‏ 2 Samuel 21

Дауд а, гавӀонхой а

1Дауда паччахьалла дечу заманчохь махкахь тӀекӀел кхаа шарахь мацалла лаьттира. Дауда Везачу Эле шен доӀанна тӀехь дийхира. Везачу Эло цунна жоп делира: «Иза Шаул а, цуьнан къиза цӀа а бахьана долуш ду, цо гавӀонхой байина дела», – аьлла. 2ТӀаккха паччахьо, гавӀонхой шена тӀе а кхайкхина, цаьрца къамел дира. (ГавӀонхой исраилхойх схьабевлла бацара, уьш эмархойх тӀаьхьадисинчу хӀух бара. Исраилхоша дуй биънера, царна зулам дийр дац шаьш аьлла, амма исраилхошна а, яхӀудхошна а тӀевирззина гӀайгӀа беш волу Шаул уьш хӀаллакбан гӀерташ хиллера.) 3Дауда гавӀонхошка элира: «Аса шайн дуьхьа хӀун дича бакъахьара хета шуна? Шуна динчу харцдолчун метта хӀун дала деза, шуьга Везачу Элан халкъ декъалдайтархьама?»

4ГавӀонхоша Дауде элира: «Шаулера а, цуьнан тӀаьхьенера а деши я дети ца оьшу тхуна. Исраилхошна юкъара, тхуна лиъча а, цхьа а вен бакъо яц тхан».

Дауда хаьттира: «Аса хӀун дича бакъахь хетара шуна?»

5Цара паччахьна жоп делира: «Тхо хӀаллакдан а, тхан къам дерриг а Исраилан лаьтта тӀера дӀадаккха а гӀертара Шаул. 6Схьало тхан кара Шаулан тӀаьхьенах волу ворхӀ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаӀ-гӀалахь ирхъухкур бу».

Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дӀалур бу».

7 aШаулан кӀентан ЯхӀунатин кӀант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хӀунда аьлча Дауданий, ЯхӀунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чӀагӀо хилла. 8 bДауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дӀавелира. Уьш бара Шаулна АяхӀун йоӀа Рицпата бина болу кӀентий. Цо иштта Шаулан йоӀа Мирабас вина волу пхи кӀант а дӀавелира. Уьш бара Шаулан йоӀа Махьуларчу Барзалайн кӀантана Ӏадриалана бина. 9Цо уьш гавӀонхойн кара дӀабелира, ткъа цара уьш Везачу Элана хьалха гу тӀехь ирхъоьхкира. Уьш ворххӀе а цхьаьна велира. Ялта чудерзочу хьалхарчу деношкахь белла дӀабевлира уьш.

10АяхӀун йоӀа Рицпата, Ӏаьржа шаршу схьа а эцна, иза тӀулга тӀе дӀаяржийра. Ялта чуоьцучу хенахь дуьйна, чӀогӀа догӀанаш декъашна тӀе доладаллалц, дийнахь а, буса а цигахь Ӏийра иза. Цо я стигалахь лелаш долу олхазарш а, я лаьттахь лелаш йолу акхарой а церан декъашна тӀе ца кховдуьйтура.

11Шаулан гӀарбаш-зуда хилла йолчу АяхӀун йоӀа Рицпата динарг Дауде дӀадийцича, 12 cДауда, ваха а вахана, ГалӀадан Явешера бахархошкара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш схьаийцира. (Цара уьш Байт-Шанарчу майданара къайлаха схьаэцна хилла, Шаул а, цуьнан кӀант ЯхӀуната а, пӀелаштамхоша ГилбаӀахь вен а вийна, ирхъоьхкинчуьра.) 13Цигара Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш, схьа а гулйина, схьаяийтира Дауда. Иштта ирхъоьллина хиллачу ворххӀе а стеган даьӀахкаш а схьагулъяйтира цо. 14Шаулан а, цуьнан кӀентан ЯхӀунатин а даьӀахкаш дӀайоьхкира бен-яманхойн лаьтта тӀехь йолчу ЦелаӀ-гӀаларчу Шаулан ден Къушин къуббан чохь. Паччахьо тӀе мел диллинарг деш дӀахӀоьттира халкъ. Цул тӀаьхьа наха махкана тӀера динчу доӀанаша Делан дог дашийра.

ПӀелаштамхошца хилла тӀемаш

(1 Шерашкахь 20:4-8)

15ПӀелаштамхошний, исраилхошний юкъахь юха а тӀом дӀаболабелира. Дауд, шен эскархошца ара а ваьлла, тӀом бан волавелира, амма иза сихха кӀадвелира. 16Турпалш болчу репахойн гаранах волчу Ишби-Банубан гоьмукъ хилла, цӀестан йолу юьхьиг кхо бӀе шекхалал еза а йолуш
Кхо бӀе шекхал – иза кхоъ ах кийланан барамехь ю.
. Цуьнан керла тур а хилла. Ишби-Бануб Дауд вен гӀерташ хилла.
17 eАмма Царуятан кӀанта Абушайс кӀелхьарваьккхира Дауд. Цо пӀелаштамхо, тоьхна, вийра. Даудаца хиллачу наха чӀагӀо йира. Цара элира: «Кхин цкъа а тхоьца тӀаме аравер вац хьо, Исраилан махкахь богуш болу чиркх дӀа ца байтархьама».

18Гоба-гӀалахь кхин а тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн гаранах волу Сапа вийра.

19Кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца Гобахь. Цигахь Байтлахамарчу ЯӀар-Орагайман кӀанта Элхьанана гатихо волу ГӀолиат вийра. Гатихочун гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.

20Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара. 21Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШамаӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.

22И виъ стаг Гати-гӀаларчу турпалхойн гаранах вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.
Copyright information for CheCAC2012