдуш. Цу гӀаланашкара бахархой, вовшах а кхетий, цунна тӀаьхьахӀуьттура. 15Йоаба, шеца долчу эскарца схьа а веана, Абал-Байт-МаӀакана го бира. ГӀалина гонах боьттинчу тӀулгийн пена хьалха латта доьхкира цара, цу лаьттан баьрзнашна тӀехула гӀалин керта тӀе довла шайн аьтто хилийта. Йоабаца мел хилла волу стаг, гӀалин пена тӀе хӀума а етташ, иза бохо хӀоьттира. 16Цу гӀалахь ехаш йолчу цхьана хьекъал долчу зудчо, пена тӀе а яьлла, мохь туьйхира: «ЛадогӀа! ЛадогӀа соьга! Йоабе кхуза схьавола ала! Суна цуьнца къамел дан лаьа». 17Йоаб цо аьллачу метте схьавеара. Зудчо цуьнга хаьттира: «Хьо вуй Йоаб?» Цо жоп делира: «Ву». ТӀаккха зудчо элира: «Хьайн лай йолчуьнга ладогӀахьара ахьа». Йоаба элира: «Со ладугӀуш ву». 18Зудчо элира: «Хьалха олуш хилла: „Шена цхьа хӀума хатта луучо Абал-гӀалахь хатта“. Иштта гӀуллакхан сацам беш хилла. 19Тхо Исраилан халкъана юкъара машаре а, тешаме а болчу бахархойх ду. Ткъа хьо Исраилан махкахь нана санна йолу гӀала хӀаллакьян араваьлла ву. ХӀунда гӀерта хьо Везачу Элан тӀаьхье хӀаллакьян?» 20Йоаба жоп делира: «Соьгара и хӀума дер дац шуна! Аса шун гӀала хӀаллак а йийр яц, я йохор а яц! 21Иза иштта дац. Амма шун гӀала Эпрайм-лаьмнашкахь лаьттачу махкара Бихрин кӀант ШебаӀ кхаьчна. Цо шен паччахь волчу Даудана тӀе куьг даьхьна. Иза аша, схьа а лаций, соьга схьало. ТӀаккха со шун гӀалина го бинчуьра дӀавер ву шуна». Зудчо Йоабе элира: «Дика ду. Цуьнан корта гӀалин керта тӀера хьо волчу охьакхуссур бу». 22Цул тӀаьхьа и зуда дерриг а халкъе йистхилира, царна шен хьекъале дешнаш дӀахазош. ГӀалин бахархоша, Бихрин кӀентан ШебаӀан корта схьа а баьккхина, Йоабана дӀакхоьссира. ТӀаккха Йоаба шен коьман маӀа лекхира. ГӀалина го бина болу эскархой шайн-шайн цӀенош чу дӀасабевлира. Йоаб шен паччахь волчу Ярушалайме юхавирзира. Даудана уллохь болу нах
23Йоаб дерриг а Исраилан эскаран хьаькам вара. Ткъа ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний тӀехь куьйгалла дан хӀоттийра. 24Адунурам беза белхаш бойтучу нахана тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра. Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш яздархо дӀахӀоттийра. 25Шива йозанча вара. ЦӀадуккъий, Абу-ЯтӀаррий динан дай бара. 26Иштта Дауд волчохь динан да вара яирхо волу Ӏира а.
Copyright information for
CheCAC2012