2 Samuel 23
Даудан тӀаьххьара дешнаш
1ХӀорш ду Даудан тӀаьххьара дешнаш: «Иштта олу Юшайн кӀант волчу Дауда,иштта олу Дала вазвина волчу стага.
Якъубан Дала паччахь хила къобалвинарг а,
Исраилан халкъан хаза назманаш олург а ву иза.
2Везачу Элан са а ду суна чохь,
Цуьнан дош а ду сан метта тӀехь.
3Исраилан халкъан Дала дийцинера,
Исраилан халкъан Тархо соьга аьллера:
„Нийсонца нахана тӀехь олалла дийриг,
Делах а кхоьруш, олалла дийриг,
4малх хьалаболучу Ӏуьйренан нур санна,
марха йоцучу Ӏуьйренан нур санна,
лаьттара сийна буц хьалайолуьйтуш йолу
догӀа сецча хуьлу серло санна ю“.
5Сан тӀаьхьенца вац ткъа Дела?
Дала соьца массо а ханна болу барт бина,
цуьнан чӀагӀо йохор а яц, хийцалур а яц.
Суна мел гӀо деш дерг а,
суна мел лууш дерг а,
хуьлуьйтур дац ткъа Цо?
6Ткъа Ӏеса нах хир бу, дӀакхуссуш долу кӀохцалш санна,
цхьаммо а куьйгаца схьаоьцуш доцу.
7Царах дӀахьакхавала лууш волчо,
шен кара эчиг я гоьмукъан дечиг схьаоьцу.
И кӀохцалш шаьш долччохь цо дагадо».
Даудан уггар майра тӀемалой
(1 Шерашкахь 11:10-41)
8ХӀорш ю Даудан майрачу тӀемалойн цӀерш: тахьикманхо волу Яшуб-Бушбат, иза майрачу кхаанна юкъахь коьртаниг хилла. Цо, шен гоьмукъ бархӀ бӀе стагана дуьхьал а баьккхина, уьш цхьана тӀамехь эшийна. 9Оцу кхаанна юкъара шолгӀаниг ахьохьахо волчу Додин кӀант ЭлиӀазар хилла. ПӀелаштамхойх бийла а буьйлуш, цаьрга тӀаме тӀекхойкхучу хенахь Даудаца цхьаьна хиллачарах цхьаъ вара иза. ПӀелаштамхой цигахь тӀом бан дагахь арабевлла хилла, амма исраилхой юхабевлла. 10ЭлиӀазар хилла цигахь, пӀелаштамхошна дуьхьал а ваьлла, тӀом беш. Цо, шен куьг, кӀад а делла, туьрана тӀелатталц, уьш байина. Везачу Эло боккха толам белла исраилхошна цу дийнахь. ЭлиӀазар толам баьккхина ваьллачул тӀаьхьа, тӀемалой тӀегулбелла цунна. Царна беллачу нахана тӀера бедарш схьагулъяр бен кхин дан хӀума ца диснера. 11КхоалгӀаниг хилла ХӀарар-гӀалара волу АгӀин кӀант Шама. Лахьи цӀе йолчу меттигехь, хьозийн кхоьш дӀайийначу кха тӀехь, тӀом бан схьагулбелла пӀелаштамхой. Цигара исраилхойн эскар пӀелаштамхойх дедда дӀадахана. 12Амма Шамас, цу кха юккъехь дӀа а хӀоьттина, пӀелаштамхой эша а бина, и меттиг кӀелхьаръяьккхина. Везачу Эло цу дийнахь Исраилан халкъана боккха толам белла. 13Ялта схьагулдечу цхьана дийнахь, пӀелаштамхой шайн меттаматтаца репахойн тогӀи чохь лаьтташ а болуш, ткъе итт баьччанех волу кхо стаг Дауд волчу веана Ӏадулам олучу хьеха чу. 14Дауд цу хенахь чӀагӀйинчу меттехь вара, ткъа пӀелаштамхойх цхьа эскаран тоба Байтлахам-гӀалахь хилла. 