2 Samuel 24
Дауда халкъ дагардар
(1 Шерашкахь 21:1-27)
1Веза Эла юха а оьгӀазвахара исраилхошна. Цо Дауд исраилхошна дуьхьалваьккхира. Дауда элира: «Даха а гӀой, Исраил-махкахь а, ЯхӀуд-махкахь а долу халкъ дагарде». 2Дауда шен эскаран хьаькам волчу Йоабе элира: «Даха а гӀой, Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу массо а исраилхойн тайпанаш юкъахь долу халкъ дагарде, суна уьш мел бу хаийта». 3ТӀаккха Йоаба паччахье элира: «Хьан Везачу Дала халкъ кхин а бӀозза алсамдоккхийла, сан эла волчунна иза ган а гойла. Ткъа сан паччахь волчу элана хӀунда оьшу иза?» 4Амма паччахьо аьллачу дешнаша къера хилийтира Йоаб а, кхиболу тӀеман хьаькамаш а. Уьш, паччахьна уллора дӀа а бахана, Исраилан халкъ дагардан бахара. 5Йордан-хил дехьа а бевлла, ӀаруӀерахь севцира уьш, тогӀи чохь йолчу гӀалина къилбехьа. Цу тӀера уьш Гадин тайпанан махкахула ЯӀзир-гӀала йолчу дӀабахара. 6ТӀаккха уьш ГалӀада а, ТӀахтайм-Хьудшин а латтанашка дӀабахара, уьш кхин а Дан-ЯьӀнехула чекхбевлира. ТӀаккха уьш, го а баьккхина, ЦӀадан йолчу бахара. 7Иштта Цорарчу гӀопехула а, хьаьвихойн а, канаӀанхойн а гӀаланашкахула а чекхбевлира. ТӀаьххьара а ЯхӀуд-махкана къилбехьа Ӏуьллучу Беар-ШабаӀе кхечира уьш. 8Массо а махкахула чекх а бевлла, исс буттий, ткъа дей даьлча, уьш Ярушалайме кхечира. 9Нах багарбаран жамӀ паччахье дӀаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тӀом балур болуш волу бархӀ бӀе эзар исраилхо хилар, ткъа яхӀудхо – пхи бӀе эзар стаг. 10Ша халкъ дагардина ваьллачул тӀаьхьа, юьхьӀаьржачу хӀоттарна дог тохаделира Даудан. Везачу Эле цо элира: «И хӀума дар бахьана долуш аса сайх доккха къа латийна. Веза Эла, Хьан лай волчу суна гечдар доьху аса Хьоьга. ЧӀогӀа хьекъале доцу хӀума дина аса». 11Вукху дийнахь Ӏуьйранна Дауд самаваьлча, цуьнан Делера дерг гуш волчу Гада-пайхамаре Везачу Элан дош кхечира. 12Везачу Эло Гадига элира: «Ваха а гӀой, Дауде дӀаала: „Везачу Эло боху: ‘Хьуна лерина кхо таӀзар ду Сан. Царах хьайна цхьаъ схьахаржа, иза Соьга кхочушдайта’“». 13Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «ВорхӀ шарахь ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: ворхӀ шарахь. Грекийн гочдар тӀехь: кхаа шарахь.
мацалла лаьттийла лаьа хьуна хьайн махкахь, я кхаа баттахь хьайн мостагӀех ведда лела лаьа хьуна, я кхаа дийнахь хьан махкахь ун хӀуттийла лаьа хьуна? Ойла а яй, соьга хаам бе, хӀун ала аса со Ваийтинчуьнга?» 14Дауда Гадига элира: «Соьгахь боккха бала бу! Везачу Элан кара дӀадалийтахьара тхо, Цуьнан къинхетам боккха болу дела. Ткъа адамийн кара тхо дӀа ма далийтахьара». 15Цу Ӏуьйранна дуьйна схьа Ша йиллина йолу хан тӀекхаччалц, Везачу Эло исраилхошна ун тӀехийцира. Дан-гӀалара дуьйна Беар-ШабаӀе кхаччалц долчу латтанаш тӀехь дехаш долчу халкъа юкъара кхузткъе итт эзар стаг велира и ун бахьана долуш. 16Ярушалаймана тӀе шен куьг хьалаайира Малико, иза хӀаллакьян дагахь, амма и бохам хилла дохковаьлла волчу Везачу Эло адам хӀаллакдеш долчу малике элира: «Тоьар ду! ХӀинца охьадахийта хьайн куьг». Везачу Элан малик цу хенахь явсайхо волчу Аравнин хьаьтта уллохь дара. 17Адам хӀаллакдеш долу малик шена гича, Дауда Везачу Эле элира: «Аса къа латийна! Сан бакъо йоцург дина аса! Амма хӀокху наха цхьа а вониг ца дина. Уьш, уьстагӀий санна, суна тӀаьхьахӀиттина лелла. Цундела Хьан таӀзар суна а, сан ден доьзална а тӀе доьрзийла». 18Цу дийнахь Гадас, Дауд волчу а веана, цуьнга элира: «Ваха а гӀой, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг кечъе явсайхо волчу Аравнин хьаьттахь». 19Дауда Везачу Эло Гадигахула шега аьлларг кхочушдира. 20Аравнина ша волчу вогӀуш волу паччахь а, цуьнан ялхой а гира. Ара а ваьлла, цо паччахьна хьалха лаьтта кхаччалц корта охьатаӀийра. 21Аравнис хаьттира: «Сан паччахь волу эла шен лай волчу хӀунда веана те?» Дауда жоп делира: «Со хьоьгара хьаьтта эца веана, кхузахь, Везачу Элана сагӀа доккхуш йолу меттиг а кечйина, ун сацадайтархьама». 22Аравнис Дауде элира: «СагӀа даккха шайна оьшуш мел долу хӀума схьаэца. Дийнаташ дагоран сагӀина оьшуш долу стерчий а, дечиган метта мекха а, стерчийн дукъ а кхузахь ду шуна. 23И ша мел ерг а ас хьуна дӀало, паччахь!» Аравнис кхин а цхьа хӀума элира паччахье: «Хьан Веза Дела реза хуьлда хьуна». 24Амма паччахьо Аравнига элира: «ХӀан-хӀа! Везачу Элана лерина долу сагӀа маьхза даккха ца лаьа суна. Аса цу лаьттах богӀу мах хьуна дӀалур бу». Дауда хьаьтта а, стерчий а ийцира, цунах шовзткъе итт шекхал дети а делла. 25Цигахь Дауда Везачу Элана лерина долу сагӀа доккху меттиг кечйира. Цо цигахь дийнаташ дагоран а, бертан а сагӀанаш а дехира. Везачу Эло цуьнан доӀанна жоп делира, Исраилан халкъана тӀера ун дӀа а даьккхира.
Copyright information for
CheCAC2012