cЗабур 88:37, 38.
2 Samuel 7
Даудана Делера бина хаам
(1 Шерашкахь 17:1-15)
1Паччахь шен цӀахь Ӏаш вара. Везачу Эло иза шена гонах болчу мостагӀех мукъа витинера. 2ТӀаккха паччахьо Ната-пайхамаре элира: «Хьажал, со баганан дечигах дина долчу цӀенна чохь Ӏаш ву, ткъа Делан тӀорказ четар бухахь лаьтташ ду». 3Натас паччахье элира: «Хьайна дан дагадеанарг, ваха а гӀой, де, Веза Эла хьоьца ву». 4Амма цу буссехь Натига Везачу Элан дош кхечира: 5«Ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала, Везачу Эло иштта боху алий: „Хьо вуй те Суна чохь Ӏан цӀа ден верг? 6Исраилхой Мисар-махкара Аса арабаьхначу хенахь дуьйна схьа, таханлера де тӀекхаччалц, Со цӀа чохь Ӏийна вац. Ерриг а цу хенахь Со четар чохь Ӏийра, цхьана меттера вукху метте а вуьйлуш. 7Исраилан халкъаца Со миччахьахула а лелачу хенахь халкъан тайпанашкара цхьаьнгге а, Сайн Исраилан къомана тӀехь Ӏуналла дан Айса къобалвинчуьнга хаьттиний ткъа Аса: ‘Аша Суна баганан дечигах цӀа хӀунда ца до?’“ 8Ткъа хӀинца, ваха а гӀой, Сан лай волчу Дауде дӀаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагӀий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тӀехь баьчча хӀоттийна. 9Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагӀий Аса хӀаллакбина. Аса дуьнен тӀехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. 10Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргӀат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, 11мехкан куьйгалхой Сан къомана тӀехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагӀех хьо кӀелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тӀаьхьенах цӀа дийр ду аьлла. 12 aХьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дӀакхелхинчул тӀаьхьа, Аса хьан тӀаьхьенах цхьаъ паччахь вина дӀахӀоттор ву, цуьнан паччахьалла чӀагӀ а дийр ду. 13Цо Суна лерина цӀа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чӀагӀвийр ву. 14 bСо цуьнан да хир ву, иза Сан кӀант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таӀзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таӀзар дийр ду Ас цунна. 15Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бӀаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. 16 cХьан цӀа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гӀант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» 17Дерриг и дешнаш а, шена хӀоьттина сурт а Натас ма-дарра дӀадийцира Дауде.Дауда Деле доӀа до
(1 Шерашкахь 17:16-27)
18ТӀаккха Дауд-паччахьо, ваха а вахана, Везачу Элана хьалхахь дӀа а хӀоьттина, элира: «Со а мила вара, ва сан Хьалдолу Эла, сан цӀа а хӀун яра, Ахьа цу тайпана со даржехь лакхаваккхал? 19Хьуна-м иза а кӀезиг хетта, сан Хьалдолу Эла! Ахьа Хьайн лай волчун цӀийнах хиндерг а схьадийци. Адамашна лерина иштта Ӏедал Хьан ду техьа, сан Хьалдолу Эла? 20ХӀун эр ду Хьоьга Дауда? Хьуна Хьайн лай ма вевза, сан Хьалдолу Эла. 21Айхьа аьллачун дуьхьа а, Хьайн деган лаамца а и даккхий хӀуманаш дина Ахьа, и шадерг Хьайн лайна дӀа а довзуьйтуш. 22Хьо воккха ву, сан Хьалдолу Эла. Хьоьца нисван цхьа а стаг а вац, Хьо воцург Дела а вац, тхайн лергашна тхуна схьа-ма-хаззара. 23 dМичахь ду Хьан санна долу къам? Мичахь ду Исраилан санна долу халкъ? Шен дуьхьа Дела араваьлла къам дуьнен чохь цхьаъ бен дац. Дела аравелира, Шена и къам мехах схьаэцархьама а, Шен цӀе айархьама а, уьш бахьана долуш даккхий а, инзаре а гӀуллакхаш дархьама а. Айхьа Мисар-махкара мехах паргӀатдаьккхина долчу Хьайн къомана хьалхара важа къаьмнаш а, церан деланаш а дӀалохкура Ахь. 24Ахьа Исраилан къам, Хьайн къам а дина, массо а ханна хаьржина, ткъа Хьо, Веза Эла, цуьнан Дела хилла дӀахӀоьттина. 25Ткъа хӀинца, Веза Дела, Айхьа Хьайн лай волчу сох а, сан цӀийнах а лаьцна аьлла долу дош массо а тӀейогӀун йолчу ханна чӀагӀдехьа. Айхьа аьлларг кхочуш а дехьа, 26массо а тӀейогӀун йолчу ханна Хьан цӀе язъяйтархьама. ТӀаккха наха эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла – Иза Исраилан халкъан Дела ву!“Иштта Хьан лай волчу Даудан цӀа Хьуна хьалха чӀагӀделла лаьттар ду! 27Ткъа Ахьа, массо а ницкъийн Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, Хьайн лай волчуьнга элира: „Аса хьуна цӀа дийр ду“. Цундела Хьан лай волу со Хьоьга хӀара доӀа дан Хьох хӀоьттира. 28Сан Хьалдолу Эла! Хьо – Дела ву! Ахьа мел олуш дерг тешаме ду, ткъа хӀинца Хьайн лай волчунна иштта дика дан ваӀда дина Ахь! 29Хьан лай волчун тӀаьхье декъалъехьа, иза массо а ханна а Хьайна хьалха хилийтархьама. Иза Ахьа соьга аьлларг ма ду, сан Хьалдолу Эла! Ахьа декъалдар бахьана долуш, Хьан лай волчун цӀа массо а хенахь декъал хир ду».
Copyright information for
CheCAC2012