2 Samuel 4
Иш-Бошат вер
1Шаулан кӀант Иш-Бошат, шена Хьевронехь Абунар веллийла дӀахиъча, чӀогӀа воьхна хьаьвзира. Иштта доьхна дара массо а халкъ а. 2Шаулан кӀентан эскаран шиъ куьйгалхо хилла – БаӀний, Рахбий. И шиъ бен-яманхойн цӀийнах волчу баировтхочун Римунан ши кӀант вара. (Ткъа Баировт Бен-Яманна чуйогӀуш хилла. 3Баировтхой бевдда ГӀитайме дӀабахана. Уьш хӀинца а цигахь тӀебаьхкина нах санна Ӏаш бу.) 4 aШаулан кӀентан ЯхӀунатин астагӀа а волуш кӀант хилла. Иза пхи шо долуш хилла, ИзраӀалара Шаулаххий, ЯхӀунатаххий лаьцна ирча кхаъ беанчу хенахь. Церан бераш лелош йолу зуда, катоьхна кӀант схьа а эцна, иза кӀелхьарваккхархьама едда йоьдуш хилла. Иза едда йоьдучу хенахь, кӀант цуьнан карара охьавоьжна. ХӀетахь дуьйна схьа иза астагӀваьлла лелаш хилла. Цу кӀентан цӀе Мапи-Бошат яра. 5Баировтхо волчу Римунан ши кӀант Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа вахана. Уьш де дохделлачу хенахь цига дӀакхечира. Иш-Бошат цу хенахь, садоӀуш, шен меттахь вижина Ӏуьллуш вара. 6Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира ▼▼Цхьана ширачу гочдар тӀехь: Ткъа кевнера кӀа цӀандеш йолчу ялхочунна наб кхеттера. Рахбий, БаӀний Иш-Бошатан цӀа чу велира. Ӏебархойн тептар тӀехь дӀаяздина ду: Рахбий, БаӀний, шаьшшиъ кӀа оьшуш веача санна, цуьнан цӀа чу велира.
. Цуьнан гайх тур а Ӏоьттина, уьш бевдда дӀабахара. 7И шиъ Иш-Бошатан дӀавуьжучу цӀа чу ваьлча, иза шен меттахь наб еш вара. Шаьш иза вийначул тӀаьхьа, цара цуьнан корта, тӀера а баьккхина, шайца дӀабаьхьира. Буьйса дӀаяллалц, Йордан-хин тогӀехула дӀаихира и шиъ. 8Иш-Бошатан корта Хьевронехь Ӏаш волу Дауд волчу схьабеара цара. Паччахье вежарша элира: «ХӀара, хьо вен гӀерташ, хьуна тӀаьхьаваьлла леллачу хьан мостагӀчун Шаулан кӀентан Иш-Бошатан корта бу. ХӀинца Везачу Эло бекхам бина Шаулна а, цуьнан тӀаьхьенна а сан паччахь волу олахо бахьана долуш». 9Дауда баировтхо волчу Римунан кӀенташка элира: «Массо а халонех со кӀелхьарваьккхинчу, дийна волчу Везачу Элах чӀагӀо йо ас. 10 cЦхьана стага соьга, ша беанарг хаза кхаъ бу моьттуш, элира: „Шаул велла дӀаваьлла“. Амма, цунна совгӀат дан дезачохь, аса иза ЦакхелагӀахь, схьа а лаьцна, вийра. 11Ткъа хӀинца пайда боцучу наха шен меттахь вижина Ӏуьллуш волу цхьа а бехк боцу стаг вийча, аса шуна бекхам бан ца беза, шу дайа а дайина?» 12Дауда шен эскархошка омра дира, уьш байа аьлла. Цара уьш байира, церан куьйгаш а, когаш а схьа а даьхна, догӀмаш Хьевронехь Ӏома йистехь хьалаоьхкира. Ткъа Иш-Бошатан корта, схьа а эцна, Хьевронехь Абунаран коша чохь дӀабоьллира.
Copyright information for
CheCAC2012