2 Samuel 22
Даудан хастаман назма
(Забур 17)
1ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура, Цо ша массо а мостагӀийн а, Шаулан карара а кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. 2Цо элира:«Веза Эла – сан тарх, сан чӀагӀо,со КӀелхьарваккхархо ву.
3Иза сан Дела а, сан Тарх а ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а,
сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу,
Иза сан КӀелхьарваккхархо ву,
луьрачу мостагӀех со кӀелхьарваьккхи Цо!
4Шена хастам бан хьакъ долуш волчу
Везачу Эле Аса ма кхойкху,
Цо со сан мостагӀех кӀелхьарвоккху.
5Ӏожаллин тулгӀенаш яра суна гонах хьийзаш.
Дохаран Ӏовраша со вара дурс дӀахьош.
6Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох,
Ӏожаллин бой яра суна хьалха.
7Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира аса.
Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со.
Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира.
Сан мохь Цуьнан лере кхечира.
8Латта дега а дира, ласта а лестира,
стигалийн баххаш меттах а девлира,
дега а дира, Дела оьгӀазвахана дела.
9Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира,
доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара а елира,
догуш долу кӀегий охьаэгара цу чуьра.
10Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11 Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза,
механ тӀемаш тӀехь охьавоьссира Иза.
12Цо бода, Шена гонах долу четар санна, бира,
хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех
къайлаволу меттиг Шена йира.
13Цунна хьалхара дукха къегаш хиларна,
догуш, кӀегий серладуьйлира.
14Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гӀовгӀа яьккхира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
15Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагӀий дӀасалаьхкира,
дукха ткъес а хьажийна,
Цо уьш ма дарбира.
16Цуьнан оьгӀазе аз дӀахезча,
Цуьнан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча,
хӀордийн баххаш гучудевлира,
дуьненан бух схьабеллабелира.
17Везачу Эло лакхаллера,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.
19Сан де эшначу дийнахь сан мостагӀий суна дуьхьалбевллера,
амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
20Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.
21Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цӀена хиларе терра Цо суна кхаъ белла.
22Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делера дӀа ца верзалуш, со Ӏеса ца лелара.
23Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.
24Цунна хьалха со цӀена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25Со нийса леларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.
26Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачу майрачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекара хиларе хьаьжжина хуьлу.
28Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху,
цабашарца хьоьжурш Хьайн хьажарца охьатаӀабо Ахьа.
29Веза Эла! Хьо – сан чиркх бу.
Ахьа сан бода серлабоккху.
30Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.
31Дела – Цуьнан некъ кхоччуш бу!
Везачу Элан дош ма цӀена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.
32Мила ву ткъа Дела, Веза Эла воцург?
Мила ву ткъа тарх, вайн Дела воцург?
33Дала суна берриг ницкъ а ло,
ткъа Цо сан некъ нийса а бо
34Сан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхаллашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
35Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо,
сан хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.
36Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан гӀоьно со тӀех воккха вира.
37Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан хьакхолгаш гал ца йолура.
38Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, со ведда леллера,
уьш хӀаллак а беш, уьш байалц юха а ца вирзира.
39Аса уьш, хӀаллак а бина, байа а байина,
уьш сан когашна хьалха охьаэггалц.
40Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина,
цундела аса со цавезнарш хӀаллакбина.
42Цара шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо жоп ца лора.
43Чан санна, кегийра дакъош дора Аса царах,
арара хатт санна, тӀе когаш а бетташ, хьуьйра ас уьш.
44Ахьа суна дуьхьалдаьллачу сан халкъах кӀелхьарваьккхина со.
Со дийна витина Ахьа, къаьмнашна тӀехь куьйгалла дайта.
Суна девзаш ца хилла долу адамаш суна гӀуллакх деш лелаш ду.
45Кхечу мехкашкара нах суна хьесталуш бу,
со ву аьлла ма-хеззина, суна муьтӀахь хуьлий, дӀахӀуьтту уьш.
46Шайн даг чохь лаьттачу кхерамо гӀора дӀадаьккхина церан,
цундела уьш бегош, шайн чӀагӀонан меттигашкара арабуьйлура.
47Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда сан чӀагӀо волу, со кӀелхьарвоккху Дела.
48Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
49сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.
50Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе хестор а ю.
51Везачу Эло шен паччахьна баккхий толамаш ло.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».
Copyright information for
CheCAC2012