2 Samuel 5
Исраилхоша Дауд шайн паччахь вина дӀахӀоттаво
(1 Шерашкахь 11:1-9; 14:1-7)
1Исраилан халкъан массо а тайпанашкара болчу наха, Дауд волчу Хьевроне а баьхкина, цуьнга элира: «Тхо хьан са а, цӀий а ду. 2Шаул тхуна тӀехь паччахьалла деш волчу хенахь а, ахьа Исраилан халкъ тӀам тӀе а дигна, цигара юха а далийна. Везачу Эло хьоьга элира: „Хьо Сан Исраилан халкъана тӀехь жаӀу хир ву, цуьнан баьчча а хир ву“». 3Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара. 4 aПаччахь хилла Дауд дӀахӀоьттича, цуьнан ткъе итт шо дара. Дауда шовзткъа шарахь паччахьалла дира. 5Хьевронехь ша волуш, цо ЯхӀудан халкъана тӀехь ворхӀ шараххьий, ялх баттаххьий шен паччахьалла латтийна, ткъа Ярушалаймехь иза дерриг а Исраилан халкъана а, ЯхӀудан халкъана а тӀехь ткъе кхойтта шарахь паччахь хилла лаьттира.Дауда Ярушалайм-гӀала схьайоккху
6 bПаччахь а, цуьнца болу нах а Ярушалайме бахара, цигахь бехаш болчу явсайхошна тӀелата. Ткъа цара Дауде элира: «Хьо кхуза чувогӀур вац: ур-атталла бӀаьрзечарий, астагӀчарий дӀалоллур ву хьо». Иза «Дауд кхуза чувалур вац» бохург дара. 7Делахь а, уьш эша а бина, Дауда Цийон олуш йолу гӀап схьаяьккхина. ТӀаьхьо цу гӀопана, «Даудан гӀала» аьлла, цӀе тиллира. 8Цу дийнахь Дауда элира: «Явсайхой эшо лууш мел верг лаьтта кӀелахь йолчу биргӀанехула ваха веза, „бӀаьрзе а, астагӀа а“болу сан мостагӀий болчу царна тӀекхачархьама». Цундела олуш ду: «АстагӀа верггий, бӀаьрзениггий цӀа чу вогӀур вац». 9Дауд цу гӀопа чохь ваха хиира, цуьнан цӀе, «Даудан гӀала» аьлла, тиллира. Цо гӀалина гонах долчу лаьтта тӀехь гӀишлош дӀахӀиттийра. Цо Милло олучу гу тӀера дуьйна дӀахӀиттийнера уьш. 10Даудан паччахьалла чӀагӀлуш дӀадоьдуш дара, массо ницкъийн Веза Дела а цуьнца вара. 11Цора-гӀалара паччахьо Хьирама Дауд волчу геланчаш бахкийтира. Цара баганан дечиган дитташ а деара, шайца тӀулган а, дечиган а пхьераш а балийра. Цара Даудана цӀенош дира. 12ТӀаккха хиира Даудана Везачу Эло ша исраилхойн паччахьан даржехь чӀагӀвинийла а, Цо хаьржина долчу Исраилан халкъан дуьхьа шен паччахьалла айинийла а. 13Хьевронера Ярушалайме а веана, Дауда шена кхин а зударий а, гӀарбаш-зударий а бигира. Кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира Даудан. 14Ярушалаймехь цунна дина долчу берийн цӀераш иштта яра: ШамуӀ, Шубаб, Ната, Сулим, 15Ибхьар, Эли-ШуӀа, Непаг, ЯпияӀ, 16Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.Дауда пӀелаштамхошна дуьхьал тӀом бо
(1 Шерашкахь 14:8-17)
17ПӀелаштамхошна Дауд Исраилан паччахь къобалвинийла дӀахиъча, уьш массо а иза лаха арабевлира. Амма Дауд, шена и хезча, шен чӀагӀйина йолчу меттиге дӀавахара. 18Ткъа пӀелаштамхой, схьа а баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 19Дауда Везачу Эле хаьттира: «Со пӀелаштамхошна дуьхьал вала мегий? Ахьа уьш сан кара схьалур буй те?» Везачу Эло жоп делира: «Мега. Аса пӀелаштамхой хьан кара дӀалур бу». 20Дауда, БаӀал-Паруциме а вахана, пӀелаштамхой эшийра. Дауда элира: «Дистина тӀедогӀучу хино санна, Везачу Эло дӀабехира сан мостагӀий суна хьалхара». Цундела цу меттиган цӀе, БаӀал-Паруцим аьлла, тиллина (иза «хи тӀедаларан олахо» бохург ду). 21ПӀелаштамхоша цигахь шайн цӀуш битира, ткъа Дауда а, цуьнца болчара а уьш схьаийцира. 22Юха а пӀелаштамхой, баьхкина, Репайм олучу тогӀи чохь охьахевшира. 23Дауда кхин цкъа а Везачу Эле хаттар дира, Цо цунна жоп делира: «Царна дуьхьал ара ма вала. ТӀехьахула тӀе а гӀой, комарийн дитташ долчу агӀор царна тӀелата. 24Хьайна, комарийн диттийн баххьашкахула цхьаъ дӀавоьдуш санна, гӀовгӀа хазахь, сихха царна тӀе гӀо. Цунах хьуна хуур ду, Веза Эла, хьуна хьалха а ваьлла, пӀелаштамхойн эскар хӀаллакдан воьдийла». 25Дауда Везачу Эло шена тӀедиллинарг кхочушдира. Цо пӀелаштамхойн эскар ГавӀон-гӀалара дуьйна ГӀазар-гӀалина тӀекхаччалц эшийра.
Copyright information for
CheCAC2012