15Хьагвелла волчу Дауда аьлла: «Байтлахам-гӀалин кевнера гӀу чуьра мала хи хьан дахьар дара те суна?» 16ТӀаккха майра кхо тӀемало, пӀелаштамхойн меттаматтехула чекх а ваьлла, Байтлахаман кевнехь йолчу гӀу чуьра хи а эцна, иза Даудана а дахьаш, схьавеара. Амма Даудана и хи мала ца лиира. Цо и хи, сагӀина а лерина, Везачу Элана хьалха лаьтта охьадоьттира. 17Дауда элира: «Веза Эла, ца малало-кх соьга и хи. И хи дан бахана болчу, шайн синош ца кхоийначу кху къонахийн цӀий санна дац иза?» Цундела ца лиира Даудана и хи мала. Иштта хьуьнаре гӀуллакхаш дора цу майрачу кхаа тӀемалочо. 18Йоабан ваша, Царуятан кӀант волу Абушай, цу ткъе итт тӀемалочун коьртехь вара. Цо шен гоьмукъца кхо бӀе стаг вийнера, цундела цу кхааммо лоруш вара иза. 19Цу кхаа турпалхочун чул а чӀогӀа цӀе яхана вара иза, церан хьаькам хилла дӀахӀоьттина а вара, амма иза церан могӀаре вогӀуш вацара. 20ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу а майра стаг хилла. Иза ша Къабциал-юьртара вара. Цо шегара даккхий хьуьнарш гайтинера. Цуьнан карах валар хиллера муабахойн гӀараваьллачу шина баьччанан ▼▼ГӀараваьллачу шина баьччанан – я иштта: Ариалан шина кӀентан.
. Иштта ло догӀучу дийнахь, ор чу а ваьлла, лом дийнера цо. 21Кхин а цхьа чӀогӀа лекха волу мисархо хилла цо вийна. Мисархочун карахь гоьмукъ хилла, ткъа хӀара карахь гӀаж а йолуш, дуьхьалваьлла цунна. БенъяхӀус, мисархочуьнгара гоьмукъ схьа а баьккхина, цуьнан шен гоьмукъ а тоьхна, иза вийна. 22И тайпа хьуьнаре гӀуллакхаш дина хилла ЯхӀу-ЯдаӀан кӀанта БенъяхӀус. Цундела иза, важа кхо турпалхо санна, гӀараваьлла вевзаш вара. 23Иза ткъе иттаннал чӀогӀа цӀе яххана вара, амма вукху кхаанца нислуш вацара. Дауда шен хана юкъахь коьртаниг вина дӀахӀоттийра БенъяхӀу. 24Коьрта ткъе итт тӀемалочунна юкъабогӀуш бара: Йоабан ваша ӀасахӀал,Байтлахам-гӀалара Додин кӀант Элхьанан,
25хьародхой болу Шама а, Эликха а,
26палтихо волу Хьелац,
такхоӀхо волчу Ӏакхешан кӀант Ӏира,
27Ӏанатотхо Абу-Ӏезар,
хьушатхо Мубани,
28ахьохьахо Цалмун,
натӀупатхо Махьран,
29натӀупатхо волчу БаӀнин кӀант Хьалид,
бен-яманхойн ГебаӀ-гӀалара Ребин кӀант Ита,
30пӀарӀатунхо БенъяхӀу,
ГаӀашан тогӀешкара ХӀиди,
31Ӏарбатхо волу Абу-Ӏалбан,
бархьумхо волу Ӏазмават,
32шаӀалбанхо Элияхьба,
Яшанан кӀентий,
ЯхӀуната,
33хӀарархо ШамаӀ,
хӀарархо волчу Шараран кӀант Ахьиам,
34маӀхахочун Ахьасбин кӀант Эли-Пулат,
гилохо волчу Ахьи-Тупалан кӀант ЭлиӀам,
35кармалхо Хьецари,
арбахо волу ПаӀра,
36Цобарчу Натин кӀант ИгӀал,
гадахо волу Бани,
37Ӏамминхо волу Цалакх,
Царуятан кӀентан Йоабан герзлелорхо волу бератхо Нахьрай,
38итархо волу Ӏира,
итархо волу ГӀараб,
39хьетахо волу УръяхӀу.
Уьш массо а ткъе вуьрхӀитта стаг вара.
Copyright information for
CheCAC2012